Цо Даймохк ларбина

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман ветеранех цхьаъ ву Мусаев Іумхьаьжа. Сесанан (карарчу хенахь Нажи-Юьртан) районерчу Іиси-Юьртахь 1925-чу шарахь дуьнен чу ваьлла иза.

Ша винчу юьртахь 5 класс чекхъяьккхинчул тІаьхьа Соьлжа-ГІаларчу  ФЗО (фабрично-заводское обучение) деша хІоьттира иза, цигара  ваьлча, бухгалтеран курсаш а ехира цо. 1942-чу шарахь шайн юьртана дукха гена йоцучу ЖІонхи-КІотарахь бухгалтеран балха хІоьттира иза. Дукха ца бира Іумхьаьжас и болх, 1943-чу шеран январехь эскаре ваха аравелира иза. Іумхьаьжас дийцарехь, нохчийн а, гІалгІайн а къомах исс эзар стаг вара Даймехкан тІаме ваха кечвелла  Соьлжа-ГІалахь вовшахкхеттарг.

Юьхьанца долийра, вайнехан къомах болчу нахах дошлойн полк йо аьлла. Амма полк кхолла хІорш кІезиг хиларна, гІобанхойн а, гІалагІазкхийн  а дивизих дІатуьйхира. Цу хенахь Малгобекехь бара немцой. Амма уьш цигара юхабехира. Нохчийчуьра б1аьхой Азовски хІорд йисте бигира, цигахь дІаса а бийкъира. Іумхьаьжа артиллерин полкан 4-чу батарее нисвелира. Малгобекера юхабаьхна немцой Таганрог гІалахь севцца бара. 1943-чу шеран мартехь тІелеттачу советски эскарша немцошкара схьаяьккхира Таганрог-гІала. Оцу т1амехь дакъалоцуш вара Іумхьаьжа. Цул тІаьхьа Харьков, Днепропетровск, Кривой Рог, Николаевск, Одесса, Кишинев гІаланаш мостагІех паргІатъехира х1ара юкъахь волчу эскаран дакъаца.

1944-чу шеран 1-чу майхь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман указца «За боевые заслуги» мидал елира Іумхьаьжина. Цу хенахь Румынехь тІемаш беш дара советски эскарш. Циггахь, май баттахь дара иза, мостагІех леташ, луьрачу тІамехь иккхинчу йоккхачу тоьпан хІоьан гериг некхах кхетта, чов хилира Іумхьаьжина. Лоьраша сиха гІо а дина, Одессе госпитале вигира хІара. Іумхьаьжа госпиталехь Іуьллуш а волуш, эскарера дІабаха болийра нохчий, иштта цхьамогІа кхечу къаьмнех болу  салтий а. Одессехь яра фронтан штаб, цигахь дІагулбинера эскарера дІабохуш болу салтий, Іумхьаьжа госпиталера дІавахара цига. Цигахь хІара тІамера дІавахийта ца лиъначу командира, ша гІезало ву аьлла, дІаязвай хьо аьлла, хаьттира. «ХІан-хІа, хІуъа хилахь а, суо воллу нохчи хилла, чекхвер ву со», – жоп делира Іумхьаьжас. ХІорш цхьацца меттигашкарчу набахташна дІасахьовсийра. Ша Ярославски областе вуьгийла хиира Іумхьаьжина. Баттахь гергга цІерпошта тІехь некъ бинчул тІаьхьа Ореховски районерчу Буй гІалахь охьабиссийра хІорш. Цигахь хьун хьокхучохь белхаш байтира эскарера схьабалийначу салташка. Юха, оццу шеран гурахь, Москвара комисси а еана, цара тІеман совгІаташ долу салтий шайн цІа бахийта бакъо  елла хилар хаийтира. Iумхьаьжа  а вара  тIеман  совгIаташ  диначарна  юкъахь. Вайнах  махках  баьхна  хилар  хууш  дара   хIокхунна. И шийла  кхаъ  хIара  тIамехь волуш  кхаьчнера кхуьнга. 1944-чу шеран  декабрехь  цIерпошта а ховшийна, Казахстане хьовсийра  х1орш. 1945-чу шеран  январь беттан хьалхарчу  деношкахь хIорш  Алма-Ата  кхечира.

ЦIерпоштана дуьхьал баьхкинчу салташна юкъарчу  цхьана   капитана: «Шун къам  Даймахкана  ямарт хиларна махках  даьккхина, шу а  и бахьанехь  хьовсийна  эскарера  цIа», – элира.

– Жабраил  цIе йолуш, ондачу дегIахь гIалгIа вара тхоьца, – дагалоьцу Iумхьаьжас. – Цо иза цуьнан  багара доллушехь, тIехьаьдда,  буй тоьхна вожийра. Юха, тIеведдачу  асий,  кхин  цхьана  нохчичой  мийраш  биттира  цунна. Тхо кхуьй а салташа,  схьалаьцна,   штабе   д1авигира. Цигахь  хилларг  ма-дарра  хиъча, капитан   балхара  дIаваьккхира,  тхо   схьадахкийтира.

Шайн доьзалш  мичахь  бу хуурш  царна тIе дIабахара, ткъа Iумхьаьжина  ца  хаьара  шен  доьзал я гергарнаш  мичахь бу. Дукха хан  ялале Алма-Атарчу  мачаш ечу  фабрике  хехочун балха  дIаийцира  хIара а, вайнехан  къомах  волу кхин масех  стаг а. Иштта  хIара  цигахь  болх беш  волчу  хенахь   фабрикин инженера (жуьгтийн къомах стаг  вара иза), Iумхьаьже мачаш  яран  говзалла  караерзае  хьайна,  оьшур  ю хьуна,  элира. Юьхьанца  резавоцуш  хиллачу  Iумхьаьжас  эххар  тIелецира   цо бохург. ХIокхунна сихха  кара а  йирзира  и говзалла. Шен гергарчаьргара, хабар хазаре  са а туьйсуш,  хIара   цигахь болх беш  волчу  хенахь, цига  моз  дохка  веана   волу Аймарза   цIе йолу аьккхи вевзира   Iумхьаьжина. Кхечу  меттигашкахула а  лелаш  хиллера  иза  моз духкуш. Цо  ша  кхаьчначохь Iумхьаьжин  цIе  йоккхуш  хиллера, вевзий,  олий. Ошски  областерчу  Кизил-Кия  гIалахь Iумхьаьжин  де  шичин   кIантана Адамна  тIекхаьчна  хилла  Аймарза. Иштта хиъна  гергарчарна  хIара  мичахь ву. Цара   комендатурехула  кехат  а даийтина, гергарнаш  болчу  дIавахара  хIара. Иза 1946-чу  шеран  апрелехь  дара.

Кхо  кIанттий, ши   йоIIий – 5 доьзалхо вара  Iумхьаьжин  ден-ненан. ХIара  тIаме  воьдуш  берриге дийна, могаш бара. ХIара  Кизил-Кия  дIакхаьчначу  хенахь  доьзалехь дийна  виснарг  ваша  Макка а, йиша  Кхокха а бен  дацара. Дохийна дукха  хан ялале  мацалла  кхелхина  хиллера да Муса, нана Ездари,  ваша  Ида, йиша  Аманта. Шен доьзална тIекхача  оццул  чIогIа  сатийсинчу Iумхьаьжина  ондда  тохар  дара  иза,  амма  Дала диначунна  реза ца хилча  ца  волура. Кизил-Кияхь  шен  гергарчаьрца  дIатарвелча,  карийра  кхунна ша  Алма-Атахь  караерзийна  говзалла – мачаш  ечу  цехан  хьаькам   хIоттийра  хIара. Цигахь зуда а  ялийра, цIера  Хасавюьртара а  йолуш. Хадижа яра цуьнан ц1е.

1959-чу шарахь  шен  доьзалца  Даймахка  цIа  вирзира  Iумхьаьжа.  Iен-ваха  аьттонна аьлла, Гуьмсехь   сецира Горбыткомбинатан  мачаш   ечу  цехан   заведующин  балха  дIаийцира. Пенсе  воьду хан  кхаччалц  цигахь  болх  а бира.

5  йоIIий, 3  кIанттий – 8 доьзалхо кхиъна цуьнан. Доьзалш ламаз-марха, яхь-оьздангалла йолуш бу. Хадижа   1995-чу  шарахь   кхелхина   (Дала  гечдойла  цунна).

Даймахка  цIа  вирзинчул тIаьхьа Iедало  дукхазза а совгIаташ  дина   Iумхьаьжина. Царна  юкъахь  ю «Орден  Отечественной  войны» I-чу даржан  орден,  «Победа  над  Германией»,  иштта  кхин  дуккха а мидалш, Сийлаллин грамоташ.

Р.МУСИПОВ

Суьрта тIехь: Iумхьаьжа шен йоIаца Нежибатца

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: