Электроэнерги тIехь кхоам бийр бу

   Нохчийн Республикин финансийн министерствон актови зала чохь, республикин финансийн министр Рассуханов Iусман куьйгаллехь а волуш, дIадаьхьира гIаланийн а, районийн а финансийн урхаллийн а, «Нурэнерго» компанин а, Правительствон тарифийн, механ комитетан а векалшца цхьаьнакхетар. Иза лерина дара 2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь электроэнерги яйъаран барам билгалбаккхарна.

   Шен къамелехь Рассуханов Iусмана билгалдаьккхира, махкахь кризис хилар бахьана долуш, республикин бюджетехь совнаха ахча цахилар а, бюджетера ахча мел кхочуш йолчу учрежденешна рогIерчу финансийн шеран ахчанан барам дIакхачийна хилар а.

Цуьнца доьзна, цхьаьнакхетарехь хьахийра гIаланашкарчу урамашкара чиркхаш буса (12 сахьт даьллачул тIаьхьа) дIадайъа дезаш хилар. Электроэнергих кхоам баран Iалашонца дан лерина иза.

– Кхечу мехкашкахь оцу хьокъехь долу хьал талла а теллина, вайн махкахь а мегар ду буса, билггал долу сахьташ къаста а дина, урамашкара чиркхаш дIадайъа. Вай иза дар бахьана долуш, электроэнергин кхоам бар а, цуьнца цхьаьна бюджетера ахча дайъар  лахдалар а хир ду. И гIуллакх  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош ду, цундела само а йина, оцу декъехь цхьа йист яккха декхарийлахь ду вай, – элира республикин финансийн министра.

И.ХАСАХАНОВ

 

№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: