Соьлжа-ГIалахь кегийрхошна юкъахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман историн хаарш зуьйш къовсамаш хир бу. Иза региональни Ерригроссин «Толаман волонтераш» юкъараллин боламан отделенис, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, республикин «Vita» туьшца цхьаьна вовшахтухуш гIуллакх ду. Тидаме диллина хир ду оцу тIамехь коьрта меттиг дIалаьцна хиллачу Сталинград гIала фашистех кIелхьара йоккхуш бинчу тIамах долу дерриге а.
Къовсам «интерактивни» ловзаран кепехь хир ду. Цуьнан маршрут къайленаш йостуш гайта езар ю, ткъа и маршрут а, хаттарш а вовшахтоьхна оцу тIамехь дакъалаьцначу ветеранийн дагалецамийн буха тIехь. Оцу къовсамехь дакъалаца лаам болчара шайн команда вовшахтоьхна (14 шо кхаччалц волу 6 стаг) заявка чуяла еза хIокху электронни адресца: husein_ 86@mail.ru. Цул сов, оцу къовсамехь дакъалаца лаам берш региональни «Толаман волонтераш» юкъараллин боламан отделенин декъа хIитта а беза. Иза «Контактехь» http//vk.com/volonteri 70_ chr95 адресца кхочуш далур ду. Цигахь зорбатоьхна хир ду хьалхара хаттарш, ткъа иштта, оцу къовсаман дакъалацархой дуьххьара вовшахкхетар болу меттиг а билгалйина хир ю. «Квест» олу и къовсам-ловзар 2-чу февралехь хир ду. Заявкаш 31-гIа январь кхаччалц схьаоьцуш яра. ТIеоьшу хаам лакхахь хьахийначу министерствон векалан Бельтиев Хьусейнан хIокху телефонаца хаа аьтто бу 8(938) 999–00–86.
Карладаккха лаьа, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баккхарна лерина вовшахтоьхначу Ерригроссин волонтерийн корпусан керла статус ю карарчу 2016-чу шарахь. Оцу корпусан декъашхошка «Толаман волонтераш» боламна юкъадахкар дехна дара. Ткъа и дерриге а гIуллакхаш кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствон дагалецамна деш а ду. Оцу боламан Iалашо ю тIеман хIолламийн доладар, уьш Iалашъяр, кегийрхошца тIеман муьрана лерина тематически суьйренаш вовшахтохар а.
З.ХИЗИРОВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо