Кху деношкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашца пресс-конференци дIаяьхьира. «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект кхочушъярна лерина яра иза.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхара заместитель И.Тааев а, министран гIоьнча А.Каимов а, М.Усманов а.
Пресс-конференци йолош, вистхилира Байханов ИсмаьIал:
– Аш соьга хаттарш дан дололе хьалха суна юха а билгалъяха лаьара заявленеш дIадаларан хенаш. Кху шарахь ЕГЭ дIаяла луучара 1-ра февраль кхачале кехаташ чудала деза шаьш дехачу меттехь, районийн, гIаланийн дешаран урхаллашка. Ткъа дIадаханчу шерашкахь школа чекхъяьккхинчара мартехь а, апрелехь а дIалур ю иза, – элира цо.
«Ас ЕГЭ дIалур ю» проектах а, ЕГЭ дIаяларехь бан безачу кечамех лаьцна а, кхечу регионашкарчу дешархошка хьаьжча, вайн дешархойн ЕГЭ дIаяларехь муха кхиамаш бу а, иштта, журналисташа деллачу кхин а дуккха а хаттаршна жоьпаш делира И.Байхановс.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира СУЗ чекхъяьккхинчарна, ВУЗ чекхъяьккхинчарначул а, статистике диллича, дуккха а сиха белхан меттигаш карош хилар. Иштта цо элира: «Тахана хIора а юрист, экономист хила лууш ву. Иза иштта хуьлийла дац. Уьш йоцурш вайн республикехь кхин а дуккха а оьшуш корматаллаш ю, масала, механик, бедарш тегархо, иштта кхин а. Школехь дуьйна а гуш хуьлу ЕГЭ дIалур йолу дешархой. Нагахь санна церан хаарш ледара делахь, царна СУЗ а яьккхина, шайна белхан меттиг карон йолу говзалла караерзор гIолехь ду». Дешархошна гIоьнна кечйина ю «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект.
Пресс-конференци ерзош, министра билгалдаьккхира февраль баттахь вайн регионерчу журналисташка ЕГЭ дIаялийтар Iалашо хилар.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: пресс-конференцин дакъалацархой