Кху деношкахь кхечу пачхьалкхашкарчу нохчашна вуно дика евзачу «Маршо» радиос хаам баржийна, Нохчийн Республикин куьйгалло шен нохчийн меттан сайт бахархошна еша а, ладогIа а доьхкуш, дIакъевлина аьлла. Радиос баржийначу хаамехь билгалдоккхуш ду, меттигерчу интернет-провайдершкахула шайн радион нохчийн маттахь йолу сайт схьаелла воьлча, «Ахь лоьхуш йолчу сайтан адрес Россин Федерацехь дихкинчу хьостанийн реестре даьккхина ду» олий, хаамийн кор хIуттуш хилар. Цул тIаьхьа кхин керла хаам а ца баржош, тийналла латтош ю «Маршо» радио.
Амма тайп-тайпанчу форумийн агIонашкахь а, социалан сеташкахь а чIогIа дийцаре даьккхина и гIуллакх. Цхьаболчара иза «Iедало нохчийн маттана Iаткъам бар» лору, ткъа вукхара – «нохчийн демократин тIаьххьарлера агIо дIакъовлар» а. Иштта, дуккха а тамашийна ойланаш а ю нехан, цара яздинарг ахь дешча, хьо цецвоккхур волуш. Масала, «вайгара мохк а, нохчалла а дIадаьккхина оцу Iедало, ткъа хIинца мотт а бу царна новкъа» бохуш, яздо.
Оцу хьокъехь дуккха а наха яздинарш дешначул тIаьхьа, «Маршо» радио аьлла, лахара кора чу дIа а язйина, схьакарийна йолу оцу сайтан нохчийн меттан кеп ас хаьржича, суна, цхьа а дуьхьалонаш а ца еш, сайт схьайиллира браузеро. Масех стеган телефонашца со хьажарх а, Нохчийн Республикин Iедало оцу сайтан адрес махкахь дихкинчу хьостанийн реестре даьккхина хиларан цхьа а лар ца карийна суна. ТIаккха ойла кхоллало-кх, «тIаьхьарчу деношкахь Нохчийн Республикина а, цуьнан Куьйгалхочунна а дуьхьал дуьйцуш долчу харцкъамелийн цхьа дакъа хиллий теша «Маршо» радиос баржийна хаам а?», аьлла…
Кхузахь ала догIу, «Маршо» радио – коммерцица йоьзна а йоцуш, дуьненаюкъара радиовещанин юкъаралла хилар. Амма, оцу юкъараллина финансировани США-н Конгрессо латтош ю. Кхузахь кхин хIумма а дийца оьшуш дац. Делахь а, соьга хаьттича, баккъал а Нохчийн Республикин куьйгалло оцу радион нохчийн меттан верси бахархошна дIакъевлина хиллехь а, цунах цхьана а кепара нохчийн маттана кхерам хир бацара. Харц хаамаш а баржош, цхьана могIарехь масех гIалат а доккхуш, предложени хIоттор нохчийн меттан бакъонашца догIуш а доцуш йолу статьяш яржош долу хьоста оьшуш дуй теша нохчашна а, нохчийн маттана а? Дац!
И.ХАСАХАНОВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо