«Дала вайн мохк марзонех а, къинхетамах а бузийла»

28-чу январехь Соьлжа-ГIаларчу М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин халкъан яздархочун, поэтан, драматурган Ахмадов Мусан 60 шо кхачар даздарIMG_9969

Юбиляр декъалван веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дж.Умаров, культурин министр Х-Б.Дааев, нохчийн яздархой, поэташ, Iилманчаш, юбиляран гергара нах, хаамийн гIирсийн векалш, кхиберш.

Даздарш дIадолош хьовсархошна М.Ахмадовн кхоллараллин некъах а, дахарх а лаьцна йоцца киноролик гайтира.

Поэт декъалван веанчу Р.Кадыровс элира: «Тахана хIокху чохь Мусас бечу балхах лаьцна дош ала вовшахкхетта ду вай. Баркалла боху вай кхунна. Иза вай муха эр дац вайн тIекхуьуш долу къона чкъор Мусан книгаш тIехь кхиош хилча. Вайна тахана хIокху чохь хезар долу иллеш а, эшарш а, байташ а вайна массарна а евзаш ю. Уьш вайна керла а яц. Вай цунах масал а эцна. Мусан произведенеш тIехь хIиттош йолу сценкаш гича хьовсархой, дагалецамаш карлабуьйлуш, цкъа боьлу, юха боьлху. Кхузткъа шо башха дукха хан яц. Уггаре а коьртаниг ду дуьнен чохь ахь йоккхуш йолу хан юьхькIайн а, могаш а яккхар. Исмаилов Шарпуддис дIаолучу цхьана иллехь ду-кха: «Вай-м  дуьнен чу сакъера а –  тойнехь Iен ца  даьхкина. Дуьне хаздан кхана делча – сий дайта  вайн даьIахкийн». Иза уггаре а доккха а, сийлахь а ду. КхидIа дерг кхин сатийса оьшуш хIума а дац. Дуьнен чохь дехачу хенахь вайл тIаьхьа вай юьтур йолу цIе сийлахь а, еза а ю. Массо хенахь хьуо вехар волуш, хьайн сий хир долуш бух бита беза. Дала декъалвойла хьо. Дала могаш а волуш, дуккха а вахавойла хьо. Кхин а хьоьгара дуккха а пайда болийла тхуна. Хьан дезткъа, бIе шо кхаьчна юбилей язйойла вай».

Цул тIаьхьа Республикин Куьйгалхочо М.Ахмадовн къинхьегам билгалбоккхуш лаккхара совгIат дира А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденца. Иштта «Мерседес» машенан догIанаш а делира.

М.Ахмадовс элира: «Назранехь долчу хенахь цигарчу гIашлойн некъашкахь экъа юьллуш гича, ойла хуьлура «Соьлжа-ГIалахь цкъа а хир дуй-те иштта экъанаш йохкуш некъаш», олий. Иза вайн берриге мохк а, халкъ а дакъаздаьккхина хан яра. Аренца леллачунна хаьа мел шийла хуьлу хийрачу махкахь. Цу хенахь ас цхьа илли яздира «Дакъаза ма яла хьо, сан нана-Нохчийчоь. Хьан елха нана ма яц, хьан вала да ма вац» аьлла. Делан къинхетамца, Ахьмад-Хьаьжа хьалха а ваьлла, вай оцу балех хьалха девлира, вай цIа а дирзира. Тахана вайн мохк ерриге а Кавказехь хьалхарчу меттигехь бу аьлла хета некъаш тодарца. Дала шен дуьхьа дойла ахь мел лелош дерг, Кадыров Рамзан. Цхьана а баьччано, вайн уьш дуккха а хилла, цадинарг дина ахь. Дала вайн мохк марзонех, къинхетамах бузийла. И бузийтар вайх хIораннан декхар а ду».

Цул т1аьхьа вайн театран актераша М.Ахмадовн пьесашна тIехь хIиттийначу спектаклаш юкъара дакъош гойтуш, цуьнан байташ а йоьшуш, бевзаш болчу артисташа иллеш а олуш, эшарш а локхуш дIаяьхьира концертни программа.

Л.ИБРАГИМОВА

 

№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: