Керла кепаш караерзайо

Вайн махкахь итт шо хьалха дуьххьара юкъаяло йолийна Цхьааллин пачхьалкхан автоматизированни хаамийн система (ЕГАИС). Амма, оцу шерашкахь иза вахош долу маларш кечдеш а, уьш дозанал арахьара чуузуш а болчеран балхах бен хьакхалуш яцара. Керла нормативни акташ кху шеран хьалхарчу январехь дуьйна гIуллакх дан дуьйладаларца доьзна таллам латторан системо шена чулаьцна маларшца гIуллакх догIуш берш берриге а – иза кечдеш берш а, духкуш берш а.

    ХIун дан деза кху шарахь   вайн республикехь   шуьйра юкъаялош йолчу Цхьааллин пачхьалкхан автоматизированни хаамийн системин хьелашкахь болх беш даккхий гIуданаш ца такхархьама? Ткъа цуьнан лехамаш хьакъ ма-дду кхочушбеш ца хилахь, уьш такха дезарг хиларан цхьа а тайпа шеко яц. Оцу хаттарна жоп луш яра дукха хан йоццуш Къилбаседа Кавказан федеральни округехь вахош долчу маларийн рынок нисъярехула йолчу Федеральни службин регионашна юкъарчу урхаллин векалша дакъа а лоцуш, Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь леррина вахош долу маларш духкучу организацийн куьйгалхошца дIаяьхьна семинар-кхеташо.

Регионашна юкъарчу урхаллин эксперташа цуьнан дакъалацархошна – бизнес лелош болчарна ма-ярра йовзийтира системин коьрта принципаш, иза юкъаялоран техникин лехамаш, дийцира оцу хьелашкахь болх беш хила тарлучу гIалатех лаьцна. Кхеташ ма-хиллара, бакъонаш талхорна царна тIехь долчу жоьпаллех а.

Кхеташонехь иштта билгалдоккхуш дара карарчу хенахь маларш дохкаран меттигерчу рынкехь гIуллакх деш йолчу лицензица болх беш рознични махлелоран ткъа гергга предприяти хилар. Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Бетиев Хьусейна дийцарехь, хIара шо долалуш царах ЕГАИС-на юкъаяха кхиънарг 70 процентал жимма алсам предприятеш бен яц. Бухайисинарш цунна юкъаяхана хила декхар ду бIаьсте тIекхачале.

Федеральни службин регионашна юкъарчу урхаллин отделан хьаькаман заместитела Саакян Каринэс шен къамелехь дакъалацархойн тидам тIебахийтира махлелорехь ЕГАИС юкъаялочу хенахь чолхаллаш ца кхоллаялийтархьама, шайна юкъахь кафеш, ресторанаш а йолуш, рознични декъан организацешна иза юкъаялоран хан Россин Правительствос мелла а яхйина хиларна. Маларш ЕГАИС-хь хьесапе эцаран декъехь (31-гIа март кхачале эцнарш) и мур 20-гIа апрель кхаччалц бахбина. Цул совнаха, урхаллин векала хаийтира тIейогIучу хенахь вовшашна юкъахь йолу зIе юхуш меттиг хилахь а аьлла, гIаларчу бизнесменашна шаьш эцна маларш хьесапе эцийтарна белхан кхо де хIоттийна, ткъа ярташкахь махлелочарна –  ворхI де.  ГIаланашкахь вахош долу маларш дохкарх лаьцна болу хаамаш ЕГАИС-е бала болор бу кху шеран 1-чу июлехь дуьйна, ткъа ярташкахь – 2017-чу шеран 1-чу июнехь дуьйна.

Белхан керлачу хьелашкахь оьшуш болчу гIирсашка болчу технически лехамех а, рознични мехех а лаьцна дийцира регионашна юкъарчу урхаллин отделан хьаькама Воронин Георгийс.

Ведомствон пресс-службехь билгалдоккхуш ма-хиллара, хьешашка дуккха а хаттарш дира цхьаьнакхетаран дакъалацархоша. Ша аьлча, бизнес лелош болчарна ма-дарра хаа лаьара программа юкъаялоран процесс муха дIагIур ю, вовшашна юкъахь хинболчу бартийн а, логистикин а декъехь беш болчу вовшахтохараллин балхахь хинболчу хийцамех дерг. Цхьа а хаттар дуьззина жоп доцуш ца дитира регионашна юкъарчу урхаллин векалша. Йовзийта ницкъ кхечира вай долчохь керла юкъадалош долчу гIуллакхан дуккха а къайленаш.

Цхьаьнакхетаран жамIаш деш сацам хилира апрель бутт тIекхачале керла система юкъаялорна тIехьажийна вахош долчу маларшца йохка-эцар лелочу бизнесменашца кхин а семинараш дIаяхьа. Барт хилира хьалха хIуьттуш долу гIуллакхаш санехь кхочушдарна тIехьажийна вовшашца хаддаза зIе латто а, гIо дан а.

Л.АБУБАКАРОВ

 

№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: