Иван Ярыгин дагалацарна леринчу дуьненаюкъарчу турнирехь дакъалацар
Январь беттан 29–31-чуй деношкахь Красноярскехь дIаяьхьира гоьваьлла охьатохархлатархо Иван Ярыгин дагалацарна лерина дуьненаюкъара турнир. Карарчу шарахь 27-гIа дIахьош яра иза. Турнирехь дакъалецира 16 пачхьалкхерчу (США, Япони, Казахстан, Монголи, Итали, иштта кхин а) 300 сов спортсмена. Герга гIерташ аьхкенан Олимпиада хиларна, спортсменашна чIогIа маьIне ду оцу тIегIанерчу турнирашкахь дакъалацар. Нийсса аьлча, дIадоьдуш ду Олимпийски командашка кандидаташ къастор. Оцу хьоло дуккха а лакхабоккху И.Ярыгинан турнирехь толаман меттиг яккхаран мах.
Иштта йолчу оцу турнирехь, баккъал а боккхачу кхиаме кхечира нохчийн охьатохархлатархой. Халачу къийсамашкахь хьалхара меттигаш ехира Болтукаев Анзора, Касумов Исраила. Толаме некъ атта цахиларан цхьа тоьшалла ду финалехь Анзора эшийнарг США-ра Олимпийски ловзарийн чемпион хилар. Кхиам лара догIу Дадаев Муслима дато а, Чакаев Ахьмада, Ибрагимов Iаднана йоьзан а мидалш яхар а.
Хь.АБАЕВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо