Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Пачхьалкхан Думин депутатаца Делимханов Адамца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира «Ахмат-Тауэр бIов» яран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Республикин инвестицин оцу мехалчу проектан куратор волчу Делимханов Адама Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна довзийтира гIишлон проектно-сметни документаш, дийцира оцу объектехь белхаш дIаболорна кечамбар дIа муха доьду. Цо дийцарехь, карарчу хенахь кхузахь дIахьош бу гIишлон бух боттарна кечамбар, лаьттахтоьхна зеран сваяш.
Оцу башхачу проектан архитекторша а, гIишлошъярхоша а къаьсттина тидам тIебохуьйту хинйолчу бIаьвнан сейсмочIагIонна. Проект кхочушъяр цундела тешийна дуьненахь уггаре а лекха гIишло – Дубайра «Бурдж-Халифа» – йинчарна.
Говзанчашна хетарехь, «Ахмат-Тауэр бIаьвнна» ирахь латтарехь лаккхарчу барамехь чIагIо йолуш хиларан дарж лур ду, оцу гайтамехь дуьненахь шайн чIагIонца уггаре а тешаме йолчу кхаа гIишлонна юкъагIур ю иза. Объект 216 свая тIехь лаьтташ хир ю, царах хIора а гIишлонна бухахь 65 метр кIорга лаьтта буха йохуьйтур ю.
Билгалдаккха деза Соьлжа-ГIалахь «Ахмат-Тауэр бIов» яр ОАЭ-рчу гIишлошъярхойх, дуьненахь уггаре а лекха гIишло – Дубайра «Бурдж-Халифа» бIов ярехь дакъалацарца евзаш йолчу Emaar Properties компанех тешийна хилар.
400 метр лекха йолу гIишло, нохчийн юккъерчу бIешерийн гIаролан бIаьвнах тера ю. «Ахмат-Тауэр бIов» Россехь уггаре а лекхачу гIишлонех цхьаъ хир ю.
Проектаца бIаьвнан 80 гIат хир ду, хIора а 4,2 метр лекха а долуш. Билгалдеш ду, керлачу комплексехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин музей схьаеллар, гIишло чохь хир ю, чохь дерриге а хьелаш долуш, хаза кечйина 100 хIусам, 500 номер йолу отель, панорамни масех ресторан, вертолетийн майданаш, офисаш, фитнес-туьшаш, бассейнаш.
С.ЛАЛАЕВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо