Вайн къоман театр юбилейна кечлуш ю

    Карарчу шеран май баттахь 85 шо дузур ду Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн къоман театран. Театран белхан керла мур а оцу юбилейца боьзна хиларе терра, белхаш жигара баьхна дIахьош бу театран куьйгалло. Коллективан кхоллараллин белхан кхиам, низам, къоначу актерийн кхиар – уьш дерриге а шен тидамехь латтадо цуьнан директора Ахмадова Хьавас. Январь баттахь репетицеш йира берийн «Бигалдин леламаш» спектаклна. Цуьнца цхьаьна къахьоьгу актерийн хаарш алсамдахарехь. Цара д1ахьо вокалан а, хелхаран а урокаш. Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас яздинчу туьйранан сценари Россин Федерацин халкъан артиста, режиссера Хакишев Руслана язйина.kollektiv-teatra

    Ткъа оцу туьйранан коьртачу турпалхочун роль ловзор ю къоначу актера Хасанов Тимир-Булата. Хьалха хиллачу кегийрхойн «Серло» театрехь къахьегна ву иза. ДоггIучохь ала лаьа, 2015-чу шарахь март баттахь «Серло» а, Нохчийн драматически театр а цхьаьнатоьхна, царах Нохчийн къоман театр йира, куьйгалхо Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу деятель Ахмадова Хьава а хIоттош. Дикачу агIор хийцабелла театран болх. Хьавас ша дуьйцу: «Театран ах труппа къоначу актерах лаьтта. Царах цхьаболчеран хаарш  дика ду, цхьаберш сцени тIехь хьалхара гIулчаш хIинцца бен йохуш  бац. Амма цара массара а шайна тIехь болх бан беза. Актерийн говзалла, сцени тIехь лела хаар, йиш лакхаран хьуьнар, хелхар, болар, куц, амал, гIиллакх, культура – хIун дац артистана ца оьшуш!

Амма хIора актер ша а хила веза шен вокалана, пластикина сагатдеш, кхиа гIерташ, денна къахьоьгуш. ТIаккха бен гучу ца довлу актерийн хьуьнарш, похIма. Хелхаран урокаш театран балетмейстера Магомадов Сулима ло, ткъа вокал луш доккха зеделларг долу иллиалархо Сатуев Лоьма ву. Луларчу республикийн театрашкахь актерийн репетицешка хьовса боьлхуш а шайн хаарш тIедузу Нохчийн къоман театран актераша. Къоначу актерашна лерина тренингаш хуьлу театрехь. ТIаьххьарчу шарахь къоначарна юкъахь къеггина гучуевлла керла цIерш. Царах ю Нохчийн Республикин хьакъйолу артист Межиева Марет, «Ханума», «Ворда харцийча – некъ карийра» спектаклашкахь коьрта ролаш ловзийра цо. Иштта, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Ахмадов Сулеймана, Уциев Абун «Къонахчун дош» пьесин буха тIехь, Тулпаров Мовлета хIоттийначу спектаклехь Кадыров Рамзанан роль ловзийра.

Цул сов, театрехь актерийн труппа алсамъяларца спектаклаш хIиттор а алсамделира 2015-чу шарахь. Цхьана шарачохь 7 спектаклан премьера хилар а боккха кхиам бу.

2015-чу шарахь режиссеран Ахмадова Хьаван шина спектаклана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу совгIаташ а дира. Уьш яра «Нохчийн махкахь – нохчийн маттахь» драма а (режиссурехь дакъалецира Яхъяев Салавдис), ткъа иштта «Сан некъ» аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачарна лерина хIоттийна кхузаманан драма а. Оцу драмийн автор Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса ву.

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн къоман театран коллектив  

№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: