Нохчийн Республикехь еш ю дуккха а берийн бошмаш. Къаьсттина 2015-чу шарахь дукха ян йолийна уьш. Вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш еш ю уьш.
Иштта, цу декъехь къахьоьгуш ю Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан куьйгалхо Кадырова Зарган. Цо а, цуьнан накъосташа а дIахьош берг мехала некъ буйла хуур ду, вайн республикехь исбаьхьа хаза, берийн самукъадолучу агIор ечу берийн бошмашка хьаьжча.
2015-г1а шо чекхдолуш дIаболийра Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртахь берийн беш яран болх.
БухIан-Юьртарчу бахархоша дийцарехь, берийн беш цу юьртахь оьшуш йолу дуккха а хан яра, делахь а, массо а хIуманан шен хан ю бохуш сатуьйсуш Iара уьш. Керла еш йолчу берийн бешах боккха кхаъ хилла бу цигара бахархой.
Бешана билгалдаьккхина латта 5,600 м² ду. Иштта и еш, цу тIехь къахьоьгуш 40 сов белхало ву. Белхалоша самукъадаларца белхаш бо. Берийн беш 140 сов берана лерина хир ю. Арахьара белхаш бина бевлла, хIинца чоьхьара белхаш бу чекхбохуш. Кертахь билгалйина ю берийн самукъадалийта, ловзаран зал а, музыка Iаморан зал а, бохуш дийцира берийн беш еш йолчу «ООО СТРОЙРЕАЛ» организацин куьйгалхочо Джумаев Лечас.
БухIан-Юьртара бахархой тешна бу шаьш дехачу юьртахь шайна йоццачу хенахь берийн беш хирг-хиларх.
М.КАНТАЕВ
Суьрта тIехь: БухIан-Юьртахь еш йолу берийн беш
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо