(Вахидов Бай-Iелин 65 шо кхачарна лерина)
1973-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикерчу гIалгIайн кегийрхойн тоба яра Ленинграде деша яхийта вовшахтухуш. Царна пхеа шарахь деша билгалъяьккхинарг СССР-хь тоьллачарех цхьаъ йолу театральни институт яра. Кегийрхойх герггарчу заманахь артисташ бан а, гIалгIайн къоман, гена дIа ца тоьттуш драматически театр схьаелла таро хилийта а тIелоцуш бара СССР-н халкъан артист Меркурьев Василий Васильевич, цуьнан хIусамнана Ирина Всеволодовна Мейерхольд. Шен заманахь дуьненахь гIараваьлла вевзаш хиллачу режиссеран Всеволод Эмильевичан йоI яра Ирина Всеволодовна. ХIоранга лерина ладугIуш, церан амал, хьуьнар, куц-кеп тидаме оьцуш гулйира, Ленинградера баьхкинчу хьехархоша, шаьш Iамо тIелаьцна тоба. 40 гергга стаг вара цара къастийнарг. Нохчийн масех стаг нисвеллера цу тобанна юккъе. Царах цхьаъ вара тахана вай шех лаьцна къамел дан лерина волу Вахидов Бай-Iела.
Вахидов Бай-Iела Ленинградерчу театральни институте деша воьдуш юккъера школа чекхъяьккхина, шина шарахь эскарехь гIуллакх дина, мелла а заводехь болх бан ларийна, кхиъна ваьлла жима стаг вара. Цундела хила там бара хьекъална, гIиллакх-оьздангаллина, дешар тIехь собаре хиларца, дикачу агIор къаьсташ иза хилар. 1973-чу шеран сентябран хьалхарчу деношкахь дара Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхойн тоба Ленинграде дIакхаьчча. Институтан куьйгалло цхьа экзамен ялар тIедожийра кегийрхошна. Оьрсийн маттахь сочинени язъян езаш бара абитуриенташ. Муьлхха а абитуриенташ санна, ийзалуш бара дIаяла езачу экзаменах. Дукхахберш ярташкахь дешна хиларе терра, оьрсийн мотт хаар ледара долуш бара. Оцу йоккхачу тобана юкъахь, цхьа а гIалат доцуш сочинени язйинарг Вахидов Бай-Iела вара. Хьалххе язйина ваьлла, кхечарна гIо дан а ларийра иза. Институтан хьалхарчу курсехь дуьйна тоьллачарех студент ларалуш вара Вахидов Бай-Iела. Цо цкъа а юкъах ца юьтура цхьа а лекци. КIорггера, боккхачу лаамца Iамайора актерана мел оьшу говзалла: хелхар, вокал, дикци, фехтовани, иштта дIа кхин а. Мел ду уьш дикачу актерана хаа а, довза а дезарш. Церан духе кхиа цкъа а мало йина вац студент, Вахидов Бай-Iела, я, харцхьа лелаш, хьехархойн са диъна вац. Жимачохь дуьйна сатийсинчу Iалашоне кхача дукха къахьегна, цу муьрехь хIора студентан дахарехь нислуш хилла халонаш ловш, караерзийна тахана шен лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла.
1978-чу шарахь дешна яьлла Нохч-ГIалгIайчу цIайирзира вайнехан кегийрхойн тоба. Немцойн драматурган Шиллер Фридрихан «Ямартло а, безам а» цIе йолу драма яра цара дипломни спектакль санна хIоттийнарг. Коьртачу ролехь вара Вахидов Бай-Iела. Президентан кIентан Фердинандан роль ловзош вара иза цу спектаклехь. Соьлжа-ГIала цIаяле Ленинградехь институтан сцени тIехь гайтира кегийрхоша спектакль. Амма студентийн спектакль ю аьлла дIа ца тоттуш, дукха хьовсархой гулбеллера цуьнга хьовса. Репетицешкахь дуьйна гIараяла йоьллера вайнехан студенташа хIоттош йолу спектакль. Къаьсттина дукха хабарш хезара коьрта роль ловзочу къоначу актеран похIмех. Вахидов Бай-Iела сцени тIе ваьлча, моьттур дара иза XVIII-чу бIешарахь Германехь вина, кхиъна, ваьхна ву. Оццул говза сурт хIоттош, тешабора цо хьовсархой сцени тIехь ша дечух а, дуьйцучух а. Фердинандана хьаьхна хьоладайн моттаргIанаш, церан шалхонаш, ямартлонаш. Иза воккхаве Луиза Миллер шена евзина хиларх. Къечу музыкантан йоI елахь а, Луизин синондалло, нуьцкъалчу амало йийсаре лаьцна кIант. Ден хьал-бахам дIатесна, иза реза ву Миллер Луизица шен кхоллам боза, дерриге дахар а цунна дIадала. Амма питанаший, эладитанаший сийсочу президентан кхерчахь, гечо карадо деза ши адам вовшахдаккха. Къаьхьачу ямартлонца юккъе эладита хьовзадо Луизиний, Фердинанданий. Къастаро Iовжаво кIант. Амма ерриге а спектакло, актеран похIмечу ловзаро кхойкху цIена безам ларбаре, дахаран массо а мIаьргонца цунна гIаролехь латтаре, шалхонех, моттаргIанех къахкаре. Иштта боккхачу кхиамца чекхъелира Ленинградехь дешна бевлла, цIабирзинчу кегийрхоша хIоттийна спектакль, Советийн Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран сцени тIехь а. Гуш дара, вайнехан театран хьаьрмахь керла «седарчий» хьалалата «карзахдевлла» хилар. ЦIена, оьзда, кIорггера хаарш долуш, хьомечу халкъана шайн сирла синош ца кхоош, хьанала къахьега кийча кегийрхой бара, вайнехан къоман театран кхоллараллин тоба стамйинарш. Царах цхьаъ вара, бераллехь сатийсинчу дикане кхаьчна, кхиамца актеран говзалла караерзийна, цIавирзина Вахидов Бай-Iела. Иза хьаьгна вара балхах, цуьнан сакIамлора шен хьуьнар, актеран таронаш зен, керла васташ кхолла, хьовсархойн дог эца. Цундела сутара тIевула Вахидов Бай-Iела балхана. Дукха хан ялале кхин цхьа хазахетар хилира Бай-Iелина а, кхиболчу берриге а актерашна а. 1979-чу шарахь эххар а йина елира театран керла гIишло. Цу муьрехь Соьлжа-ГIалахь болх беш кхоъ драматически театр яра: оьрсийн, нохчийн, гIалгIайн. Уьш кху керлачу гIишлочу дIакхелхира. Цкъа а, цхьанна театрехь гина йоцчу эвсараллица болх дIаболийра кхаа тобано. Нохчийн къоман труппица «Буратино» спектакль хIотторца, дIаболийра режиссера Хакишев Руслана театран керлачу хIусамехь болх. Оьрсийн гIараваьлла вевзачу яздархочо Толстой Алексейс цкъа мацах яздина туьйра дара «Буратино» спектаклан бухе диллинарг. Вахидов Бай-Iела Артемонан роль ловзош вара. Коьртачарех роль яцара аьлла мал ца луш, къегина васт кхоьллира къоначу актера, режиссера шена хьалха хIиттийначу декхаршца тIехдика ларош. Цул тIаьхьа а кхечу масех спектаклехь иштта эпизодан ролаш ловзайо Вахидов Бай-Iелас «Лениниана», «Маленькие трагедии» иштта дIа кхин а. Амма роль мел жима елахь а, актеран ницкъ кхочура шен турпалхочунна хьовсархойн тидам тIеозо, «чомехь» васт кхолла, цуьнан амал яста. Кхузахь уггаре а хьалха орцахдовлурш актеран кIорггера хаарш дара, литература йовзар, цунна тIехь ойла ян само хилар а дара. Муьлхха а васт кхуллуш цхьа пьеса ешна ма ца Iа бакъволу актер. Цо сюжетехь юьйцучу хенах дерг Iамадо, цу муьрехь даьхначу адамийн ойланаш йовза гIурту, заманан лехамашна духе кхиа лууш къахьоьгу. ТIаккха кхоллало дуьззина васт, хьовсархой цунах тешош. Вахидов Бай-Iелас юьхьанца дуьйна даима бо иштта болх. Хетарехь, вайнехан театр евзаш, езаш волчу стагана цкъа а дицлур дац цо кхоьллина Чаборзан васт. Нохчийн режиссера Солцаев Мималта хIоттийначу «БIешерийн боданера» цIе йолчу спектаклера, коьртачу турпалхойх цхьаъ ву Чаборз. ГIалгIайн воккхачу яздархочо Базоркин Идриса язйина «БIешерийн боданера» цIе йолу роман йоьшуш вевзинера вайна и турпалхо. Вайнехан театро и роман спектакле ерзорах боккха кхаъ хиллера махкахошна. Дукха говза актераш бара спектаклехь дакъалоцуш. Вайнехан къоман театран исторехь, мах боцу беркат хилла, яха йисинчарех цхьаъ ю «БIешерийн боданера» цIе йолу спектакль. Вахидов Бай-Iелин похIмин доккха дакъа ду цу кхоллараллин толамна юкъахь. Цо кхоьллина Чаборзан васт хьовсархой ойлане баха ницкъ кхочуш, еххачу ханна церан дегнашкахь сирла лар йитинчарех дара.
Дукха хан ю испанхойн поэта, драматурга Федерико Гарсия Лоркас язйина «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу драма Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу нохчийн къоман драмтеатран репертуарехь йолу. Тахана ерриге а Россехь, тоьллачарех цхьаъ ларалуш волчу режиссеро Хакишев Руслана цкъа мацах хIоттийна дипломни спектакль ю иза. Цул тIаьхьа, хьовсархоша езаш тIеэцарна, кест-кеста карлайоккхуш, схьайохьуш ю и спектакль. Вайна дукха артисташ гина Леонардан ролехь. Давлетмирзаев МутIелип, Омаев Дагун, Идаев Юсуп (Дала гечдойла цунна). Вахидов Бай-Iелас гайта дисина хIума ду моьттуш бацара хьовсархой «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль карлаяккхарехь, Леонардан роль цунах тешош ю аьлла хабарш даьржича. Амма, сцени тIехь йохучу хьалхарчу гIулчашца, цкъа а спектакль ца гича санна, хьовсархой йийсаре лецира похIмечу актеран шовкъечу ловзаро. Гуш дара, генна синкIоргенехь тебначу дегаIийжамо цуьнан садууш хилар. Актеран бIаьргашчуьра Iанаоьхучу шийлачу гIайгIано орца доьхура цуьнан хаддаза лозучу дагна. Цаваьллачу денна нускал далийна цо. Доьзалехь кхуьуш кIант ву. Ткъа безам!? Иза дIабаьлла бац. Цхьацца декъазчу бахьанашна херо йоьлла дезачу шинна юккъе. Цкъачунна. Амма еза йоI къонахчо кхечунна дIалур ю бохург аьттехьа дац. Цунах хьовсархой кхета цIий Iанале дуккха хьалха. Леонардан ши бIаьрг айкхбелира цунна Вахидов Бай-Iелин ловзарехь. Езнарг марейоьдуш хиларах хабар схьакхаьчначу минотехь ткъес санна серла девлира уьш, турпалхочун дагчу кхетта ов куьзганахь санна схьагойтуш. Иштта хьуьнаре актер ву вайн турпалхо. Дош багара далале, ницкъ кхочу цуьнан яйчу уьшаршца, исбаьхьачу ловзаран кепаца турпалхочун синахаамаш бовзийта.
