ГIиллакх хIора дийнахь, массо меттехь лелон дезаш ду. Вайн къам гIиллакхе, оьзда даима а хилла, цундела стаг гIиллакхах воьхна меттиг нисъелча, вайна новкъадогIу. Халахеташ делахь а, кхузаманахь ларамаза а нисло новкъахь вогIуш-воьдуш а, юкъараллин транспорта чохь а цхьаболчу кегийрхоша баккхийчу нахаца гIиллакх ца хIоттош меттигаш.
Иштта, цхьана дийнахь ТIехьа-МартантIехь лаьттара Соьлжа-ГIала яха езаш йолу маршрутка. Адамаш цу тIе ховшуш дара. Иза юьзина яцара, цу чохь 3–4 стаг бен вацара. Шена тIехьаьжча муьлххачо а «Ма эсала йоI ю иза» эр долуш цхьа йоI хьалаелира. Дукха хан ялале цхьа йоккха стаг а хьалаелира.
Циггахь, гена йоццуш хи духкуш туька яра. Арахь малх кхетта довха де дара. Шена мерза хи эца охьайоьссира йоI. Иза юха схьаеача цуьнан карарчу мерзачу хих бIаьрг кхийтира йоккхачу стеган. ГIийла, хи мала хьаьгна йолуш санна, дIахьоьжура йоккха стаг йоьIан карарчу хине. Иза баккъал хи мала хьаьгна йолчух тера дара. Масех минот яьлча, «Хьажа йоI, суна мала хи оьцур дарий ахь?», – бохуш, шен тIоьрмига чуьра ахча схьаоьцуш йоллура йоккха стаг. «Оьцур ду» аьлла, доцца жоп делира йоIа. Шега дIакховдийначу ахчане а хьаьжна, «Деца, хин шишанах 15 сом доьху дукха зама ма ю» шога йистхилира йоI. Маршрутки чохь мел верг оцу йоIе дIахьаьжира. «Суна-м ца хаьара иза, собар дехьа», – аьлла, тIеоьшу ахча дIаделира цо.
Хи а эцна, схьаеара йоI. Цо эцнарг мерза хи хиллера. «ЙоI, ас мерза хи эца ма ца аьллера хьоьга», – гIийла йистхилира йоккха стаг. ЙоIа цунна деллачу жоьпо верриге а цецваьккхинера. «Деца, хьайна мерза хи ца дезахь, охьа а йоссий айхьа хийцахь иза, гена яха дезаш а ца хилча», – олуш, тIечевхира иза. Маршрутки чохь Iачу нахана чIогIа цадезаделира йоIа аьлларг. «Йоккха стаг ма ю иза. Баккхийчаьрга иштта вист муха хир ву?! «Ма гIиллакх дац хьоьгахь», – бохура наха.
ЙоIана уьш лен буьйлабелча, йоккхачу стага меллаша элира: «ЙоI, бехк ма биллалахь суна». ЙоIа иза тергал а ца йира.
Халахета и тайпа сурт гича. Тахана къона хиларх, гIора хиларх, кхана къаналла тIекхочур юйла хаьа деза вайна. Урам – новкъахь вогIуш-воьдуш воккхачунна некъ битарх, автобуса чохь воккхачунна меттиг яларх, баккхийчара де аьлларг дарх, «гIиллакх долуш ву» алар бен хуьлуш зен ца хилча, баккхийчу нахаца гIиллакхе хила хьовса дезара вай. Делера ял, нахера баркалла хиларе сатуьйсуш ваха везара вайх хIора а. Иза карор дара.
З.ЛОРСАНОВА
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо