«ПохIме бераш – 2016» Ерригроссин форуме кхойкху нохчийн кегийрхой

«Ненан мотт – Даймехкан бух» аьллачу кхайкхамца дIахьур ю конкурс хIокху шарахь. 19-гIа шо ду форумо и тайпа мехала болх дIакхоьхьу (дIадаханчу 18 шарахь 100 эзар сов беро дакъалаьцна форумехь). Цуьнан коьрта Iалашо ю похIмечу берашна региональни, федеральни Iедалехула гIо дар.

Иштта, Ерригроссин къаьмнашна юкъара «ПохIме бераш» форум кхиазхой а, кегийрхой а массо агIор кхиорна лерина а ю.

Цу юкъахь дакъалаца таро хир ю Россин ерриге а регионашкарчу, СНГ-н пачхьалкхашкарчу школийн, гимназийн, лицейн 1-11-чу классашкарчу, колледжийн, берийн кхоллараллин цIенойн, искусствон школийн  дешархойн.

Шена еза корматалла харжа йиш йолу 21 номинаци йогIу форумна юкъа. Царна юкъахь: хьафизаш, къоначу журналистийн союз, юристийн «Шерлок Холмс» клуб, къоначу историкийн клуб и.дI.кх.

Форуман дакъалацархоша язйо:

1.            Форуман кхайкхамна лерина эссе (шайн ойланаш);

2.            Шайна харжа луучу корматаллех лаьцна рефераташ;

3.            Форуман кхайкхаман маьIна схьадоьллуш плакаташ кечдо;

4.            Шайн харжа луучу корматаллех лаьцна дуьйцу;

5.            Форуман кхайкхамна лерина театран-музыкин композицеш кечйо;

6.            Шайна харжа луучу корматаллех лаьцна бевзачу нехан цIарах монолог язйо;

7.            Шайна харжа луучу корматаллех лаьцна кхоллараллин белхаш кечбо.

Форум 3 турах лаьтташ хир ю. 1-чу турехь регионийн, гIаланийн, школийн форумаш дIахьур ю. 2-гIа харжаман тур 23–25-чуй мартехь дIахьур ю, тIаьххьарлера – 27-чу мартехь Москвахь хир ю.

Форуман жюрина юкъахь дакъалоцуш хир бу кхоллараллин союзийн куьйгалхой, академикаш, профессорш, халкъан артисташ, суьрташдахкархой, культурин хьакъболу белхахой, шуьйрачу хаамийн гIирсийн изданийн коьрта редакторш.

2016-чу шеран 21-чу майхь Россин Iилманийн академин «Академически» концертни залехь лауреаташ билгалбахаран даздарш дIахьур ду. Лауреаташна дипломаш, кхидолу совгIаташ лур ду Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа, Россин федеральни гуламан Федерацин Советан декъашхоша, иштта Россехь бевзачу наха. Ткъа царна юкъара уггаре а похIме берш Россин Федерацин Президентан совгIатца билгалбохур бу, иштта «Россин къона похIманча» орденш а, Ерригроссин берийн «Орленок» садаIаран санаторе маьхза путевкаш а лур ю царна.

Кхин тIе оьшу хаамаш бовза йиш ю форуман сайта тIехь: www.globalkid.ru. Конкурсехь дакъалацарна заявкаш дIатаса хIокху электронни адресашца: apatenko1944@mail.ru, globalkid@mail.ru

 

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: