Дукха хан йоццуш, Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу гимназехь дешархошца экстремизмах, терроризмах лаьцна кхетош-кхиоран семинар дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Мохчаев Супьяна, Хьалха-Мартан кIоштан къедас Амирханов Iалус, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Тайсумов Вахас, иштта меттигерчу органийн куьйгалхоша.
Семинарехь дийцира Нохчийн Республикин куьйгалло экстремизм, терроризм яржарна дуьхьал беш болу болх хаддаза коьртачу тидамехь латтош хиларх а, вайн Куьйгалхочо Р.Кадыровс кегийрхошна дахарна мел оьшу хьелаш кхоьллина хиларх а лаьцна (дешар, спорт, культура и.дI.кх).
А.Амирхановс шен къамелехь билгалдаьккхира муьлхха а бусалба стаг гуттар шен дахар Къуръанца, Суннатца нисдеш лела везаш хилар.
– Таханлерчу дийнахь Шемахь долу хьал бусалба динца догIуш дац. Маьрша нах хIаллакбар даккхийчу къинойх къа ду. Вайн нохчийн кегийрхой ИГИЛ-на юккъе дIабоьлхуш болу, уьш бусалба нахана дуьхьал тIом бан боьлхуш бу. Уьш Iехабелла, галбевлла нах бу. И санна берш кхин ца хилийта вай сема хила деза, вовшийн лардеш хила а деза. Интернетаца долу гергарло бахьанехь галбевлла вайн дуккха а кегийрхой. Цундела массарна а хаа деза ИГИЛ-н декъашхоша цу чухула мел дуьйцу хабарш харц хилар, – дийцира цо.
Семинар ерзош, наркоманех, корта бахош долчу кхечу маларех лаьцна а, уьш мийлар хьарам хиларх а, цара дегIан могашалла талхош хиларх а лаьцна дийцира.
Хь.БАХТАЕВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо