Форумехь дийцинарг довзуьйтуш…

Дукха хан йоццуш ТIехьа-Мартан районан дешаран учрежденийн куьйгалхойн цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дийцаре дира Ставрополь гIалахь хиллачу Ерригроссин Халкъан фронтан региональни форуман жамIаш а, Россин Президента В.Путина хьехархойн юкъараллина хьалха хIиттийна декхарш а, Iалашонаш а.Ф

   Ерригроссин Халкъан фронтан Нохчийн региональни отделенин штабан декъашхочо Бакриев Руслана форумехь дийцинчух коьртаниг довзуьйтуш элира:

«Дешаран хьаьрмахь юкъадаьккхича я хийцича дика хиндерг хьахийра форумехь. Кхаа шарахь цкъа школьни программаш а, учебникаш а карлаяьхча дешархошна пайде хирг хилар хаийтира В.Путина. Школехь дешархоша кхаа сменехь дешаран хьокъехь шайна хетарг элира форуман дакъалацархоша. Массара а цхьатерра ца магийра и гIуллакх.

Пачхьалкхан а йоцуш нехан цIахь, урамехь еш йолу Берийн бошмаш юкъаяхар а хьахийра цигахь, цу гIуллакхана берриге а дакъалацархой резахилира».

Цул тIаьхьа ТIехьа-Мартан районан дешаран урхаллин куьйгалхочо Б.Бедриговс билгалдаьккхира, Ерригроссин Халкъан фронтан декъашхой шайн белхан декхарш кхочушдина  ца Iаш, юкъараллин дахар тодарехь дика гIоьнчий хилла лаьтташ хилар.

З. ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Т1ехьа-МартантIехь хиллачу цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: