Налог яккхаран гIуллакх
Нохчийн Республикин Правительствон сацамца чIагIйина план кхочушъяран гурашкахь бюджетан ахчанах санехь пайдаэцаран а, регионан бюджете кхочуш болу налогийн а, налогийн боцу а пайданаш алсамбахаран а гIуллакхаш дийцаре дира министра Рассуханов Iусмана «Парус» корпорацин а, Росреестран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин а векалшца.
Ша аьлча, къастийра инфраструктурин яккхийчу объекташа а, оборонан, кхерамазаллин хьашташ кхочушдарна лерина йолчу объекташа дIалаьцна долчу лаьттан дакъошна а, федеральни долаллера муниципальни долалле дIадала дезачу лаьттан дакъошна а, ткъа иштта билггал мел ду, мичахь ду ца хуучу лаьттан дакъошна а тIера налог яларан гIуллакх. Иза къастийна цхьалхадаккхаран Iалашонца вовшашка хаамаш баран хьокъехь хиллачу бартана буха куьйгаш яздира министерствон а, Росреестран регионехь йолчу урхаллин а, Россин ФНС-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин а векалша. Цо гIо дийр ду лакхахь билгалдаьхна дакъош налог тохарна юкъаозо.
ТIеэцна 54 инвестпроект
Инвестицеш юкъаяхкарна бегIийла хьелаш кхолларан Iалашонца республикин Правительствос дIадаханчу шарахь алссам пайда лун болу 54 инвестпроект чIагIйира. Инвестицеш кхочушъярна лерина стохка 10,8 миллиард сом гергга ахча къастийра регионан бюджетера. Финансийн министра I.Рассухановс хаамбеш ма-хиллара, инвесторшна гIо даран Iалашонца кеч а йина, чIагIйина 916 141 600 соьман барамехь пачхьалкхан тешам баларан программа.
Цо дийцарехь, гIуллакхана кредитни организацешкара юкъаозийначу кредиташкахула проценташ такхарна субсидеш ло регионан бюджетера. Цуьнан барам 424 миллион сом гергга хилла. Цул совнаха 345 миллион сом гергга долчу ахчанца жимачуй, юккъерчуй бизнесна гIо а дина. Цунна юкъадогIура гранташ, кIеззигчу барамехь юхалург ахча далар, кредиташна тешам балар. Ведомствон куьйгалхочо билгалдоккхуш ма-хиллара, инвесторшна тIейогIучу хенахь а дийр ду оцу кепара гIо.
Болх лагIбийр бац
Электроэнергина а, дийнна ЖКХ-на а такхарш даран гIуллакхашкахула Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионан Правительствон декъашхошца, ведомствийн, районийн а, гIаланийн округийн а администрацийн куьйгалхошца дукха хан йоццуш дIаяьхьна хиллачу кхеташонца нийса а догIуш, финансийн министра Рассуханов Iусмана и гIуллакх дийцаре дира шен заместительшца а, департаментийн директоршца а.
Тидам тIебахийтира коммунальни хьашташ кхочушдарна деш долу такхарш буьззинчу барамехь схьагулдан дезаш хилар а, и хьашташ кхочушдарна социальни гIолацарна кху шарахь ахчанца кхачоярна тIехьажийна дан дезачу гIуллакхашна а. Цуьнца цхьаьна кхеташонехь билгалдаьккхира и декхар дIадаханчу шарахь дуьззина кхочушдина хилар.
И гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лерринчу тергонехь хилар билгал а доккхуш, финансийн министра кхеташонан дакъалацархошна хьалха жоьпаллин декхар хIоттийра и болх кху шарахь а санехь хуьлучу кепара дIабахьа.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо