ТIаьхьарчу хенахь алсамдаьлла Нохчийн Республикин халкъана а, цуьнан тхьамдина Кадыров Рамзанна а либеральни СМИ-ша харц хаамаш барца тIелетарш дар а, кхолладеллачу хьолана вуочу агIор тIеIаткъам бан гIертар а. Къизачу шина тIамах хьалхадаьлла долу вайн халкъ хIинца хаамийн тIамна кIел нисделла.
Нохчийчоьнна хаддаза тIелетарш деш бу питанчаш а, эладитанчаш а. Уьш вайн могIарера бахархой шайн ойланех, хьежамех бохо гIерта. Цара шайн коьрта тIом интернет-хьаьрмахь дIахьош бу. Нагахь санна тIеман арахь хьайна дуьхьал лаьтташ волу мостагI ган йиш йолуш велахь, интернетехь вайна дуьхьал тIом кхайкхийнарг, дукха хьолахь, ган аьтто болуш ца хуьлу. Цундела бу уьш кхераме. Цундела дIабахьа беза царна дуьхьал луьра къийсам, церан ямарт Iалашонаш Iора а йохуш.
МостагIаша, царах кхечу кепара олийла а дац, дуьненахула дIасаяржайо хьал карзахдаккхарна, адамаш гIовтторна, цаьргахь резадацар кхолларна тIехьовсийна йолу материалаш. Уьш дIасаяржорца Иракехь, Ливехь, Шемахь долу хьал тIаме дерзийна Малхбузерчу шпионаша, питанчаша. Оцу а, кхечу а мехкашкахь хаамийн къийсамаш бакъболчу тIаме берзийна.
Цхьанна а къайле яц Малхбузера стратегаш а, геополитикаш а дукха хенахь дуьйна Росси йохо гIерташ къахьоьгуш хилар. Ахчанийн яккхий харжаш а еш, Малхбузе гIоьртина хьал кхолла гIерта Къилбаседа Кавказехь. Церан коьртачех цхьа Iалашо ю регионера Iедал дохор. Цундела шайн коьрта тохар, уггаре а хьалха, субъектийн куьйгалхошна тIехьажийна ду церан. Оцу Iалашонца коьрта ницкъаш цара тIехьовсийна вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, цуьнан командин хьокъехь доцург, эладитанаш кхолларна, харцдерг дийцарна. Тахана хIунда болийна цара и хаамийн тIом? ХIун бахьана ду и тIом тIеттIа марсабахаран? Цу хьокъехь дийцийта лиира тхуна вевзаш волчу юкъараллин-политикин гIуллакххочуьнга, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместителе Жамалдаев Шаиде.
Дуккха а совгIаташ дина, хьекъале политик хиларе терра Вахин Шаидна, элира-бохура а доцуш, дика хаьа маьрша дахар лардан мел хала ду, машар-маслаIатан хIун мах бу. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин нийса накъост а хилла, цунна юххехь лаьттина волчу цо шен берриге а ницкъаш, хаарш, хьикмат тIехьажийна къоман баьччин некъ буьззина къобалбарна, оцу некъаца республика кхиорна, вайн мостагIех къоман тхьамда а, халкъ а лардарна.
– Массарна а хууш ду дуьненаюкъарчу политикехь дукхах болу баккхий хиламаш шашаха хуьлуш цахилар, – боху Вахин Шаида. – Уьш кхуллуш бу экономикин а, технологин а кхиаро, политикин хиламаша. Географически хьоло а лоьху цхьацца долчунна тIехь само еш хилар, ладугIуш хила везар. Халкъийн а, пачхьалкхийн а шайн лулахой хийца аьтто бац. Шайн дин, культура дIатосийла, истори хуьйцийла дац церан. Хууш ма-хиллара, маьIданаш, бахам бахьанехь къийсамаш бар нуьцкъалчу пачхьалкхийн амалехь хIума ду. Оцу хьолехь хиламаш муха, муьлххачу агIор берза тарло хаа йиш ю жахьталла долчу пачхьалкхашна юкъара шеца дика юкъаметтигаш йолу пачхьалкхаш схьакъасторца.
Жамалдаев Шаида чIагIдарехь тахана дуьненан экономикин а, геополитикин а структурехь хуьлуш бакхий хийцамаш бу. Керлачу дIахIоттаме хьашт хиларо кхоьллина бу уьш. «Дуьненан экономикин коьртачу дакъоша, цхьадолчу къаьмнийн экономикаша а санна, шайн кхиар лахдина. Керлачу дакъойн а цкъачунна ницкъ ца кхочу кхиаран боларш сихдан. Кхузахь кхоллалуш бу коьрта къийсам. Кхетош аьлча, дIадолало бина баьлла «Хьокхам бекъар». Дуьненаюкъарчу коьртачу организацеша гуттар а нийса ца гойту долуш долу хьал. И бахьана долуш США-с, шен коьрталла а, кхечу пачхьалкхашна тIехь латтон терго а ларъян лууш, шайн юкъаметтигаш галйоху. США-с а, цаьрга ладугIуш, церан лаам тIехь йолчу пачхьалкхашна а даррехь дIахьош ду дозуш доцу мехкаш дохор. Штаташ шайн полицейски раж дIахIотто гIерташ ю дерриге а дуьненахь, – боху Ш.Жамалдаевс.
– Шайн лаамашна тIаьхьабевллачу агрессорша кхин а кIаргйо пачхьалкхашна юкъара галморзахаллаш. Иза билггал иштта хилар чIагIдо США-на тIетовш йоцучу пачхьалкхашкахь къийсамаш хуьлуш хиларо. Российний, США-ний, Евросоюзаний, Чининий, Япониний юкъара конкуренци кхиаре хьаьжжина кIарглуш бу дуьненан рынкана тIехь терго латторехьа болу къийсам. Ткъа оцу къийсамехь бакъенаш а яц, къинхетам а бац, гIиллакх, эхь-бехк дац. Толам боккху уггаре а къизачу, адамалла йоцучу кепех пайдаоьцучара. Цундела хIуьтту дуьненан юкъараллина хьалха ира хаттарш. Масала, дуьненан экономика кхиаран керлачу тIегIан тIе ер ю я яц? США-н Iаткъамна кIелхьара яла Евросоюзан ницкъ кхочур буй? Исламан пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш муха хир ю? Россин а, США-н а, Чинин а юкъаметтигаш муха хир ю? и.дI.кх. а хаттарш.
Хаамийн тIеман хьокъехь долчу къамелана юха тIевоьрзуш, Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхаша йина санкцеш Россин лан дезаш хилар. Дуьненан политикин а, экономикин а гIуллакхех мелла а херйина хилар ловш ю Росси. И лайна ца Iаш, мехкадаьттан мехаш охьабахар лан дезна цуьнан. Цуьнца цхьаьна эладитанаш а, харцдерг а ду Нохчийн Республикин а, цуьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а хьокъехь кхуллуш. Церан Iалашо ю Россин Президентан Путин Владимиран гуо малбар, вайн махкахь къийсамаш буьйлабалийтар.
– Махкахь кхолладелла хьал чIогIа бегIийла нисделла хаамийн тIелетарш дарна, – боху Вахин Шаида. – Кризис шайн хьал-бахамна, «кисанна» тIехь хаабелларш Малхбузехьарчу пропагандех тешарна тIера бу. Меттигашкахь гIоьртина хьал кхуллу Малхбузено ахчанца Iехийначу а, эцначу а СМИ-ша а, цхьаболчу наха а. Цхьа а шеко яц, Кавказехь «паргIато а, нийсо а» хилийтарехьа дIахьош болу къийсам цхьамма ахча луш а, ир-кара хIиттош а дIахьош хиларан. ТIаккха, даррехь дIахьош долу и питанаш вайна ган хIунда ца го? БIаьрла ма ду кхузахь бакъдерг а, харцдерг а. Цу декъехь Россин Президента В.Путина а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Р.Кадыровс а лоцуш йолу агIо цIена а, къайле йоцуш а, нийса а ю.
Вайн республикин бахархошка кхайкхам беш, Жамалдаев Шаида доьху синтем ларбар, эладитанаш, питанаш даржочарах, харцо чекхъяккха гIертачарах цатешар. Махкахь синтеме хьал латторо, арахьара политика, заманан лехамашка хьаьжжина, тоеш-карлаяккхаро гIо до пачхьалкх кхиорна а, чIагIъярна а. «Уггаре а хьалха вай кхета деза цхьа пачхьалкх гIелйича, важа пачхьалкх чIагIлуш хиларх. Цу тIе а доьгIна вай маьIна даккха деза: революционерашна, кхузаманан декъаза-патриоташна, исламан радикалашна ахчанца кхачоеш ю Россица Iоттаелла йолчу пачхьалкхийн леррина службаш», – боху Ш.Жамалдаевс. Цунна хетарехь, вайн пачхьалкх а, цуьнан йозуш цахилар а лардар, вайн пачхьалкх кхиор, чIагIъяр доьзна хир ду мехкан куьйгаллин хьуьнарех, Россин халкъаш кхоллаеллачу проблемин кIоргаллех нийса кхетарх, кхиаме дуьгу долу некъ нийса билгалбаккхарх.
«Ткъа вайн кхиам а, ницкъ а мехкан баьччина В.В.Путинна гуонаха вай ваьштатаIарехь а, вайн барт, цхьаалла хиларехь а бу. Мехкан баьчча хьуьнар долуш ву правительствон партийн, законодательни а, кхочушдаран а Iедалан, Россин дерриге а халкъийн ницкъаш, таронаш, тIаьхьалонаш цхьаьнатоха. Суна хаьа. Со тешна ву Росси чIагIлур ю! Цуьнга эшалур ю ерриге а дуьхьалонаш. Вайн махкара хьал карзахдаккха гIертачара хьоьгуш долу къа эрна хир ду. Вайн мехкан толаман истори ю. Вайна хьакъ йоллу сийлахь меттиг дIалоцур ю вай хIокху дуьненахь.
АБДУРАХМАНОВ Мустафа
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо