Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо вара Грозненски районерчу Галнера Малаев Адам (Дала декъалвойла, х1инца воцуш ву иза).
Брестан гIопехь вара иза тIеман хьалхарчу деношкахь. «Ц1еран б1ар» аьлла исторехь цIе йоккхучу Брестан г1опехь хиллачу буьрсачу тасадаларшкахь дакъалаьцна Адама. Шен накъосташца цхьаьна, шегара доьналла а, стогалла а гайтина цо оцу халачу деношкахь.
Фашисташа гIопана бинчу гона юккъера аравала аьтто хилла Адаман. Делахь а дукха хан ялале йийсар лоцу иза.
Цул тIаьхьа даьхна шераш мостагIчо дIалаьцначу лаьтта тIехь а, Европин масех пачхьалкхехь а дIадахана цуьнан.
Миччанхьа а ша хиларх, нохчийн дог-ойла ца хуьйцуш, оьздангаллица, доьналлица чекхваьлла Адам, ша санна, лаьцна болчарна тешаме накъост а хилла.
Даймехкан тIом дIабаьлча, йийсарехь хиларна Сталинан Iедало, 25 шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийна иза.
Амнисти а яьлла паргIатваьлча, Казахстане хьовсийна болчу нохчашна юккъехь шен гергара нах схьалехна цо. Нохчийчу цIавирзинчул тIаьхьа дуккха а шерашкахь бухгалтеран болх бина Адама юьрта бахаман а, махлелоран а дакъошкахь.
Цунна дика дагабог1ура шен б1аьхаллин а, къинхьегаман а некъ. Хилларш дуьйцучу хенахь накъостийн ц1ерш, терахьаш, ша хилла меттигаш шерра юьйцура цо.
Цу халачу заманан теш ша хиларе терра, хилларг вайна довзийта лууш вара, Адам, иза шен коьрта декхар лорура цо.
М.АРСАНУКАЕВ.
Суьрта тIехь: Малаев Адам.