Х1окху деношкахь вайн республикин вузийн а, ссузийн а куьйгалхошца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цигахь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, вице-премьера Дулаева Хадижата, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманийн а министра Музаев Анзора.
Пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIаяларан хьокъехь дийцира Музаев Анзора. Цо билгал ма-даккхара, низам а хIоттийна, дIахьош ду вайн республикехь и гIуллакх. ХIетте а цхьаболчу дешархоша экзаменехь телефонех пайдаоьцуш хилла меттигаш Iораяьхна.
Республикин Куьйгалхочо ма-аллара, Пачхьалкхан юкъара экзамен дIалучу хенахь къепе талхийна хиларан хьокъехь хаамаш кхаьчна цуьнга.
– Экзамен дIалучу хенахь къепе талхор хаалахь, школийн директоршка жоп доьхур ду вай, – бохура Кадыров Рамзана. – Шайн белхахошкара девллачу гIалаташна а бехке уьш хир бу. Ахчанах бохка а луш, шайн дешархойн бIаьра муха хьовсур бу уьш? Уггаре коьртаниг хаарш хилар дуй дIахаийта деза вайн дешархошна. Церан хааршка хьаьжжина, оценкаш а хIитто еза. Дешар кхиор ю вайн коьрта Iалашо. Вайн республикин хилла ца Iаш, ерриге а пачхьалкхан проблема ю иза.
Масех шо хьалха вайн республикин лаккхарчу дешаран кхаа заведенехь хилла долчу хьелех лаьцна а дийцира Р.Кадыровс. Оьшуш йолу техника а, лаборатори а хьовха, ур-аттал лартIехь охьаховша йийбар а яцара цу учрежденешкахь. ХIинца хийцаделла хьал. Регионан Куьйгалхочо ма-аллара, тайп-тайпанчу дакъошкахь лаккхара говзалла йолу хьехархой кхиорехь цхьана а тайпа хуьлуш новкъарло яц дешаран заведенешкахь.
Хьехархойн говзалла лакхаяккхарехьа болх беш хиларх лаьцна дийцира Музаев Анзора. Яккхий харжаш а еш, бIеннаш хьехархой кхечу регионашка дIахьовсочул а, хьехархойн говзалла лакхаяккхархьама, говзанчаш республике схьабалор санехь ду, бохура цо.
Шайн балхахь долчу кхачамбацарех лаьцна дийцира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректора Таймасханов Хьасана. Алапаш лахара хилар ю коьртачех цхьа проблема, бохура цо. Масала, кафедран ассистентана баттахь луш дерг ялх ах бIе туьма ду, доцентан алапа 12 бIе туьмане кхочуш ду. Иштта профессоршна а, докторшна а луш дерг 21 бIе туьмане кхаччалц бен дац. Долуш дерг хьесапе а эцна, лаккхарчу дешаран заведенийн хьехархойн алапа лакхадаккхарехь Кадыров Рамзане гIо-накъосталла дар дийхира ректора. Цул сов, Мехкадаьттан университет чекхъяьккхина болу говзанчаш балха дIахIитторехь а Республикин Куьйгалхочуьнга гIодар дийхира Хь.Таймасхановс:
– Хууш ма-хиллара, хьан тIедилларца хIора шарахь иттаннаш а, бIеннаш а говзанчаш балха дIахIиттабо вайн республикехь. Иштта тайп-тайпанчу министерствошка а, долахь йолчу бизнес-структурашка а, къаьсттина гIишлошъяран организацешка, тхан университет чекхъяьккхина болу говзанчаш балха дIанисбарехь ахь гIо-накъосталла дан лаьара тхуна. ХIунда аьлча, дешна бевлча, дуккха а говзанчаш бан болх боцуш хуьлу тхан.
Долуш долу кхачамбацарш дIадахарехь ректорша билгалдаьхначу гIуллакхашна хьокъала боллу тидам тIебахийтар тIедиллира Кадыров Рамзана Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана.
Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Архивера сурт