Вахидов Бай-Iелин кхоллараллех дуьйцийла яц, вайнехан хьовсархошна массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттинчу актера, Iаламат боккхачу кхиамца кхоьллина Мухтаран васт ца хьахош. Нохчийн къоначу режиссера (Дала гечдойла цунна) Гузуев Хьусайна хIоттийначу «Пелхьонаш» цIе йолчу спектаклера коьрта турпалхо вара Мухтар. Цхьана а кепара шеконаш йоцуш «Бож-Iела» спектакль дIаяьллачул тIаьхьа, «Пелхьонаш» спектакле кхоччуш, хьовсархоша езаш тIеэцна. Иштта самукъане спектакль вайнехан сцени тIехь хилла яц. Гацаев СаьIидан (Дала гечдойла цунна) изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна яра и спектакль. Зевне мукъамаш, халкъан забарш, литтина деши санна, цIена нохчийн мотт, похIмечу актерийн исбаьхьа ловзар – и дерриге дара «Пелхьонаш» цIе йолчу спектаклехь. Мел хьежарх а кIорда ца йора иза. Дог ир-кара хIоттадора цо, ойла тIома йоккхура. Иштта синондалла, нуьцкъала амал, ира забар йолчу къомах хьуо схьаваьлла хиларх дозалла дойтура. Къаьсттина хьовсархошна дукхаезачарах, Iаламат дика тIеоьцучарах яра Мухтара зударий буьту сцена. ХIумма а Мухтарал тIаьхьависа дагахь цуьнан сцени тIера партнер ТIалаб вацара. ТIалабан роль ловзош Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран вара. Вайна хьалха а гинера и ши актер забаречу суьрташкахь цхьаьна болх беш. Цкъа а йицйойла дац «Зайт Шихмирза» цIе йолчу спектаклехь цу шимма ловзийна жухаргийн ролаш. Цундела ваьшна и похIме актераш, церан доза доцу таронаш евза аьлла хеташ долчу вайна, дагахь доцу хазахетар деара цу шимма «Пелхьонаш» цIе йолчу спектаклехь. Цхьа тайна кхоьллина васташ, хореографига хьалагIерташ актерийн пластика, пьесин авторо схьакховдийна забаре хьелаш сица къобалдина тIелаца хаар, хьовсархой царах тешо ницкъ кхачар, толкха лелхар доцуш, цIена, шера буьйцу ненан мотт – оцу дерриге а хазйинера «Пелхьонаш» спектакль, самукъанечу басарех хьалаюзуш. Мухтара шен хIусамнана йитарх-м цхьа а цецвериг хир вацара. Амма дагахь доцуш хIоьттинчу дахаран киртигах самукъадаьлла, качъелла вешин зуда, цунна тIаьххье, ши нус йитарх там хилла шен нана юьту турпалхочо. Цхьацца зуда кочара моссаза ели дагна хьаам хуьлий, цхьа тамехь букара бухь бугIуш, каде хелхарна хьаьвза актер, ша везаш васт кхоьллина турпалхочух хьовсархойн самукъадолий хууш. Кхин цхьа а роль Вахидов Бай-Iеласа ловзийна ца хилча, исбаьхьа кхоьллина Мухтаран васт бахьанехь, хьовсархойн дегнашкахь дехар дара актеран сирла амат. Амма цо дукха васташ кхоьллина. 40 шо гергга хан ю иза Нохчийн Республикин театран сцени тIехь болх беш волу. Тахана вайн махкахь масех йолчу театре дехьа-сехьа валар нисделла цуьнан. Оьрсийн драмин театрехь болх бина. Фильмашкахь дакъалаьцна. Делахь а, Вахидов Бай-Iелас цкъа а диц ца дина ша нохчи хилар, нохчийн къоман дуьхьа ша къахьоьгуш хилар. ХIора суьйранна, диллинчу сохьтехь сцени тIе ваьлла актер шен махкахойн самукъадаккха, церан дог эца, сирла ойланаш алсамъяха. Цу тIехь актеран дика аьтт баьлла. Хьовсархоша иза везаш тIелаьцна.