Дукха хан йоццуш республикин Берийн-кхиазхойн туьшахь «Кхиазхоша бакъонаш талхор цахилийтарехь коьрта хIун ду?» аьллачу темина семинар хилира. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон векал Паскаев Iадлан коьртехь а волуш дIаяьхьира билгалъяьккхина семинар.
Цуьнан коьрта Iалашо яра гIаланийн а, районийн а дешаран учрежденешкахь кхиазхойн Iуналла дарна профилактика яр.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас а, Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан отделан куьйгалхочо Умалатова Раймана а, Соьлжан районан дешаран урхаллин куьйгалхочун заместитела Ясагова Сацитас а, Невран районан дешаран урхаллин говзанчас Амаева Асарата а докладаш йира.
ХIокху теманашна яра докладаш: «ВИЧ-инфекцина а, кхийолчу цамгаршна а профилактика яр», «Зене марздаларш цахилийтар», «Кхиазхоша бакъонаш талхор цахилийтарехь хьалха дан деза гIуллакхаш».
ДIадаханчу шарахь шаьш бинчу белхан жамIаш а довзийтира докладчикаша, бакъонаш талхорехь коьрта дерг къастийра, иштта, шайн балха тIехь зеделларг довзийтира вовшашна.
Цул тIаьхьа цаьрга хаттарш дан а аьтто хилира ладугIучеран. Оцу хаттаршна дуьззина жоьпаш делира семинаран эксперташа.
З.ЛОРСАНОВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо