Республикехь бакъонаш ларъяран органийн белхахоша хаддаза боккха болх дIахьо некъашкахь бохамаш хилар а, адамаш кхалхар а лахдарна. Оцу декъехь цхьаболчу кхиамашка а кхаьчна уьш. Амма хуьлуш болчу некъийн-транспортан бохамийн барам республикин куьйгаллин а, бахархойн а синтем бойъуш бу. Цундела республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза тидамехь латтадо регионан некъашкахь долу хьал.
Масала, хIокху деношкахь цо кхеташо дIаяьхьира республикин МВД-н а, ГИБДД-н а дакъойн куьйгаллица. Дийцаре дира республикин некъашкахь дIасалеларна кхерам цахилийтарна кхачояран республикин оперативни штабан белхан хьокъехь долу гIуллакх.
Кхеташонехь дакъалецира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин экономически а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Усмаев Вахийтас, республикин МВД-н УГИБДД-н хьаькама Денилханов Шамхана, кхечара а.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин некъашкахь долу хьал чолхе хилар.
«Некъийн бохамашкахь нах кхалхар лахлуш делахь а, амма уьш кхалхар а, лазор а дIа ца даьккхина, коьртачу декъана уьш кегийрхой бу. Вай дерриге а гIуллакхаш дан деза некъашкахь нах кхалхар а, лазор а лахдарна», – элира Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа кхеташонехь доклад йира некъашкахь дIасалеларна кхерам цахилийтарна кхачояран республикин оперативни штабан куьйгалхо волчу республикин экономически а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Усмаев Вахийтас. Докладехь билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо тIедилларца каде гIуллакхаш дар бахьана долуш, 2015-чу шеран 25-чу ноябрера 2016-чу шеран январе кхаччалц болчу муьрехь республикин некъашкахь бохамаш хиларца долу хьал дикка тоделла хилар. В.Усмаевс дийцарехь, 2015-г1а шо чекхдолуш республикехь дIаязйинчу автотранспортан барам 302969 хилира. ДIадаханчу шарахь транспортан парк 37131 машенна алсамъяьлла. Оццу муьрехь 37331 водительна шоферан тоьшалла делла.
«ДIабаьллачу шина баттахь республикехь дIаязбина некъийн-транспортан 45 бохам (дIадаханчу шеран оццу муьрехь 73 бохам хилла), 10 стаг кхелхина (дIадаханчу шеран оццу муьрехь – 26 стаг), лазийна 66 стаг (дIадаханчу шеран оццу муьрехь – 134 стаг). Бераш юкъахь а долуш, некъийн-транспортан 7 бохам хилла, оцу бохамашкахь ши бер кхелхина (дIадаханчу шеран оццу муьрехь кхелхина 3 бер)», – элира В.Усмаевс.
Берриге а коьртачу гайтамашкахула некъийн-транспортан бохамийн барам лахбелла боллушехь, шина баттахь тайп-тайпанчу кепара бакъонаш талхор 24729 хилла. Царна юкъахь ду малар мелла а болуш, машен лелорна шофераш совцор, билгалбинчу барамал сиха лелар, светофоран лехамаш талхор, ангалешна тIе тIех Iаьржа пардонаш летор.
«ГИБДД-с тоьхначу гIуданийн барам 23 миллион сом гергга хилла, цунах схьадаьккхина бархI миллион сом сов», – дийцира Совбезан секретара.
Цо иштта билгалдаьккхира Аргун, Соьлжа-ГIала, Гуьмсе гIаланашкахь некъашкахь бохамаш хилар лахделла хилар. ЦхьамогIа районашкахь хIокху тIаьхьарчу шерашкахь чолхе тIаьхьенаш йолуш хилла некъийн-транспортан цхьа а бохам дIа ца язбина – уьш ца хилла.
«Оцо гойту некъашкахь дIасалеларан берриге а дакъалацархойн некъашкахь леларан культура лакхаяьлла хилар. Цул совнаха, ГИБДД-н белхахоша шофершкара ахчанаш дахаран хьокъехь бахархошка хаттарш даран жамIаша гойтуш ма-хиллара, инспекцин белхахойх болу тешам дикка лакхабаьлла», – ша чекхволуш, билгалдаьккхира докладчика.
Республикин Куьйгалхочо хаийтира оперативни штабо бинчу балхана а, баьхначу кхиамашна а – некъашкахь бохамаш хилар лахдаларна – ша дагна там хилла хилар. Оццу хенахь цо тидам тIебахийтира оцу билгалбаьккхинчу муьрехь вехна волуш машенна хьалха хиъна волу 548 водитель сацийна хиларна.
«Уьш машенна хьалха хевшина болу террористаш лору ас. ХIорш а, уьш а Iожалла йохьуш бу. Цара массара а дан а гIерташ зулам до, царна цхьана а кепара гечдойла дац. Иза ГИБДД-н белхахойн хилла ца Iаш, амма халкъан юкъара проблема а ю, цуьнца цхьаьна къийсам латто а беза. Оцу гIуллакхана юьстах латта йиш яц цхьаннан а», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Кхеташонан болх берзош, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира хIокху тIаьхьарчу шерашкахь республикехь лаккхара дикалла йолу некъаш дехкина хилар. Цо дийцарехь, хIинца ондда хийца еза некъашкахь дIасалеларца йолу юкъаметтигаш.
С.МАМАЕВ
№10, шот, кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 2016 шо