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь къинхетамза Нохчийчу хьаьвзинчу сингаттамех, дерриге а халкъана санна дакъа кхечира Вахидов Бай-Iелина. Иза шен кхерчах, хIусамехь хиллачу сал-палх велира, дог Iовжош иэшамаш хилира. Мел хала хиллехь а, яхь дIа ца луш, лайра актеро и сингаттамаш. Иза кхин а чIогIа балхана тIевуьйлира. Буьрсачу заманан шийла денош дара режиссера Хакишев Руслана нохчийн къоман драмтеатран сцени тIехь, «Жима эла» спектакль хIоттош. Къизачу тIамо къинхетамза йохийначу гIишлона театр ала хала дара. Массо маьIIехула чу оьхуш ладарш дара, автобусан социйлехь санна, херонашкахула чухьоькхуш мох бара. Амма актераш къар-м ца белира. Хьовсархошна мерза кхаъ хилира луьрачу тIеман кхийсаршна юккъехула «Жима эла» спектакль театро хIоттийча. Французийн яздархочо Антуан Сент-Экзепюрис язйина и повесть нохчийн матте яьккхинарг Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча вара. Летчикан роль яра Вахидов Бай-Iелех тешийнарг. Цо иза дика ловзайира. Сирла ойланаш кхуллуш спектакль яра «Жима эла», къоман кханенах дегайовхо чIагIйора цо, тIамо хьаьшна ойла гIаттайора, диканах, къинхетамах тешавора. Авторан ойланаш шен экамечу сица луьттуш, цIийца лозуш волчу актеро гуш йоцу зIе тосура хьовсархойн дегнашка, шовкъечу ловзарца тешабора муьлхха адам диканна Дала кхоьллина хиларх. Муьлххачу стеган дикачу гIуллакхаша дуьнен чохь еххачу ханна беркате лар юьтуш хиларх а. Боккхачу кхиамца чекхъелира нохчийн къоман сцени тIехь «Жима эла» спектакль. Хьовсархоша иза езаш тIеэцар, летчикан роль ловзийначу, Вахидов Бай-Iелин лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла яра. «Жима эла» спектакло гайтира хIинца дахарехь, балха тIехь алсам зиеделларг долуш волчу Вахидов Бай-Iелех кхиъна ваьлла актер хилла хилар. Муьлхха роль ловзо гуьнахь долуш, ша говза кхуллучу вастийн чулацам хьовсархойн синкIоргене дIакхачо мел оьшу корматаллин таронаш йолуш.
Нохчийн Республикин оьрсийн драмин театрехь Вахидов Бай-Iелас кхиамца ловзийначу ролех цхьаъ ю Городничийн роль. Иза гIараваьлла вевзачу оьрсийн яздархочо Гоголь Николай Васильевича язйинчу «Ревизор» пьесин турпалхо ву. Россин искусствон хьакъволчу гIуллакххочо режиссера Поглазов Владимира хIоттийра «Ревизор» спектакль, Соьлжа-ГIаларчу театрехь. Нохчийн Республикин культурин министерствос леррина Москвара кхайкхина валийна вара иза цу мехалчу балхана. Вайна ма хаъара, пьеса дуьненна евзаш ю. Цундела мухха хIоттийча а, цу юкъахь керланиг гур ду бохучух теша Iаламат хала дара. Амма Хлестаковн роль ловзийначу Исламгереев Аптис, Городничийн васт кхоьллинчу Вахидов Бай-Iелас шайн шовкъечу ловзарца цецбехира хьовсархой. Гуш дара оьрсийн литература езаш, лоруш волчу Вахидовс кхоччуш болх бина хилар, кхуллуш долу васт мелла а керла хIуо детталуш хилийта. Актера къегина басарш ца кхоийнера ша кхоьллина васт беламе даккха, цунах хьовсархойн самукъадаккха. Цундела, доккха совгIат хилла дIахIоьттира «Ревизор» спектакль. Цу муьрехь, кога яха ка-мIараш еттачу оьрсийн драмин театран кхиам лара мегар долуш. Цу кхиамах доккха дакъа Вахидов Бай-Iелин хьуьнарех дозуш дара. Даима санна, шена дукхабезачу белхан тешаме лай хилла чекхвелира иза «Ревизор» спектаклехь а. Оьрсийн драмин театрехь актера кхиамца кхоьллинчу вастех цхьаъ ду, режиссера Марисултанов Iелас хIоттийначу «Хьесапца дина захало» (Брак по расчету) спектаклера Вахидов Бай-Iелин «инарла», аьлча, а Федор Яковлевич Ревунов-Караулов. ГIараваьлла вевзачу оьрсийн яздархочун Антон Павлович Чеховн ши дийцар вовшахтесна режиссера Марисултанов Iелас кечйина сценари яра спектаклан бухе йиллинарг. Автора дийцарехь, ЖигаловгIеран йоI Дашенька къанлуш лаьтта, маре йига стаг ца волуш. Эххар а карийна нуц Апломбов цхьацца бахьанаш лехьош ву, нускал дола ца доккхуш. Ца хуьлучу даьлча, цо стунцахошна тIедожадо ловзаргахь инарла хилийтар.Нюнин Андрей Андреевича шена тIелоцу мах белла инарла ловзарга валон. Стунанас делла ахча кисана дуьллий цо 2-чу рангера капитан Федор Яковлевич Ревунов-Караулов валаво тойне. Ткъа 2-чу рангера капитан мел чIогIа васхала ваккхарх, подполковникан чине бен ца кхочу. И ямартло ловр йолуш вац нуц. Иштта доха карзахдолу хила герга дахана захало. Тахана а кест-кеста дахаран массо маьIIехь ган тарлучу моттаргIанашна, шалхонашна, цIар-хазмана лелочу хIуьмалгашна дуьхьал къийсам латторе кхойкхуш яра «Хьесапца дина захало» цIе йолу спектакль. Цара цкъа а дикане кхачош цахиларна къеггина тоьшалла дара ерриге а спектакль, коьртачу турпалхочун 2-чу ранган капитанан Ревунов-Карауловн васт Вахидов Бай-Iелин говза ловзор. Воккха миска ву цуьнан турпалхо, делахь а, цуьнгахь хIинца а синондалла, доьналла ду муьлххачу моттаргIанех къахка, шен сий лардан а. ХIоранга иштта хиларе а кхойкху актера шен дерриге а ловзарехь. Дика актер ву Вахидов Бай-Iела. Хастам хиларо АллахI-Дала, къеггина похIма деллачарех цхьаъ ву иза. Актеро ловзийна массо роль а цунна тоьшалла ду. ХIора актеран санна, Вахидов Бай-Iелин а ю кхиаман гIушлакхе иза кхачийна роль. Иза цо кхоьллина Таймин Биболатан васт ду. (Дала гечдойла цунна), Россехь тоьллачу пхеа режиссерана юкъахь цIе йоккхуш хиллачу Солцаев Мималта язйина, цо хIоттийна хиллачу «Рыцари Кавказских гор» цIе йолчу спектаклехь вара Вахидов Бай-Iела Таймин Биболатан роль ловзош. XIX-чу бIешарахь ваьхна, нохчийн къоман доладан гIиртина халкъан турпалхо ву Таймин Биболат. Цуьнан синондалла, нуьцкъала амал, ша схьаваьллачу къоме болу безам, ира хьекъал, яхь, доьналла, майралла гайтира похIмечу актера, ша кхоьллинчу турпалхочун вастехь. Ткъа уггаре а коьртаниг Таймин Биболат маслаIате стаг хилар гайтира актера, Россица иза машар лоьхуш хилла хилар гайта ницкъ кхечира. 2007-чу шарахь Новочеркаскехь дIаяьхьначу Ерригроссин театральни фестивалехь гайтира «Рыцари Кавказских гор» спектакль. Россин ерриге а регионашкара яьхкина дукха театраш яра цу фестивалехь дакъалоцуш. Амма, жюрис цхьабарт хуьлуш, хьалхарчу меттигна хьакъ леринарг вайн махкахоша гайтина «Рыцари Кавказских гор» цIе йолу спектакль яра. Иштта билгалбаьккхира цигахь Нохчийн Республикин халкъан артиста Вахидов Бай-Iелас бина болх. Таймин Биболатан роль дукха дика ловзорна Сийллалин грамота, мехала совгIат дира цунна. И санна йолу юьхькIоме киртигаш алсам хилла Вахидов Бай-Iелин дахарехь. Вайх хIорамма а шех дозалла дан хьакъболчу актерех цхьаъ ву иза. Хаддаза, кIад ца луш къахьегаро кхачийна актер шена хьакъдолчу сийлалле.
Дуьззина хир дацара аьлла хета Вахидов Бай-Iелин кхоллараллин сурт, Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан драматурги тIехь цо бина болх ца хьахийча. Иза уггаре а хьалха «Марчо эца вахнарг» цIе йолу спектакль ю, хIоттийнарг режиссер Ахмадова Хьава йолуш. Дукха хан йоццуш, вайн къоман исторехь хилларш ду пьесин автора, цунна тIаьххье спектаклехь дакъалоцучу актераша, беламе даьккхина, хьовсархойн кхиэле диллинарг. Цхьана генарчу юьртара вахархо Барза ву спектаклан коьрта турпалхо. Телевизор чохь дуьйцучу хабарша дайн оьздачу гIиллакхашна бIостанехьа берза кечбеллачу доьзало карзахваьккхина иза. Эххар а, хIусамненан Iиттарша, берийн дехарша бIарзвой, хьаналчу къинхьегамо, зовкхе кхачийначу оьздачу дахаран къилбанах тилавой, Соьлжа-ГIала ваха новкъаволу Барза «хIонс» лаха. Ткъа цигахь кIеж туьйсуш кхехкаш керла дахар ду, «сирлачу анайисте» кхойкхуш. Керла дахар долчохь керла безам хаало. Ша-шаха тIегIертачу ирсах къехккал сонта вац Барза. Дицло цIа, доьзал, хьаьжкIаш чуерзо еза керт, Iаьнаха даха деза бежанаш. Говза гойту актера шен турпалхочун амал, сих ца луш, цхьацца гIулч йоккхуш досту цо амалан хьуламехь долу «тоьганаш». Юьхьанца – Барзин Iехавалар, тIаккха – цуьнан ойлане валар, эххар а – дохковалар. Нохчийн халкъан юьхьанца аьрго хилла синкхетам гойтуш санна, хетало актера шегахь йолчу таронца. Актера басарш ца кхоадо къомана юкъайоьлла эвхьазалла гойтуш а. Къаьсттина хьовсархойн самукъадоккхуш ду «нохчийн ТВ-хь» революцийн мурдаша ден къамел. Хийла вайна гина суьрташ ду уьш. Шен хеннахь вай ца кхетарна, халкъана бале девлла суьрташ ду. Вахидов Бай-Iелин ловзар бахьанехь хаъал серлаяьлла, хьовсархоша езаш тIеэцначарех ю «Марчо эца вахнарг» цIе йолу спектакль. Комически хоршахь шен турпалхочун васт актера кхоьллинехь а, мел чIогIа хьовсархой спектаклехь белахь а, иза чекхъяьлча кхета ойлане ваьлларг «Марчо эца вахнарг» трагикомеди хиларх, дукха хан йоццуш и дастаме суьрташ вайн дахар сийсош хилла хиларх а. Актеран говзалла, хьуьнар ду хьовсархой ойлане баха ницкъ кхочург.
Тахана Советийн Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу къоман драмтеатрехь болх беш ву Нохчийн Республикин халкъан артист Вахидов Бай-Iела. Кхоллараллехь гIеметтахIоттарца тIекхечи иза шен 65 шо кхачарна.2016-гIа шеран 4-чу февралехь кхочу Бай1елин 65 шо. Дукха ролаш ловзийна цо вайнехан театрийн сценаш тIехь. Уьш 100 сов ю. Царах хIора а хьовсархойн дегнашка кхочуш, церан ойланаш цIинъеш, дикане кхойкхуш, сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш ю. ХIора суьйранна, диллинчу сохьтехь, хьовсархойн самукъадаккха йолчу Iалашонца, актер сцени тIе воьху кестта 43 кхочур ду. Хьаналчу къинхьегамах юьззина ю Вахидов Бай-Iелин дахарера и зама. Халкъан дуьхьа ваьцна иза, ша схьаваьллачу къоман дог эца гIиртина. Цундела дукхавеза актер хьовсархошна. Лаьа даима а ирсан заза цуьнан экамечу дагах хьерчийла .
ГАЗИЕВА Аза
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо