ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, долуш долу хьал талларан Iалашонца, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн колледжехь хилира.
Хьалхе дуьйна а юьхьанцарчу классийн хьехархой кечбаран дика пхьалгIа санна евзаш ю хIара дешаран учреждени. Кхузахь дешна хьехархой къаьсташ хуьлу хьехаран методика дика йовзарца.
КIорггера хаарш долуш, хьехаран методика а, вайн заманан хьехаран технологеш а евзаш воцу стаг, кара диплом а делла, школе берашна хьеха вохуьйтуьйла дац, билгалдаьккхира студенташца хиллачу цхьаьнакхетарехь И.Байхановс. Берийн хиндерг хилла ца Iаш, дийнна къоман а кхане ю хьехархойх тешош ерг, цундела, и говзалла хаьржинарг, шена хьалха лаьттачу жоьпаллех кхеташ хила везаш ву, бохура цо.
Министра хазахетарца хаийтира тIаьхьарчу шерашкахь хьехархочун говзалла хоржуш берш школаш чекхъяьхначарна юкъахь алсамбуьйлуш хилар. И бахьанехь, дикка къонлуш ю хьехархойн коллективаш. Иштта, тIаьхьарчу кхаа шарахь 35 шаре кхаччалц хенаш йолчу хьехархойн барам 6486 стагана тIера 10157 стаге кхаьчна. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет а, хьехархойн колледжаш а (Соьлжа-ГIалара, Гуьмсера) чекхъяьхначарна балха хIиттарца халонаш хир йоцийла а хаийтира, хIунда аьлча школе доьлху хан йолчу берийн барам хIора шарахь алсамбуьйлуш хиларца доьзна керла школаш ю еш.
Цул тIаьхьа, колледжан хьехархошца хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдехира цхьацца кхачамбацарш а, уьш дIадахаран некъаш а.
Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтана а, Дешаран дикаллин мах хадоран туьшана а тIедиллина, колледжан белхан кхачам боллуш анализ а йина, магораш кечдар.
АДАМОВ Довт
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо