Хьалха-МартантIера цIеяйъаран служба

  «Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу цIеяйъаран 1-ра отряд» пачхьалкхан учрежденин Хьалха-МартантIехь йолчу урхаллера цIеяйъаран кIелхьарадахаран №17 йолу дакъа болх беш ду 2006-чу шарахь дуьйна.516e1299e26bf

  ЦIеяйъаран оцу службо Iуналла латтадо 649 км² йолчу меттигехь, цигахь Iаш 124 903 стаг волуш. Цу юкъа йогIу нах бехаш йолу 12 муниципальни меттиг (1 гIала, 11 юрт ). Районехь  ларъян езаш юкъараллин 43 меттиг ю дуккха а нах гуллуш. Царах  эккхарна кхерам болуш 12 меттиг ю.

ЦIеяйъаран кIелхьарадахаран службехь болх беш 59 стаг ву (ХIора дийнахь рогIехь балхахь  13 стаг хуьлу). Штатехь цIеяйъаран ши машен ю. ЦIе дIайойъуш мел оьшу гIирсаш бу.

Иштта, шайн лаамца болх беш цIеяйъаран кIелхьарадахаран службин тоба ю. Иза 12 стагах лаьтташ ю. Церан штатехь кхоъ цIеяйъаран машен, шиъ трактор, цхьаъ хи кхоьхьу машен ю.

Шайн белхахойх лаьцна дуьйцу Хьалха-Мартан цIеяйъаран службин чоьхьарчу службин капитана Элиханов Ислама: «Оха тхайн белхахой цIеяйъаран белхан говзалла лакхаяккха Краснодаре, Астрахане бохуьйту. Вайн цIахь курсаш а йохуьйту. Дикка говзалла караерзийна, муьлххачу а халонах чекхбовла кийча болу говзанчаш бен цIе яьллачу метте ца бохуьйту».

Хьалха-Мартан районехь дIахьош дуккха а гIуллакхаш хуьлу цIе яьллачу меттиге сиха дIакхачарна, цIе сиха дIаяйъарна лерина. И гIуллакхаш кхочушдо хIора юьртахь а шайн лаамехь цIеяйъаран тобанаш вовшахтохарца а, некъаш тодарца а.

Шайна балхахь зеделларг довзийтира Хьалха-Мартан цIеяйъаран службин караулан хьаькама Эльмурзаев Якъуба.

– ЦIеяйъаран службе забарна телефон тухуш меттигаш нисло. Уьш дукхахьолахь кхиазхой, кегийрхой хуьлу. Царна забар елахь а, тхан къахьега деза циге дIакхача (Уггаре а тIаьхьа дIакхочуш а исс минот бен яьлла хила йиш яц). 2015-чу шарахь иссозза харц телефон тоьхна тхоьга. Ишттачу хIуманна тIехь забарш ян ца йогIий а, шайн цунах жоп дала дезий а хаа деза хIоранна а, – дIахьедира цо. – БIаьстенан юьххьехь дукха хуьлу цIерш тийсар. Шайга ларлур ю олий, цIе латайо и мохо дIасаядайой, цунах йоккха цIе хуьлу. Оцу муьрехь дийнахь 7–9-зза орца доьхуш хьал нисло. Иштта, бераш сирникашца ловзар бахьана долуш, цIеяьлла меттигаш нисло. ХIусамера серий тишдалар бахьанехь а, газ бахьанехь а зулам долуш меттигаш хуьлу. Вайн бахархоша ледарло а ца еш, гуттар а тергонехь латто дезаш хIуманаш ду уьш, – дийцира цо.

Адамийн баркалла ду тхан белхан уггаре а лакхара мах хадор. ЦIеяйъаран службин белхахошна хIора денна аьлча санна хеза  баркаллин дешнаш. Цара беш берг сийлахь а, мехала а болх бу.

«Цкъа а  цIеяьлла меттиг нисъелла, болх ма хуьлда цIеяйъаран службин белхахойн. Тхан дехар ду шуьга лардалар, цхьана сирникех а бохам баларна кхерам бу. Сема хилалаш нах», – элира, шен къамел дерзош, Эльмурзаев Якъуба.

Хь.АВХАДОВА

 

№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: