Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нажи-Юьртан районехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира Нохчийчуьра латтанаш минех цIандаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цигахь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Правительствон Председателан заместитель – автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретарь Усмаев Вахит, цхьамогIа министерствийн, районийн администрацийн куьйгалхой, кхиберш.
Кхеташонан юьххьехь регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира бIаьсте тIе ма кхеччи аренийн белхаш дIаболо безаш хилар. Делахь а вайн эзарнаш гектараш дуьйш-лелош долчу лаьттах а, хьаннашкахь а адамийн дахарна, балхана кхераме йолу минаш а, лелхаш йолу кхин хIуманаш а ю. Цундела оцу хIуманех мелла а сиха цIандан деза вайн латтанаш. Оцу декъехь деш дерг довзархьама кхузахь вовшахкхеттачара ладуьйгIира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна хьехамче Ю.Торшине а, Къилба тIеман округехь минаш дIаяхаран а, латта лелхаш йолчу хIуманех цIандаран а оперативни тобанан куьйгалхочуьнга, гвардин подполковнике М.Моторине а.
«Республикера дерриге а латтанаш герггарчу шина шарахь минех цIандина довла дезаш ду. 2016-чу шеран 27-гIа январь тIекхочуш царах цIандина 9602,2 гектар майданашкара латтанаш. Оцу майданашкахь кара а йина, эккхийтина эккхарна кхераме йолу 9 857 хIума. Царах цIандан дезаш дерг дерриге а 22 150,3 гектар латта ду», – бохура М.Моторина.
Цо дийцарехь, цIандинчу латтанех хIинцале пайдаоьцуш бу юьртан бахаман хьашташкахь. Иштта минех цIанйина инвестицийн проекташ кхочушъян лерина йолу дуккха а меттигаш. Цуьнца цхьаьна, Нохчийчоьнан Правительствох дага а девлла, хIоттийна план ю. Цуьнца нийса а догIуш, хьалхарчу апрелехь юха а дIадолор ду вайн латтанаш минех цIандар. Оцу гIуллакхана аравоккхур ву 976 эскаргIуллакххо. Царах 600 нохчи хир ву. Царна тIехь хир ду лелхачу хIуманах уьш ларбийр болу духарш, «Уран-6» цIе йолу минаш лахаран робототехнически 60 комплекс. Цул совнаха, минаш дIайохучу подразделенешкахь хир ю бронированни машенаш, ИМР-3 машенаш. Минаш лахарехь дакъалоцуш хир ду леррина оцу гIуллакхана Iамийна долу жIаьлеш.
Цара бинчу балхана саперашна баркалла элира Р.Кадыровс. «Аш, баккъал а боккха болх бина. 2015-чу шарахь минаш дIаяхаран план 130 процентана кхочушйина. Иза жоьпаллин гIуллакх хилла Iаш дац, кхераме гIуллакх а ду. Нохчийн халкъана чIогIа оьшуш долу гIуллакхаш деш ду шу. Шайн тоьллачу эскархойн цIерш схьало, оха совгIаташ дийр ду царна», – бохура Кадыров Рамзана.
Кхеташонехь, цул совнаха, дийцаре дира лаьттан тIалам бан безаш хиларан хьокъехь долу гIуллакхаш. Лаьттан тIалам беш боцу арендаторш Iорабаха беза, цаьрга латтанех юьртан бахаман сурсаташ кхиорний бен пайдаэцийта ца беза. Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна хетарехь, тесна дуьтуш долу латтанаш фермершкара схьадаха деза, церан доладен долчаьрга дIадала деза уьш.
Р.Кадыровс хьахийра белхан меттигаш кхолла яккхий таронаш йолу лаьмнийн районаш кхиоран хьокъехь долу гIуллакх а. Цо дийхира и районаш кхиоран инвестицийн проекташ шена йовзийтар. Оцу гIуллакхана тIехь терго латтор цо тIедиллира Делимханов Адамна.
Д.АНАДЕВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо