Дозанал арахьарчу пачхьалкхашца а, тоьллачу компанешца а, фирмашца а йолу зIенаш чIагIъяран декъехь хаддаза къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунна бIаьрла тоьшалла дара хIокху деношкахь цуьнан Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратерчу MAZKORP фирмин куьйгалхошца Соьлжа-ГIалахь хилла цхьаьнакхетар а, церан вовшашца хилла къамел а, цигахь бина сацам а.
«MAZKORP фирмин куьйгалхошца Хьелил Сухьаил Хьилал Рашин Iалмазроуэйца а, Ваель СаIабца а хиллачу цхьаьнакхетарехь оха дийцаре дира Соьлжа-ГIалахь исламан банк схьаелларан хьокъехь долу гIуллакх. Кхул хьалха оха хьехийна дара и гIуллакх. Ткъа хIокху цхьаьнакхетарехь къамелаш хиллачул тIаьхьа, тхан барт хилира проект кхочушъяр дIадолоран хьокъехь», – яздира Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа, инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Цо иштта тидам тIебахийтира Исламан банк вай долчохь схьаеллар Нохчийн Республикина доккхачу маьIне хиларна. Эмираташкара харжаш юкъа а озош, вайн республикехь дIахьош ду яккхий объекташ яр. Цунна новкъарло еш деккъа цхьа хIума дара – вай долчохь исламан банкаш цахилар. Оцу тIехь а вайн кестта аьтто хир бу. Дала мукъ лахь. Цул сов, MAZKORP фирма «Магнус-Соьлжа-ГIала» фармацевтан кластер ярехь дакъалаца лууш а ю, дуккха а гIаьтнаш долу «Ахмат-Тауэр» гIишло ярна юкъа билггал инвестицеш яхка дагахь а ю», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Дагадаийта лаьа, «Магнус-Соьлжа-ГIала» фармацевтан кластер ярна бух буттучу метте капсул йиллар дIадаханчу шеран декабрехь хилла хилар. Иза Заводской районехь йиллина. Молханаш деш йолу предприяти ярна къастийнарг 25 гектар латта ду. Иза яран белхаш дIаболийча, и меттиг кхин а 15 гектар шорйийр йолуш ю. Цунна юкъаяхка леринчу инвестицийн барам 16 миллиард сом бу. Оцу предприятехь арахеца лерина дуккха а препараташ: антибиотикашна, иммунорегуляторшна тIера радиофармацевтан молханашна тIекхаччалц. Цхьана шарахь 500 миллион (упаковка) ботт молханаш арахеца аьтто болуш хир ю завод. Оцу дерригенах а лаьцна дийцира Эмираташкарчу хьешашца хиллачу къамелехь.
С.ХАСАНОВ
№11, шот, чиллин (февраль) беттан 2-гIа де, 2016 шо