Уьш дагахь латтор – вайн декхар

ток-шоу сталинградская битва 015

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарехь шайн-шайн дакъа ду СССР-хь дехаш хиллачу дерриге а къаьмнийн.

Нохч-ГIалгIайчуьра иттаннаш эзарнаш бIахой хилла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш. Карарчу хенахь Нохчийчохь висинарг  тIеман  73 ветеран ву. Царех цхьаъ ву Нохчийн Республикин ветеранийн Советан председатель  Гакаев Ваха. Иза вина 1922-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Шен 13 шо долчу хенахь, 1935-чу шарахь кулакаш бу аьлла махках бохучу шен гергарчаьрца кхалхийна иза. Цигахь кхо шо а даьккхина, ведда цIа веана хилла кIант. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь хиллачу НКВД-н  набахти чохь  валлийна иза. Цигара араваьккхина, шалон тIе хаийна, юха а махках ваьккхина. Эххар а, 1938-чу шеран 6-чу ноябрехь шен гергарчу нахаца цхьаьна цIа вирзина Ваха.

ЦIа веанчул тIаьхьа «Грознефтан» автобазехь кира тІедоттархочун болх бина В.Гакаевс. Дукха хан  ялалае машена тІе  балха  вахара  иза. Цу хенахь заводехь наггахь волчуьнга бен луш ца хилла машен. Цигахь болх беш волчуьра вахана иза тIаме. Нохч-ГIалгIайн  къаьстина 255-гIа полк яра вовшахтухуш. Цу полка юкъахь дIаязвина вацара Ваха, амма кхуьнан машен яра  тІамтІедIаюьгур ю аьлла. Ша дIаязвина воццушехь, шен машенахь новкъа ваьлла дIавахара иза, кхечарна тIаьххье.

Краснодарехь  цхьацца кечамаш бина, цигара дIа Сталинграде яхара кхеран полк. ХIетахь цаьрца хиллачу йозанчас дийцина ма-хиллара, 1200 стаг хилла уьш верриге а. Дукха ца Iаш, и полк шина дивизина йийкъира. ГIебартойн-Балкхаройн 115-чу дивизе нисвелира Ваха. Машенашкахула салтий дIасабоькъучу хенахь  лейтенантан Макарчукан гIуданан батальоне кхечира В.Гакаев. Вайнахах  цхьа а стаг вацара цуьнца. ХIорш машенахь  дІабоьлхуш, яккхий тоьпаш етта йолийра. ТIом болабелира. Машен сацийна, салтий охьабиссира. Чевнаш  йинарш шайн автоматашца цхьаьна машенна тIе кхоьхьура Вахас. Иштта,  чевнаш йинашийтта  салти вовшахтуьйхира цо, царех ялх кIелхьара ваьккхира, кхиберш ца бахабелира. Уьш муьлш бу а ца хаьара Вахина… Дукха хIума ган а, лан а дийзира ткъа шо кхачаза а волуш, тIаме ваханчу кIентан. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа, Ярославле хьажийра Ваха, водитель  ву аьлла. Цигахь «Росснаббытехь» болх бира цо.

Велакъежарца дуьйцу Вахас ша Москва цIаварах лаьцна (кхуьнан доьзал Москвахь Iаш хилла тIом болчу хенахь).   Ярославлехь волчу хенахь, цхьана дийнахь новкъахь цхьа цигон дуьхьал яьлла хилла цунна, пал тасийта аьлла. «ХIан-хIа»,– аьлча а, тIаьхьара йолуш ца хилла. Къаьстина ахча дац шегахь аьлча а,  пал тесначу цигоно «Дукха ца Iаш, кехат догIур ду хьоьга», — аьлла. ХIара цIа ма-кхеччина, кехат деана кхуьнга, Москва дIакхойкхуш. Иштта новкъа ваьлла, Москва дIавахана Ваха. ЦIерпошта тIера охьа а воьссина, (шена оьшу) Карл Марксан цIарах урам карор барий-те бохуш, ойла еш схьавогIуш хилла. Цхьа бIе метр дехьа ма-велли, керла дина кегий цIенош а, некъаш тоден машенаш а хилла лаьтташ, арахь ловзуш бераш а хилла. Берашка хоттур ду-кх ша Карл Марксан урам муьлхарниг бу аьлла, дагадеанчу кхунна, дIахьаьжча корехь Iаш шен нана а, арахь ловзуш шен жимахволу ваша а гина. Иштта, воггIушехь цIа кхечира Ваха. Иза  1946-гIа шо дара. Цул тIаьхьа 2008-гIа шо доладаллалц Москвахь Iийна ГакаевгIар.

2012-чу шарахь  Нохчийчоьнан тIеман ветеранийн Советан председатель  хIоттийна,  Ваха. Республикин юкъараллин дахарехь, кегийрхой кхетош-кхиорехь  дакъалоцу цо, тIеман исторех лаьцна дуьйцу берашна. Доккхачу хазахетарца, шен хене хьаьжна доцуш, воккха стаг вуно дика лелаш ву, хилла долу хIуманаш дика дагахь лаьтташ  ву. Ур-аттал, Сталинградехь шаьш мел хиллачу куьпан, ураман цIе, дерриге терахьаш  дагадогIу цунна. Дала сий дойла-кх цуьнан а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъа мел лаьцначеран а!

А.МУСАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: