Иштта яра дукха хан йоцуш Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь дIаяьхьначу Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лерина Къилбаседа Кавказан, хIорашеран, берийн-кхиазхойн конкурсан цIе. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин куьйгалхочун гIоьнчаc, «Наша школа» газетан куратора Кадыров Хьасайна Билгалдаккха лаьа, конкурс кху шарахь IV-гIа дIаяьхьна хилар.
Оцу даздаршкахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчий Кадыров Хьасайн, Алиев Тимур, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Цхьаьнакхетар хьешашка маршалла хаттарца дIадолийра Кадыров Хьасайна. Цул тIаьхьа цо баркалла элира конкурсан дакъалацархошна.
– Кху конкурсе беанчу белхашка бIаьргтоьхча гуш ду вайн бераш похIма долуш хилар. Вайн республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаам бара Нохчийн Республикин кегийрхой хьекъале, спортехь кхиамаш бохуш хилийтар. Ткъа тахана цуьнан сатийсамаш кхочуш хилла, – элира Кадыров Хьасайна.
Шайн-шайн хенашка хьаьжжина кхаа декъе екънера толаман меттигаш: 4–7-чуй классашкара дешархой, 8–11-чуй классашкара дешархой, 11-чу классера дешархой а, техникуман а, училищен а студенташ.
Цхьаьнакхетар дерзоле хьалха билгалбехира толамхой. 1-чу декъехь толаман меттигаш ехира: Мусаева Фаризас – Грозненски район, Чечанара юккъера школа; Каимов Рахьмана – Курчалойн район, БIачи-Юьртан №3 йолу школа; Элтаева Самирас – Соьлжа-ГIалин №1 йолу лицей.
2-чу декъан толамхой хилира: Бецукова Камилла – Нальчикера №14 йолу гимнази, Биаев Салавди – Соьлжа-ГIалин №18 йолу школа, Зубаева Товрат – Гуьмсан районера Керла-Энганара юккъера школа.
3-чу декъан толамхой хилира: Рахимова Самира – Соьлжа-ГIалин №26 йолу школа, Данилханова Марьям – Курчалойн-Эвлара №1 йолу школа, Сангиреева Мадина – Соьлжа-ГIалин №34 йолу школа.
Гран-при Кубок Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу дешаран туьшан 9-чу классан дешархочунна Кадырова Хадижатна елира.
Цхьаьнакхетар дерзийра бевзаш болчу артисташа концерт гайтарца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо