ВЛАДИКАВКАЗ. Кху шарахь Федеральни «Российская телевизионная и радиовещательная сеть» предприятис гIалахь ян йолор ю, 210 метр локхалла йолу бIов а йолуш, телевиденин керла станци. Билгалдоккхуш ду иза регионан пачхьенан шатайпана билгало хилла дIахIуттург хилар.
Цуьнан проекта тIехь беш болу болх кху шеран хьалхарчу кварталехь чекхбоккхур бу. Ткъа ша гIишло яр дIадоло билгалдина аьхке юккъе йоьдуш. Керлачу станцина харжаш ярна къастийна хила декхар ду 450 миллион сом гергга ахча. Иштта билгалйина станци гIуллакх дарна юкъаялоран хена – 2018-чу шеран чаккхе. Иза йина яьлча станцина гонахара меттигаш хазъеш-тояр а шена тIелаьцна предприятис. Проект хIоттош болчара чIагIдарехь, герггарчу хьесапехь 50 шарахь гIуллакх дийр ду цо.
Владикавказехь ян йолош йолу бIов шен локхаллица Останкински (540), Санкт-Петербургски (310), Новороссийски (261), Шуховски (150) бIаьвнийн могIаре хIуттур ю йина яьлча.
ПЯТИГОРСК. Кхузарчу гIалин библиотекехь хIокху деношкахь дIаяьхьира Россин культурин хьакъволчу белхахочун, Россин яздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхочун, А.Губинан а, Г.Лопатинан а совгIатийн лауреатан, хьехархочун Мосиенко Александран кхоллараллин суьйре. Цуьнан доттагIий, белхан накъостий, цо Iамийнарш, цуьнан похIмин мах хадош берш, кхоллараллин адамаш цига гулдаларан коьрта бахьана дара поэтан керла книга йовзийтар а, цуьнан 80 шо кхачар а.
ТIаьхьарлера книга арахецарехь, цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина ма-хиллара, «Пятигорский нарзан» санаторин генеральни директора Чумакова Татьянас, Пятигорскан Думин председатела Похилько Людмилас, Къилбаседа Кавказан «МИЛ» издательствон коьртачу редактора Иваненко Александра доккха дакъалаьцнера. Ткъа книгина юкъадахана суьрташ автора ша акварелца дехкина дара.
Юбиляр даггара декъалварца, цунна дуккха а совгIаташ дарца, цуьнан сийнна поэташа шайн стихаш ешарца, классикин музыкин мукъамашца чекхъелира суьйре.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо