Лераме журналисташ!

Экстремизмана а, терроризмана  а дуьхьал профилактика яран декъехь дIахьош ю «Терроризм – бохийна кхолламаш» темина статьяш язъяран конкурс.

    Конкурсехь дакъалаца таро ю республикин тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкарчу журналистийн а, блогерийн а.

    Конкурсе дахкийтинчу белхийн мах хадорехь коьртачех ду:

  — чулацам темица богIуш хилар;

 — ойланехь кхоьллина турпалхой а ца буьйцуш, баккъал а болуш болчу нахах лаьцна (терроризм бахьанехь хан тоьхнарш я «ИГИЛ» тобана юкъабахнарш) дийцар;

 — автора материалехь шен граждански жигаралла гайтар.

   Шайн статьяш, (авторан фамили, цIе, ден цIе, вина шо, белхан меттиг, телефонан номер а язъяй), хIокху электронни адресца схьатаса:

pressa_777@mail.ru

    Шаьш конкурсе материал дIатасаран хьокъехь хIокху номерца хаам бе: 8 (8712) 62 84 89.

    Материалаш тIеоьцу 2016-чу шеран 27-чу январера 27-чу феврале кхаччалц.

 

Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехула йолчу Дозанерчу урхаллин пресс-служба

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: