Хьанна вевза Хьамзат?

ХIокху суьрта тIехь аьрру агIор верг тхан да Гантемиров Байтемар ву. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо хилла иза. 1942-чу шарахь Калугина а, Смоленскана а юккъехь йолчу Спасск-Деменскехь хиллачу тIамехь, еза чов хилла, воьжначул тIаьхьа, фашисташа йийсар вина Байтемар. Билггал цунах хилларг хIун ду ца хуучу тIеман командованис, хIара велла олий, тхан цIа хаам бо.ымвпцкуп

Бакъдерг 1947-чу шарахь гучуделира. Къоман мостагIий дина, Юккъерчу Азе дIакхалхийначу тхуна тIевеара Байтемар. ХIетахь хилла хазахетар, цецдовлар дийца дешнаш тоьар дац. Шен накъосташца цхьаьна йийсарера вада аьтто а нисбелла, Франце кхаьчна хиллера тхан да. Францин дуьхьалонан боламна юкъахь волуш, тIом бина фашисташца. Цунна тоьшаллина делла кехаташ хилар бахьана долуш, фашизм эшийначул тIаьхьа Даймахка цIа вирзина.

Делахь а, тхайн дех лаьцна деха дийцар яцара сан Iалашо, суьрта тIехь цуьнца цхьаьна волчу накъостах дерг хаа лаар яра. Тхан дас дийцарехь, Хьамзат хилла цуьнан цIе. Цунах иза маца кхетта а ца хаьа. ЧIогIа забаре а, доьналла долуш а стаг вара бохуш, вуьйцура иза дас. Хьамзатах а, цуьнан гергарлонах а хIума хууш стаг вуй-те Нохчийчохь? И хаа лууш яздо ас хIара кехат а.

   Нагахь ишттаниг велахь, доьху лахарчу адресца сайга хаам бар: Дагестан Республика, Казбековски район, Калинин-Аул. Тел: 8(928) 542-48-26.

 

ГАНТЕМИРОВ Индарсолта

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: