Кхузаманахьлерчу искусствон гайтам
МАЙКОП. Малхбален пачхьалкхан музейн Къилбаседа Кавказан филиалехь хIокху деношкахь схьабиллина меттигерчу суьрташдахкархойн гайтам. Цхьа бIе сов сурт ду хьовсархойн кхиэле диллинарг. Тайп-тайпана ду кхузаманахьлерчу искусствона жоп луш долу суьрташ дахкаран хатI, жанраш. Адыгейн суьрташдахкархойн тоьлла белхаш гайта экспозици кечйинчара шайна хьалха хIоттийна хилла Iалашо буьззинчу барамехь кхочушхилла ала мегар ду. Цуьнан чулацамехь къеггина гуш бу суьрташдахкархойн шайн жимачу даймахке болу безам, Адыгейн дIадаханарг, тахана долуш дерг.
Гайтамехь иштта дIахIиттийна графикин белхаш а. Тидам тIебахийта хьакъ ду дечигах йинчу хIуманийн декоративни искусствон дакъа а.
Вовшахтохархоша билгалдоккху Россин суьрташдахкархойн союзан республикехь йолчу отделенехь 48 декъашхо хилар. Царна тIехь куьйгалла деш ву регионан хьакъволу суьрташдахкархо Хуажев Рамазан.
Суьрташдахкархочун юбилейна лерина
ДЕРБЕНТ. Кхузахь дуьненан культурийн, динийн историн музейхь схьабиллина Дагестанан искусствийн хьакъволчу деятелан суьрташдахкархочун Капаницин Дмитрийн 120 шо кхачарна лерина болу гайтам. Таханлерчу чкъурана кIезиг девза ала мегар ду оцу башхачу стеган дахар, цо дина гIуллакхаш, суьрташ дахкаран искусствехь цо аьлла дош.
И «кIайдарг» дIайоккхуш цигахь гойтуш бу хьовсархошна банне а бевзаш хилла боцу Дагестанан пачхьалкхан историн а, архитектурин а цхьаьнатоьхначу музейн фондехь Iалашбеш хилла белхаш. Царна юкъадоьлху Ленинградски исбаьхьаллин-промышленни техникуман хьалхарчу курсан студент иза волчу хенахь 1925-чу шеран аьхка экспедицеш дIахьош дахарехь-Iерехь лелош хиллачу хIуманийн, къинхьегаман гIирсийн, Къилберчу Дагестанан бахархойн дехкина суьрташ. Уьш 40 сов ду.
Экспозицин шолгIачу декъехь хьовсархошна йовзуьйту шен хенан хиламашна лерина хилла жанрийн композицеш: колхозаш яхкар, Октябрьски революцин цIарах саьнгар яккхар, гIаланийн а, яртийн а дахарера сценаш, революцин а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а хиламех лаьцна дуьйцуш долу суьрташ.
ЧЕРКЕССК. Байрамкулован цIарахчу къоман пачхьалкхан библиотекехь схьайиллина книгийн гайтам-экспозици. Наггахь бен карош йоцчу литературин фондера книгаш ю цигахь гойтуш ерш, шайна юкъахь ХХ-гIа бIешо долалучу муьрехь арахецнарш а тIехь.
Хьовсархойн таро ю Iаьрбийн а, латинин а элпашца зорбатоьхначу книгашка бIаьргтоха. Цул совнаха экспозицина юкъаяхана халкъо шен дозалла лоруш йолу произведенеш а.
Оцу гайтамца регионан библиотекарша шайна хьалха хIоттийначу коьртачу Iалашонех цхьаъ ю кхарачойн маттахь язйина книгаш ешарна къона чкъор юкъаозор. И Iалашо кхочушхирг хилар гойту гайтаме хьовса алссамчу барамехь дешархой а, студенташ а оьхуш хиларо.
Керла больница схьайиллина
НЕСАРЕ. Юьхьанца дуьйна и объект ХIХ-чу бIешеран хIоллам ларалуш йолчу Несарен гIопана уллохь республикин туберкулезана дуьхьал йолчу диспансерна лерина Гамурзиевски административни округехь ян йолийнера. Амма, меттигерчу бахархойн лаамаш хьесапе а эцна, диспансер кхечу метте – Плиево юьрта дIаяьхьча билгалвелира цуьнан хинволу керла да – гIалин больница.
Дуккха а шерашкахь йоккхачу гаттонехь болх бан дезна болу дарбалелоран учрежденин белхахой, регионан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а, вице-премьера Арапханова Марема а дакъа а лоцуш, хIокху деношкахь схьайиллинчу шайн керлачу «хIусаме» дIакхелхина. Диъ гIат долуш йолчу цунна чохь дIахIиттийна кхузаманахьлера гIирсаш. Сирла, паргIат ю лоьрийн кабинеташ, дархойн палаташ. ДоггIучуьра аьлча, керлачу гIишло чохь шозза алсамъевлла дархошна лерина йолу меттигаш – хIинца цхьана хеннахь кхузахь 320 цомгашчо тойийр ю шайн могашалла.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо