Лаьмнийн некъаш лардо МЧС-н белхахоша

    Кху шеран 25-чу январехь дуьйна республикин Шуьйтан, Веданан районийн автонекъашкахь нах чолхечу хьелашкахь кIелхьарабохучеран дIасалелаш йолу посташ хIиттийна. Цара лардо лаьмнашкара туристически коьрта некъаш, гIо до шина муниципалитетехь гIуллакх деш долчу цIе йойъучу гIароллина.

   Автонекъашкахь посташ хIиттийна хенан хIоттаман бегIийла доцчу хьелашца доьзна Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана тIедилларца. И гIарол декхарийлахь ду некъийн-транспортан бохам хиллачу нахана шен хеннахь гIодарна кхачо ян.

Нах кIелхьарабохуш болчаьргахь ю чолхечу хьелашкахь нах кIелхьарабахаран декхарш кхочушдарна оьшуш леррина йолу техника а, гIирсаш а. Цул совнаха, цаьргахь ду дарбалелоран молханаш а, медицински хьалхара гIодарна оьшу гIирсаш а.

Чолхе хьелаш кхоллалахь а аьлла, чIагIйина цхьаьна гIуллакхаш даран а, РСЧС-н ницкъашший, гIирсашший юкъабалоран а планаш. ХIора дийнахь бIаьхаллин дежурстве хIуьттуш болчеран  тобанна юкъавоьду 1575 стаг. Царна юкъахь ву Россин МЧС-ра 240 белхахо. Оьшуш меттиг хилча, юкъаозочу ницкъийн а, гIирсийн а барам йоццачу хенахь алсамбаьккхина хила тарло.

 Нагахь санна шу чолхечу хьоле а нисделла, шуна цIе йойъучеран я нах кIелхьарабохучеран гIо эшахь, – ерриге а сихачу гIоьнан службийн цхьа номер ю – 101 я 112.

С.МАМАЕВ

 

№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: