Вайн республикехь хилла тIеман тIаьхьенаш йицъяларна кхоьруш санна, кест-кеста гучуюьйлу оцу тIеман зуламе тIаьхьенаш. Масала, республикин Курчалойн районехь карийра 15 шарахь сов лаьтта бухахь яьллина авиабомба. Меттигерчу бахархошна тIеман гIирс карийна Хиди-КIотарна ши километр генахь йолчу меттехь.
Бомба карийначу меттехь хилла Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин оперативни тоба. Говзанчаша билгалдаьккхира карийнарг фугасни авиационни бомба хилар.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Умаев Iумара дийцарехь, и тIеман гIирс дIабаккхийта Дона-тIерачу-Ростовера Россин МЧС-н кIелхьарадахаран «Донской» туьшера говзанчаш боьхуш, заявка елла.
– Авиабомба республикехь тIемаш хиллачу хенахь йисинчух тера ду. Бохам ца хилийтархьама, бомба карийна меттиг полицин белхахоша ларъеш ю.
С.ДАУДОВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо