Цхьа-ши дош

   Шемин Iедалан эскарша дуьххьара боккха толам баьккхина мехкан къилбехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна дуьхьал дIахьочу тIамехь.

***

   Шемин Iедалан эскарша, Россин тIеман кеманаша гIо а деш, Идлиб провинцехь хIаллаквина 19 террорист, 70 гергга террористана чевнаш йина.

***

   Индехь машен эккхийтар бахьанехь 7 полицейски кхелхина, 8 полицейскина чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца эцна цхьана а экстремистски боламо.

***

   Герггарчу деношкахь шайн махкара 80 эзар мигрант араваккха дагахь бу Швецин куьйгалхой. Бахархойн декхаршца дан лерина ду и гIуллакх.

***

   Эксперташа чIагIдарехь хIокху шарахь 1,5 миллион мигрант ван тарлуш ду Европин мехкашка. Уьш, коьртачу декъана, Африкерчу пачхьалкхашкара хир бу.

***

   ДIадаханчу шарахь Чинехь болчу ахархоша 621 миллион тонна ялта гулдина. Делахь а иза кхачаме дац. Бахархошна баьпгаца юьззина кхачоярхьама дозанал арахьара ялта эца дезар ду пачхьалкхан куьйгалхойн.

***

   Шемин а, Украинин а хьокъехь долчу коьртачу гIуллакхашкахула вовшех ца кхетар а, галморзахаллаш а ю Россиний, США-ний юкъахь.

***

   Россин Президента В.Путина мехкан Кхерамазаллин Советан декъашхошца дийцаре дира вайн пачхьалкхехь долу экономикин хьал а, Шемахь террористически организацешна дуьхьал къийсам дIабахьарехь долу хьал а.

***

   Россин Премьер-министра Д.Медведевс Санкт-Петербургехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира импортан метта товараш арахецаран гIуллакхаш.

***

   Вайн мехкан валютин дуьненаюкъара тIаьхьало 15-чу январера 22-чу январе кхаччалц болчу муьрехь 369 миллиард долларе хьалаяьлла.

***

   Гриппан ун даьржина вайн пачхьалкхан 40 сов регионехь. И цамгар кхетар бахьанехь хIинцале 107 стаг кхелхина.

***

   Россин МИД-н куьйгалхо С.Лавров Ашхабадехь цхьаьнакхийтира Туркменин Президентаца а, кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министраца а.

***

   Украинехь чолхе хьал хIоьттинчул тIаьхьа оцу махкара Росси схьакхелхина цхьа миллион сов стаг. Уьш схьакхалхар хIинца а сецна дац.

 

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: