Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешаран мах хадоран туьшан белхахоша Невран районан, юкъарадешаран учрежденийн директоршца кхеташо йира «ЕГЭ-2016» проектан жамIаш лакхадахарехь дан дезарш дийцаре деш. Иштта, дийцаре дира школа чекхйоккхучу дешархоша школехь а, цул арахьа а экзаменна бан безачу кечамах лаьцна. Дешаран эха шеран жамIаш, тидаме а эцна, 11-чу классийн дешархошца болх бан беза Дешаран мах хадоран туьшан белхахоша а, школийн а, дешаран урхаллийн а белхахоша а.
Хьехархойн коллективаша, дешархойн дай-наноша, оцу дешархоша шаьш а ерриге дог-ойла тIеерзийна кечамаш бан беза ЕГЭ юьхькIомаца дIаяларна.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо