Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Iаламат хала хилла Хьалха-МартантIерчу гендаргнойх волчу Гучигов Аюбан кIентан Iалин цIе хазаза волу стаг Нохчийчохь каро. 1914-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу Iалис, шен 15 шо кхачале дIаболийна хьаналчу къинхьегаман некъ. Хьалха-МартантIерчу «Ленинан некъ» цIе йолчу колхозан тоьллачу хьаьжкIашлелорхойн бригадин куьйгалле хIоттийна хилла иза 17 шо дузале. Цуьнан беркате къинхьегам билгалбоккхуш, СССР-н лаккхарчу Iедало 1936-чу шарахь елла «Знак почета» цIе йолу орден хилла цуьнан. Цхьана ханна Хьалха-Мартан кIоштан райисполкоман председатель волуш болх бина цо. СССР-хь 1937-чу шеран 12-чу декабрехь хаьржинчу Лакхарчу Кхеташонан нохчех дуьххьарлера депутат хилла Гучигов Iали.
1939-чу шарахь шен лаамехь ЦIечу эскаре гIуллакх дан воьду иза. СССР-о Финляндица бинчу тIемашкахь дакъалоцу вайн махкахочо, цигахь тIехдика хьуьнарш гойту цо. 1941-чу шарахь немцойн фашисташна дуьхьал Даймахко дIаболийначу луьрачу тIемашкахь хьалхарчу деношкахь дуьйна дакъалоцуш вара Гучигов Iали. 1941-чу шеран 7-чу ноябрехь Москвахь ЦIечу майданахь хиллачу парадехь дакъалаьцна ву иза, цу майданара дIавахана, тIеман ара дIахIоьттина а ву. Вайн Даймехкан коьрта шахьар Москва фашистех ларъярна елла «За оборону Москвы» мидал хилла цуьнан. Брянск гIала фашисташкара схьайоккхуш гайтинчу майраллина, доьналлина «ТIеман ЦIечу Байракхан» орден яра цунна елла. Цул тIаьхьа кхин шиъ елла цунна орден. 1943-чу шарахь «Орден Отечественной войны 2-й степени»; 1945-чу шарахь «Орден Отечественной войны 1-й степени». Маршала Баграмян Иван Христофоровича куьйгалла дечу эскарехь тIемаш бина ву Гучигов Iали. 1974-чу шарахь Баграмяна Iалин кIанте Ахьмаде даийтина кехат, хIинца а хIайкал санна, ларамца лелош ду турпалхочун тIаьхьенашкахь. Маршалца Константин Константинович Рокоссовскийца гергарло дIакхехьна вара иза. ТIеман хьаьттахь Iалис гойтуш хилла бIаьхаллин хьуьнарш бахьанехь, шозза кехаташ кечдина цуьнан тIеман куьйгалло Гучигов Iалина Советски Союзан Турпалхочун сийлахь цIе тиллар доьхуш. Царах цхьаъ, Кёнинсберг гIала фашисташкара схьайоккхуш Iалис гайтинчу доьналлин лаккхара мах хадош яздина ду. 1945-чу шеран апрель баттахь хилла ду иза. Цо гойту, вайнах махках бахар бахьана хIоттийна, дукхах болу нохчийн яхь йолу кIентий луьрачу тIамера юхабаьхча а, гварди майор Гучигов Iали мостагIчо даймехкан латта мел хьоьшу тIамера юхаваьлла цахилар. Ша юкъахь волчу батальонан командир къинхетамза герз кхетта воьжча, куьйгалла дар шена тIелаьцна Кёнинсберг гIалина чукхаьчначу советийн эскарийн хьалхарчу могIарехь хилла вайн турпала махкахо. Цигахь гайтинчу доьналлина елла «За взятие Кёнинсберга» мидал хилла тIемалочун. Цхьана ханна Кёнинсберган комендант хIоттаво иза кхуьнца юкъаметтиг Iаламат дика йолчу Баграмян Иван Христофоровича. Амма, комендант нохчи вуйла Москварчу Iедална дIахиъча, и дарж а дита дезаш нисло. Нохчийн къам харцоно хьаьшна зама хилла иза. Сийлаллин цIерш а, лакхара даржаш а цкъачунна вайнахана къиэдина хилла. Делахь а, вайна довза деза вешан оьздачу дайша идийна доьналлин некъаш. Церан синаондалло, доза доцчу доьналло хьакъдолчу дозаллех Iабадо вайн дегнаш. Вайх хIораммо а шех дозалла дан мегар долуш, яхь йолуш, нуьцкъала амал йолуш стаг хилла гварди майор Гучигов Iали.
А.ГАЗИЕВА
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо