Итум-Кхаьллахь дIадаьхьира

греко-римски кепара охьатохархлатаран къийсадаларш

  ХIокху деношкахь Итум-Кхаьллахь дIадаьхьира кхиазхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатаран къийсадаларш. Нохчийн Республикин физкультурин а, спортан а гIолацаран фондо вовшахтоьхнера уьш. Цуьнан президент Темишев Iадлан ву. Турнир дIаяхьаран Iалашо яра кегийрхошна спорт марзъяр.

Къийсадаларшкахь дакъалецира Республикин берийн-кхиазхойн спортан школерчу (РДЮСШ), районашкарчу берийн-кхиазхойн школашкарчу (ДЮСШ) кхиазхоша.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь 1-ра меттигаш ехира М.Имадаевс (21 кг) – Итум-Кхаьллара ДЮСШ, М.Тоубулатовс (24 кг) – Заводской районера ДЮСШ, Р.Гайрбековс (28 кг) – Ленински районера ДЮСШ, М.Брежневс (30 кг) – №3 йолу ДЮСШ, А.Арбиевс (32 кг) – №4 йолу ДЮСШ,  А.Алимхановс (35 кг) – Заводской районера ДЮСШ, М.Арбиевс (38 кг) – №4 йолу ДЮСШ, Т.Дадаевс (42 кг) – №4 йолу ДЮСШ, Р-А.Джамулаевс (46 кг) –  «Шуьйта» спортан клуб.

Толамхошна мидалш а, дипломаш а делира.

БАЙБАТЫРОВА Милана

 

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: