Шен заманчохь вевзаш хиллачу Вахаев Хасих «БIатIа» олура иза винчу, кхиинчу ТIехьа-Мартан районерчу Хаьмби-Ирзехь цуьнан гергарчара. Тхан бераллехь и цIе цунна баккъал а йогIуш хетара. (Бакъдерг аьлча, цу хенахь цуьнан кхин цIе тхуна ю-яц а ца хаьара, баккхийчара «БIатIа» аларх, оха цунах «Дада» олура).
Доккхачу дегIехь волу иза, зоьпарш юккъехь валлийча санна, жимма букъ хьаьвзина вара. Цхьана ирачу хIумано аьхкича санна йолчу (иштта моьттура тхуна, оспа лазаро дитина морзгал моьнаш уьш дуйла цахаарна), цуьнан юьхь тIера бIаьргаш даима а сингаттаме а, къинхетамца а, безамца а хьоьжура гуонаха. Дукхахьолахь, хIинца «хаки» олучу басахь, галпеш йолу хечий, логе кхаччалц нуьйдаршца дIакъовлуш кастоммий, церан басахь, лаба йолу хураьшкий хуьлура цунна тIехь. Шарахь шозза-кхузза бен ца нислахь а, и юьрта веача, доккха дезде хуьлура тхоьгахь, берашкахь.
Цуьнан галпеш йолу хеча юьйхинчу когашна голлелц бен ца кхачахь а, цунна мара кхета лууш хуьлура тхо. ХIоразза а муьлхарг хьена ву, цIе хIун ю хоттура. Коьрта тIехула, шен баьхьа санна долу, доккха куьг дай хьокхура: «Дешар муха ду?» – хоттура. «Дика дешалаш», – олура.
Цул тIаьхьа массарна а шай-кай лора. Тхан дас: «БIатIа, ма марзде хIара бераш, хьох санна, тхох а хьаькамаш хилахь, тхан а и лелон дезар ма ду», – олура. Цхьана агIор жимма корта а ластабой, велакъежара БIатIа: «Хьанна хаьа меллалц?» – ша-шега санна хоттура. ТIаккха шен шопаре: «Хахкал хIара бераш», – тIедуьллура.
Ша-ша хьалха хаа гIерташ, йоккха гIовгIа эккхийтина долу тхо тIедуттий, юьртахула масех гуо боккхура цуьнан машено. ЭхI, ма ирс дара и!
Цу хенахь-м, и тIаьххьара ши гIуллакх хилла хир дара тхо Дадига сатуьйсуш хилар, хIинца хаьа, оцу башхачу стеган хIора дош а, цуьнан хIора ишар а шех масал эца там болуш хиллийла.
Доллучул а коьртаниг дара, БIатIа уьйтIахь а волуш, «Лечин мамас» (массара а иштта олура Маккех, ГIойтIакъин Вахин – Хасин ден шолгIачу зудчух, цу хенахь-м и башхаллаш а ца евзара) цхьанна а дов ца дора я тхо лахка а ца лохкура. УьйтIарчу кхалонна кIелхьарчу куьркахь цо доттуш, схьадохучу, довхачу хьокхамийн а, кIегаш тIехь йоттучу ахьаран «тоьпийн» а мерзачу хьожано бузура урам.
БIатIа веача царах а дакъа кхочура тхуна…
Мацах Дада санна, хIинца тхо а догIу тхайн бераллин юьрта, амма цуьнга санна сатуьйсуш нах а, цунна гуонаха хуьлуш хилла гIовгIа а ца хуьлу. Гена мел ели а иштта исбаьхьа, тIаьхьа ца кхуьу хаза хьожа еттало-кх бераллех, ткъа цуьнан цхьа кIеззиг бен доцу шераш иштта башхачу нахаца доьзна хилча, хIетте а…
Вахаев Хаси – Сталинан олалла чIагIделлачу 1930–1937-чуй шерашкахь а, Республика меттахIотточу 1957– 1960-чуй шерашкахь а Нохчийчохь иза ца вевзаш стаг наггахь бен хир вацара. Тахана и вовза лаар лазаме дели суна. И дагаварах, цунах дерг дийца хуурш кIезиг карий…
1937-чу шарахь, 30 шо а кхачаза жима стаг, Нохч-ГIалгIайн партин обкоман шолгIа секретарь Вахаев Хаси а, иза санна, кхин хийла а «тройкин» суьдо боцучу бехканна чувоьллира. Советан Iедал тIедогIуш, Соьлжа-ГIала йоккхучу «БIедийнан тIеман» дакъалацархо хиллачу цуьнан ден ГIойтIакъин Вахин йоккхах йолчу зудчо Кабихас, керт юьззинчу марзахойх бехк лоцуш, цхьаъ бен воцучу кIентан цIе ца яккха, аьллера кIантах «БIатIа». Иштта йисинера цунна тIехь и цIе. БIатIа вина а, ваьхна а ТIехьа-Мартан районерчу Хаьмби-Ирзера цуьнан бераллин урам хIинца цуьнан цIарах бу, амма и хIунда ду иштта хуурш ца бисина, я кIезиг бисина.
Цуьнан вешин Лечин зудчо Гайтукаева Кийсас дийцарехь, Iедало тоьхначу 20 шарах 19 шо ГУЛАГ-хь даьккхина иза цIа веача, дерриге а къам санна, цуьнан гергарнаш а Казахстанехь бара. «Уьш а, тхо а Iийначу «Красивое» юьртахь Ваша цIа варна цуьнан гергарчара динчу ловзаре хьожуш, 12–13 шо хир долу со, гIийн оьланна тIехь лаьттина, – дагалоьцу цо. – Цу хенахь массеран а багахь дара иза доьналла долуш, корта охьатаIор боцуш къонаха хилар а, Дала шена делла доьналла бахьана долуш, къизачу набахтера иза дийна цIавар а. Туьйранан турпалхочун вастехь вуьйцура Ваша».
Советан Iедална дуьхьал хиларна, цуьнан ницкъ малбан йолчу Iалашонца ялта дIадуьйш, кхаьрзина хьаьжкIаш обкоман секретара Вахаев Хасис тасийтира шайга аьлла, цунна дуьхьал хIоьттина, иза бехке вина хиллера «цхьана хьенеха». И «хьенех» а дика вевзаш а, юккъехь гергарло долуш а, цу тIе Хасис колхозан председатель хIоттийна а хиллера.
Шена суьдо кхайкхийна бехк тIелаьцна ца хилла Хасис цкъа а. Суна а дагадогIу, Хасин йижарша Альбикас, Нурбикас вешин дов хоттучу шаьш дахана хилар дийцина, аьчкачу гIоьмашца дихкинчу куьйгашца бина буьйнаш, тата доккхуш, стоьла тIе тухуш хиллера цо: «Бакъ дац», – олий. Ткъа оцу харц тоьшалла динчу «хьенехах» дерг аьлча, ницкъ бина алийтина цуьнга иштта, цуьнца чIир-дов ма леладе аьлла хиллера Хасис гергарчаьрга.
Доккха дегI долуш, алссам ницкъ болуш волу иза гуора хIоттон йолчу Iалашонца, набахтерачу чалтачаша хIуъа а дича а къар ца лучу тутмакхе, 9 шо «одиночкехь» даккхийтина хиллера. ТIаккха шена камера чухаийначу «кгбэшнике» дехар дина хиллера цо, ша яздина кехат Ворошиловга дIакхачадахьара аьлла, цо и дехар кхочушдар бахьана долуш, жимма аттачу хьоле ваьккхина хилла а олура иза.
«Казахстанера цIа дирзинчул тIаьхьа, со кху керта еача, Ваша цомгаш вара, – дагалоьцу Кийсас, – набахтехь ницкъ бина доIах дара цуьнан лозуш. Вайнах Нохчийчу цIабирзинчу 1957-чу шарахь, Компартин обкоман инструкторан балха дIавигира иза, цул тIаьхьа 2–3 шарахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь болх а бира цо, тIаьххьарчу шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу кибарчигийн заводан директор вара иза. Ша мел цомгаш велахь а шегара хьал ца дуьйцура цо. Даима а юьрта веача, массарна а там бер-бериг дан лууш хуьлура. Иштта вайн кертахь беш йогIийтира. «Деллахь, Кийса, вайшимма хIоккхуза беш йоьгIна, дIанехьуо бай тIехь зезагаш доьгIна, ма башха меттиг йийр ю моттахь», – олура. Ойланаш яра, делахь а 1965-чу шарахь, лазаро дIа ца хоьцуш, кхелхира Ваша. Кху берийн денанас («Лечин мама» Дала декъалъярг, дика стаг яра – С.Т.) дуьйцура, Ваша лаьцначу кхоалгIачу дийнахь Дада (БIатIин да) лаца Iедал деара, олий. Ша цомгаш йолуш меттахь яра, шена тIехула товханна тIехь Iуьллуш Къуръан а дара, цунна кIел дIадиллина ахча а дара, олий. «Зуда, мичахь дара и ахча?», – аьлла, шен хIусамдас хаьттича, ша дIаэлира. Иза паднара тIе тасавелла, ахча схьаэца кхевдича: «Зудчунна улло ма гIерта!», – омра динера, тIе тоьпаш лаьцна чохь лаьттачара. «Дадин кевнал чоьхьа Дадас бохург дийр ду вай, цул арахь аш бохург а дийр ду-кх», – аьлла, Дада ахчанан бог кисана а йиллина хьалхаваьллера. 57 шарахь цунах хилларг ца хиира.
ХIокху тIеман шерашкахь архиваш яьстича, и дIавигинчу 5-чу дийнахь цунна тоьпаш тоьхна хилар гучуделира».
Соьлжа-ГIалахь хиллачу «БIедийнан тIеман» дакъалацархочунна, къехойн Iедал доккхучохь хьалхарчу могIарехь хиллачу Дадина цу Iедалх хилларг дика девзаш хиллера. Цундела эцна хир ю цо шеца ахчанан бог. Амма и декъа дезарш алссам хиларна, берриге а эца ца белла хир бу-кх…
Иштта, гуш цхьа а бахьана доцуш, граждански тIеман турпалхо, Iедал доккхуш, партизанийн тобанан жигархо Дада а (Хаьмби-Ирзера ГIойтIакъин Ваха), шен са а, дегI а, хаарш а ца кхоош, советан Iедална ваьцна волу цуьнан кIант Хаси а Iедалан мостагIий лерира. Цул тIаьхьа, колхозехь йоккха собрани йина, ВахаевгIар колхозера дIабаха беза, уьш Iедалан мостагIий хилла, бохуш, готта хьовзийнера керташкахь буха бисинарш. Гуш йолчу харцонна дуьхьал баккха ницкъ боцуш, кортош охьаохкийна Iаш юьртахой болуш, Шидин Сойдаллас дош дехнера: «ВаллахIи, хIара колхоз юьллуш дуьххьара етт белларш, дуьххьара говр елларш ма бу и ВахаевгIар. ХIара колхоз йиллинарш а уьш ма бу. ТIехь дай боцуш бисинчу кегийчара а, хьажа стаг воцуш бисинчу къеначара а хIун дийр ду тIаьххьара сискал а вай церан багара яьккхича? Со реза вац оцу кхиэлана».
Цуьнан дашна юьртахой тIетайна, колхозехь битира ВахаевгIар.
«Ваша дIакхелхинчул тIаьхьа а, генарчу ярташкара – ГIоьрдалара, МахкатIера, Тевзанара, Гихчу-КIотарара хийла нах оьхура вайга, – дуьйцу Кийсас, – цара дуьйцура шений-шений гIуллакх дина вара иза, яхь йолуш, доьналла долуш, дика кIант вара, бохуш. Цкъа иштта оьрсаша, цуьнца набахтехь Iийначара а ма дийцинера, цуьнан хьехаршца чекхдовларна дийна дисира шаьш, бохуш. ЧIогIа хьекъал долуш, кхетаме вара. Набахтехь а нийсо езаш, лелош вара, цIадирзинчу кIеззигчу шерашкахь а шен халкъана аьттонаш барна дIаделла дара цуьнан дахар бохуш, дуккха а тоьшаллаш дира цунна».
Кийсин дийцарехь, хьахийначу Абуханов Шаидца цхьаьнакхета Iалашо йолуш, МахкатIе дахара тхо. Январь беттан, жимма цIевзина делахь а, къегина, малх хьаьжна де дара. Юьртан маьждигана уллохь хаьттира оха, Шаид мичахь вехаш ву, аьлла. «Кху урамехула дикка охьадаха деза шу, цхьа доIахин басахь гериг йиллина цIенош хир ду шуна», – хезначу жоьпо тхоьга боккха кхаъ баьккхира: «Далла бу хастам», – цхьабосса элира Хасин вешин Лечин кIанта Альбека а, ас а.
Дукха лоьхуш къа а ца хьоьгуш, хьаьккхина ШаидгIеран уьйтIа дахара тхо. Тхан дистхила а ца дезаш, неI йиллина араволуш вара лекхачу дегIехь волу, сира корта болу хенара стаг. Цхьа а шеко йоцуш, Шаид вара иза.
Могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, тхо девзина, Шаида дийцира, шена Вахаев Хаси вовзаран хьолах а, шайн хиллачу гергарлонах а лаьцна:
– Тахана цхьацца дагалецамаша хьаьшна, хIинццалц сайн архиваш кегош, цхьацца кехаташ доьшуш, ойланаш еш Iийна, араволуш вара со. Дала хазахетар ди-кх суна, шу дахкийтина, – дIадолийра цо. – Суна Хаси вовзар Карагандарчу спецлагерехь хилира. Къонахчун амал йолу къинхетаме стаг санна, висина иза сан дагахь. Оцу дешнийн мах ца хуучунна цхьаъ мотта а там бу, амма сан дийцаро гойтур ду и дешнаш бакъхилар.
Джамбулан областерчу Красногорски районехь вехаш хилла со, 1951-чу шеран декабрехь лаьцна, Iедало ца магийна кехаташ дешна аьлла, чувоьллира. Таллам бар чекхдаьлча, дов хоттуш, суо дIахоьцур ву аьлла хеташ хиллачу суна, дагахь доцург хилира – луьра раж йолчу лагерехь яккха 25 шо хан кхайкхийра суна. 1952-чу шеран август баттахь, со юккъехь волу тутмакхийн этап буьйсанна Карлагере кхечира. Са а тасале дара, карантинехь долчу тхан корехь: «Нохчи вуй шуьца?» – аьлла мохь хезча.
Со цхьаъ вара.
Сатесначул тIаьхьа, тхо столови дуьгуш вевзира суна Iуьйранна мохь тоьхна хилла Iабдул-Iаьзим. Тхойшиннан къамелехь цо элира:
– Соьлжа-ГIалахь обкоман секретарь хилла волу Вахаев Хаси вуьйцуш хезний хьуна? И ву-кх хьо шена тIевалаве бохуш.
ХIума яар дитина Iабдул-Iаьзимца Хасина тIевахара со. ПIелган мIара тIе цхьа жима урс хьоькхуш Iаш вара Хаси. Соьга дикка хьоьжуш Iийна, цIе а, мичара ву а дийцийтина, арахь долу хьал а хаьттина:
– Деллахь Шаид, ма къа ду-кх хьан жималлин, хIун динера ахь сел луьра таIзар хьуна дан? – цхьа лерина хаьттира цо.
13–14 шо чохь даьккхинчу стага иштта хаттарх цецваьлла а волуш, ас дийцира, вай махкахдахарх а, Даймахке сатийсарх а, Делан диканах дог дилла мегарг цахиларх а, кестта вайн мохк меттахIотториг хиларх а яздина цхьа йозанаш, хьовха, байтийн хотIаца язйина назманаш айса ешна хилар а, и бахьана а хIоттийна, Джамбулан областан суьдо иштта кхиэл сайна яр а. Сан бехк толлуш, дукха хаттарш дира соьга Хасис. Эххар а:
–Дала мукъ лахь, хьо араваккха хьожур ву-кх со, – сан дегIе зуз доуьйтуш дийкира цуьнан аз. Жимма саметта веанчу сан коьрте ойланаш хьаьвдира:
– Ша а кху чохь воллуш волу хIара, оццул де долуш ву-те? Амма суна болчу томанна ишттаниг олийла а ма дац… 21 шо долу со, дахаран аттачу хьолехь ца хиллехь а, да-нана а, йиш-ваша а, цIахь къона хIусамнана а йолуш вара. Боцчу бехкана 25 шо луьрачу рожан лагерехь даккха дезарх хьалхавала тардалар дагадаро а, тIемаш довлуьйтуш. Хазахетарал сов, оцу минотехь паргIатонан, маршонан, нийсонан аса хадийна мах хIинца а сан дагна йовхо луш, соьца беха. И суй латийнарг Хаси вара. И бахьана дара кху шина тIамах а со сайн чуьра арацавалар а, цхьана дийнахь а балхара чохь цасацар а…
Тхайгара хьал гуш доллушехь, Хасис бохург баккъал а чIогIа, буха тIера хиларх а, забарна, бегашийна цахиларх а даггара тийшира со. Доллучул а тамашийна дерг, кху дуьненахь адамо ловр ю аьлла хета хало лайна волчу кху стага шегара хьал дицдеш, шен къомах волчу стагана маршонна, паргIатонна, нийсонна юкъйихкина нийят дар а, и кхочушдар а дара.
ШолгIачу дийнахь волавелла цхьана кIиранах суна кхиэл кхайкхийначу Джамбулан областан суьдан цIарах арз яздира Хасис. Ша ваьллачул тIаьхьа, соьга дешийтира. Цу тIехь дерриге а сан даго лоьххург дара.
Амма дуьхьал деана жоп дог даха меттиг юьтуш дацара. Юха Москварчу мехкан Генеральни прокуроре яздира Хасис. 15 шо тIера дIа а доккхуш, 10 шо чохь яккха хан юьтуш жоп деара прокурорера. Со-м цунах а кхаъ хилла вара. Амма Хаси ца Iийра:
– Вай махкахдахар нийса цахилар дуьйцу кехат дешар бен хьан бехк болуш хIумма а дац. Ткъа и харцо вайн халкъана тIехь йина хилар массарна а хууш ду, – аьлла, кхоалгIа а арз яздира цо. Сан гIуллакхан таллам бан леррина йолу комисси йогIур ю аьлла Ворошиловн цIарах жоп деара, бакъду, 1955-чу шарахь, Хаси буха а вуьсуш, со Магадане дIавигира.
Дог диллинчу хенахь, 1956-чу шарахь дара и комисси схьакхачар суна хиъча. Балха баха зонин кертах арабовлучу тутмакхех со бухавитира. Гуонаха даьхначу буьрсачу овчаркашца, доккха ха хIоттийна комиссина тIевигира со. Башхачу хормица кечвелла 5–6 стаг вара со чуваьккхинчу чохь стоьлана гуонаха Iаш. Жимма воьхна волу со, неIсагIи тIехь сецира.
Шайга маршалла хIунда ца хотту ахь, аьлла цхьамма бехк баьккхира сох. «Шуьга маршалла хатта сайн бакъо ю-яц ца хаьа суна», – жоп делира ас. Цара бакъо елча: «Здравствуйте», – элира ас.
Цул тIаьхьа цхьамма,. хьала а гIаьттина, элира:
– Бакъо луо тхуна, хьайн йиш-вешех, гергарчех ваьлла, оццул къона волу хьо кху луьрачу Колыме хIунда кхаьчна хаа.
Ас ма-дарра дIадийцира. ТIаккха берриге а хьалагIевттина, цхьамма хаам бира: Джамбулан областан суьдо кхайкхийна 25 шо хан а дIаяьккхина шаьш, Генеральни прокуроро тоьхна10 шо хан а дIаяьккхина шаьш, мукъа стаг ву хьо. Амма кхин цхьа хаттар а дара шайн: – Хьуна и аьрзнаш кечдинарг мила вара?
Сайга и хаьттича, Хаси дагавеара суна, цунна луург ма дара иза, амма:
– Церан автор вевзаш вац суна, – жоп делира ас. 5 шо хан текхнехь а, Хасин нийят кхочуш хилира. Сихонца новкъавелира со.
1957-чу шарахь шайн юьрта цIабирзира АбухановгIар.
1942–1943-чуй дешаран шарахь, сайн юьртарчу школехь нохчийн меттан хьехархочун болх бан волавелла ма-хиллара, тхаьш цIадаьхкича а и болх караэцна дIаволавелира со, – дуьйцу Шаида. – 1958-чу шарахь дагахь доцу хазахетар хилира суна. Обкомера хьаькамаш баьхкина аьлла, тхо берриге а хьехархой юьртан клубе дIакхайкхира. Чоьхьаваьллачу суна хьаькамашца волу Хаси вевзира. Амма цунна тIевахар а, вистхилар а муха хир ду ца хууш, тхо набахтехь девзина аьлча, цунна хIун хетар ду-те бохуш, со ойла еш Iаш, гулам чекхбаьлла, Iодика яран дешнаш алале, сох бIаьрг кхеттачу Хасис:
– Вай, Шаид, хьо вац и? – аьлла, со шена тIекхайкхира. ТIаккха массеран а тидам хиллачу хьолах гулбелларш кхетош, элира:
– ХIара Шаид уггаре а луьрачу хенахь, спецлагерехь соьца хан яьккхина ву. Суна луур дара, кху юьртарчу куьйгалхошна дIахоийла: кхуьнца вуон хилча ас могуьйтур дац шуна.
Ша къонаха хилар иштта шолгIа а тIечIагIдира цо.
Кхин а цхьаьнакхетарш хилира тхан. Сайн хаарш тIедуза йолчу Iалашонца Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте деша хIотта дагахь волу со, историна шиъ даьккхина висира. Орцадаккха Хаси волчу обкоме вахара со. Соьга дика ладоьгIначу Хасис элира:
– Хьо хьайн коьрта мукъа, маьрша стаг ву. Хьо хьийзош надзирательш а бац, хьоьга юьйцуш харцо а яц. Хаза хьайн стоьла тIе охьахаий и истори Iамае, хьох истори йина стаг ву. Амма хьоьга харцо йийцахь, хуур ду вайна.
Деллахь, ма бакълоь хIара аьлла, билеташ Iамийна, айса шиъ даьккхинчу предметана диъ доккхуш, экзамен дIаелла, деша хIоьттира со. И кхаъ эцна а вахара со и волчу. Хаси суна дика да санна хилла вара. Иштта хилла а ца Iара. ХIунда аьлча цхьана а ден ницкъ кхочур бацара оцу луьрачу хенахь 20 шо хан тIераяьккхина, набахтера кIант араваккха. Хаси кхелхинчул тIаьхьа а цкъа а, шозза а веара со Хаьмби-Ирзе. Шуьца долу гергарло дезаш а, цунах воккхавеш а ву со. ХIара тIемаш бахьана долуш хийра-м девлла…
Шаида ларйинчу материалех пайдаэцарна, тхайн гергарчу стагах, доьналла долчу къонахах, Нохчийчоь когахIотторехь доккха дакъалаьцначу Вахаев Хасих дерг алссам довза таро хилира тхан а.
Иза вина 1908-чу шарахь, цу хенахь Хьадис-Юрт олуш хиллачу Хаьмби-Ирзехь, къехочун ГIойтIакъин Вахин доьзалехь. 1919-чу шарахь и юрт йоха а еш, дуккха а адамаш дойъуш, юьртана тIелетира Соьлжа хица бехаш хилла гIалагIазкхий. Дукха хан ялале уьш бохо а, хьалха нохчийн хилла йолу ярташ – Iалхан-Юрт, Заки-Юрт, СемаIашка, Михеласка схьаяккха а аьтто хилира Ваха юккъехь волчу нохчийн партизанийн тобанан. Оццу хенахь Заки-Юьрта баха дIабахара Хасин дехой. КIентан таро хилира цигарчу школехь деша.
Дика кхетам болуш волчу цо пхеашеран школа 3 шарахь чекхъяьккхина, школехь пионервожатин болх бира. 1923-чу шарахь кегийрхошца бечу балхана лерринчу курсашка деша Соьлжа-ГIала хьажийра кIант. Цигахь а ша дикачу агIор гайтина Хаси комсомолан обкоман инструктор хIоттийра. Нохчийн советско-партийни школа а чекхъяьккхира цо 1926-чу шарахь. Цхьана шарахь комсомолехь болх бича партин могIаршка тIеийцира иза.
1927-чу шарахь Ростове университете деша ваха кечлуш хилла Хаси, шен гергарчу стеган Мамакаев Мохьмадан хьехамца, Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университете (КУВТ) деша вахара. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа Веданан округан исполкоман председатель хIоттийра Вахаев.
Нохчийчохь коллективизаци ен шераш дара уьш. Россехь массанхьа а санна дукха луьрачу тIедахкаршца, бахархошна даррехь ницкъаш беш, ши етт-эсий дерг а, говр-вордий ерг а кулакаш беш, Нохчийчохь а адамаш карзахдаьхнера Iедало. Атта дацара оцу хьолехь куьйгалхочун балхахь ларош чекхвала. ХIетте а, Веданан округехь бахархойн хьашташ кхочушдеш, цигахь школаш, больницаш, клубаш, туьканаш яхкийта таро хилира Вахаевн.
Иштта халачу балхахь ша дика вовшахтохархо хилар гайтина иза 1931-чу шарахь ВКП(б)-н Соьлжа-ГIалин комитетан хьалхара секретарь хаьржира.
Цхьа а шеко йоцуш, оцу хенахь иштта дарж нохчичух тешор, цуьнан белхан жигаралла, говзалла, вовшахтохараллин зеделларг, хьуьнарш лаккхара хилар дара. Цунна тоьшалла хилира Соьлжа-ГIалин къинхьегамхоша 5-шеран план 2,5 шарахь кхочушъяр а.
1932-чу шарахь Нохчийн обкоман шолгIа секретарь хаьржира Вахаев Хаси.
Оцу даржехь вара иза къоман мостагI вина лоцуш а. Делан къинхетам хилла, инзаре халачу зиэрех чекхваьлла, шен махка цIавирзира иза. Юха а партийни а, кхиболу а белхаш бира,ша бакъдуьнена дIаверззалц. 1957-чу шеран гурахь хиллачу партин обкоман кхеташонехь бара цу хенахь вайнехан интеллигенцин нур ларало кIентий, цигахь дийцаре дира махкахбаьхначуьра цIабирзинчу вайнехан дахаран хьелаш тодарна, деш цхьа а гIо цахиларал сов, уьш Iедална хьалха бехке бина юхалахка йолчу Iалашонца, деш алссам гIуллакхаш хиларан хьокъехь долу гIуллакхаш. Цунах лаьцна къамел динарг а вара Вахаев Хаси. Даррехь вайнах цабезаш волчу КПСС-н Нохч-ГIалгIайн хьалхарчу секретарна Яковлевна критика а еш, шолгIа секретарь дIа а воккхуш, цуьнан метта вайнехан стаг хIоттош, шайн махка юхабирзина вайнах баха дIанисбаран хьелаш кхолларан сацам тIе а оьцуш,кхеташо дIайирзинехь а, цуьнан сацам буьззина кхочуш ца бинехь а, вайнехан Iер-дахаран хьал – цул тIаьхьа мелла а тоделира. И лехам бара Вахаев Хасин дерриге а дахаран.
Шен къоман тешаме воI хилла а, шена ирс ца лоьхуш, цуьнан ирсана ваьгна а волу Хаси 1965-чу шарахь, хала лазар текхна, кхелхира. Цуьнан цхьа йоI бен кхин доьзалш а бацара, амма дерриге а къомана а шен доьзална санна, гIаролехь лаьттинера иза. Цуьнан гергара стаг хиллачу, СССР-н журналистийн Союзан декъашхочо Чалаев Билала динчу тоьшаллица аьлча: «Хийла шерашкахь шен къоман паргIатонехьа атта боцу къийсам латтийна вара Вахаев Хаси. Иза халкъан сийлахь патриот хилла ца Iаш, йоккха адамалла йолуш, оьзда, къонахалла, стогалла йолуш стаг вара. Цунна бух а болуш, тоьшалла до иза вевзачу адамаша, цунна вуон дош олуш хезна дац суна. Цуьнца лецна, «халкъан мостагIий» аьлла дIакхайкхийначарех бу: I.Авторханов, Ш.Айсханов, М.Мамакаев, Хь.Мехтиев, С.Бадуев, Х.Ошаев, иштта дуккха а кхиберш. Оцу нахах дуьйцуш дийнна книга язъян еза, царна хIоллам хIоттор а оьшу…».
Хаьмби-Ирзе юьртан кешнашкахь дIавоьллина ву Хаси, кхузахь ю цуьнан нана, ваша, йижарий, йоI, бераллин накъостий. Кху харцдуьненахь 57 шарахь бен ца ваьхначу цунна, шен юьртан кешнашкахь тем карийна. Иза а Делан дика хиларх шеко яц цхьаннан а.
Т.САРАЛИЕВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо