Вайна ма-хаъара, дIадаханчу кIиранан пIераскан дийнахь Нохчийчоьнан пачхьенехь Соьлжа-ГIалахь «Цхьааллехь – вайн ницкъ» аьллачу кхайкхамца миллион гергга адам гулделлера, шаьш Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хилар а, цуьнан а, Россин Президентан Путин Владимиран а политикин некъ къобалбеш хилар а гойтуш. Цул тIаьхьа, Нохчийчохь хилла ца Iаш, Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, гIаланашкахь а, иштта дозанал арахьа а «Кадыров Рамзан – Россин дозалла!» аьллачу цIарца, цхьамогIа акцеш дIаяьхьира.
Муьлххачу а дикачу гIуллакхна дуьхьал цхьацца питанча караво. Дуьне ма-дду, Кадыров Рамзанан цIе а йоккхуш, шаьш иза (дика куьйгалхо а, говза политик а санна) къобалвеш хилар гойтуш, нах арабийлар ца ладелла хилла демократин «Яблоко» партин оппозиционерашка. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шен даржера дIаваккхар доьхуш, мехкан пачхьенан урамашка арабовла дагадеана болу «Яблоко» партин Москварчу отделенин векалш, гIалин мэрис шайна и гIуллакх дехкаро ца сацийра… Россин Президентан Администрацина хьалха цхьацца-шишша стаг араволуш, шайн питана чекхдаккха сацам бинера цара. Оцу гIуллакхна хьалхаваьллера «Яблоко»-н Москварчу отделенин председатель, партин Политкомитетан декъашхо Митрохин Сергей.
«Россин оппозици шена тийсинчу кхерамашна дуьхьал жоп ца луш Iойла дац. Кадыровс тхо къинтIера даха дезар а, ткъа Путина – иза Нохчийчоьнан Куьйгалхочун даржера дIаваккха везар а кхайкхор ду оха, тхаьш пикет йина, ара ма-девллина», – бохура С.Митрохина.
26-чу январехь дийнахь 12 сахьт даьлча арадевр ду шаьш аьлла, хан билгалъяьккхинера цара. Амма, питанчашна моьттург бакъ ца хиллера – Iедало ца магийтира царна «гуш лаьтташехь харцо йийцар». 12 сахьт дала а ца кхиинера «Яблоко» партин твиттер олучу социалан сетачуьрчу агIон тIе «Митрохин Сергей а, Антонов-Овсеенко Андрей а Президентан Администраци йолчохь дIалаьцна» аьлла, хаам баьккхича. Iедалан белхахоша минот а ялале сацийра юкъараллин къепе йохош, араваьлла волу ши питанча.
ХIун бахьана дара-те С.Митрохин а, цуьнан накъост а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна сел дуьхьал валар олий, хаттар кхоллало. (Р.Кадыров «аьрру агIор болчарна» реза цахилар, ткъа шаьш, оппозиционераш цу бахьанехь «карзахбовлар-м» вайна ишта а хууш ду). Митрохинан болх, тIаьхьарчу хенахь цо лелийна гIуллакхаш талла воьлча карадо лакхахь хьахийначу хаттарна жоп. «Iеминарг ца дитало» олуш хIума ду-кх. Изза хьал ду С.Митрохинехь дерг а. Кхин гена ца ваьлча а, дIадаханчу шеран декабрь баттахь а Iедало масийттазза лаьцна хилла иза, цхьацца акцеш вовшахтухучу хенахь юкъараллин къепе йохорна а, полицин белхахочуьнга ла ца догIарна а. И гIуллакхаш бахьанехь масийттазза гIуда тоьхна а хилла питанчина. Цхьа гIуда ца тухуш хIинца а вуьсур вац иза…
А.ХАСБУЛАТОВА
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо