Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу гимназехь дешархошна довзийтира цIе яьлла меттиг хилча дан дезарг. Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин терго латторан а, профилактикин а белхан урхаллин хьаькаман заместитела Залаев Резвана дийцира шаьш бечу балхах лаьцна. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира, цIе яьлла бохам хиллачу меттехь болх сиха барал совнаха, нийса бан безаш хилар. Дуьйцург дешархошка дика схьалацийтархьама, хила тарлучун сурт хIоттош дийцира Р.Залаевс.
– ЦIеяларан сигнализаци хезначул тIаьхьа, шаьш чохь долчу гIишло чуьра арадовла деза. Коьрта тидам тIебахийта беза арадовларна. Ишттачохь кхералой, сихлой ша-ша хьалха аравала гIерташ хуьлу. Иза нийса дац. Вовшашна новкъарло ца еш, шишша цхьаьна волуш, аравала веза гIишло чуьра. Масала, школехь цIе яьлла меттиг хилча, дешархой шайн тIеюха а, концелярски а хIуманаш йитина, сихха арабовла беза. Ишттачохь хIора а минот мехала ю. Ткъа хьехархочо классан журнал схьаэца деза. ХIунда аьлча, дерриге а бераш арадевллачул тIаьхьа, «перекличка» ян еза хьехархочо, школи чохь цхьа а висний хьожуш. Нагахь санна, цхьа дешархо тIетоьаш ца хилахь, хьехархочо МЧС-н белхахошка сихха хаам бан беза. Чохь висинчу дешархочо шен накъосташка я хьехархочуьнга мобильни телефон тоха еза, ша волу меттиг юьйцуш.
Тайп-тайпана хила тарло ишттачу меттехь дешархо шеца долчу берех къаьстина тIаьхьависар. ЦIе марса яьлла, ара ца валалуш, кIуьрана са ца даккхалуш. Ишттачохь ша чохь волчу чоьнан неI тIе а къевлина, шен юьхьа тIе тIуьна горгам лаца еза, цул тIаьхьа, коре ваьлла, ша волу меттиг гайта еза, тIекхочучохь схьаэцна горгам я муьлхха бедар ластийна а, – бохура Залаев Резвана.
Инструктаж йинчул тIаьхьа, дийцинчух дешархой муха кхетта хьожуш, школехь цIе а яьлла, класса чохь дешархо ша цхьаъ висча санна сурт хIоттийра цара. Чохь висинчу кIанта ша волу меттиг хоуьйтуш, корехь цIен горгам ластийра. И гиначу дешархоша МЧС-н белхахошка хаам бира. ТIаккха Соьлжа-ГIаларчу Ленински районерчу цIеяйъаран-кIелхьарадахаран №1 йолчу декъан белхахошна, №1 йолчу гимназин гIишлонийн план шайна дика йовзаре терра, сихха схьакарийра дешархо.
Цхьаьнакхетар дерзош, МЧС-н белхахоша гайтира цIейойъу баллон муха лело еза. Иза лелон хаа дезар а, цунах пайдаэцарца жима цIе марса ца ялийта йиш хилар а билгалдаьккхира цара.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо