Нохчий – Сталинградехь

f6bd9917ec410b3c20b2afc6aadcab812016-чу шеран 2-чу февралехь 73 шо кхаьчна ЦIечу эскаро Сталинградехь фашисташна тIехь толам баьккхина. Вайна хууш ма-хиллара, 1942-чу шеран 17-чу июлехь дIаболийна бара Сталинград мостагIчуьнгара схьаяккха лерина луьра тIемаш. Шина а агIор дукха адам доьжна цигахь, алссам тIеман техника хIаллакйина. Вайн турпала махкахо Нурадилов Ханпаша цу тIемашкахь воьжна 1942-чу шеран 12-чу сентябрехь. Иза пулеметни взводан командир хилла. Iаламат майра, доьналла долуш стаг хилла Нохчийчуьра бIаьхо, шен 20 шо дузале тIеман хьаьтта дIахIоьттина хиллехь а. Шен куьйга эзар гергга мостагI хIаллаквина цо. Сталинградан областерчу Серафимович цIе йолчу, жимачу гIалахь хилла Нурадилов Ханпашас тIаьххьара дакъалаьцна тIемаш. Еза чевнаш хиллачул тIаьхьа а, пулеметан лаг дIа ца хоьцуш, немцойн 250 салти вожийна цо. Букановка юьртахь дIавоьллина ву вайн махкахо. Даймахкана уггаре а хала мур тIехIоьттича, яхь дIа ца луш, ша схьаваьллачу нохчийн къоман сий ца дойъуш, доьналлица Iожалла тIеэцначарех цхьаъ ву Нурадилов Ханпаша. 1943-чу шеран 17-чу апрелехь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман указца Советийн Союзан Турпалхо сийлахь цIе елла цунна. Вайна Iаламат боккха юьхькIам бу и тайпа яхь йолу кIентий нохчийн къоман хилар. Делан къинхетамца, Нурадилов Ханпаша цхьаъ хилла ца Iа иштта, дуьне цецдоккхуш, турпаллала гайтинарг.A.V.-Gorbatov

Вайна массарна дика евза Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман турпалхо хиллачу Висаитов Мовладин цIе. Иза Лаха Неврера хилла. 1932-чу шарахь дуьйна ЦIечу эскарехь гIуллакх деш хилла. 1935-чу шарахь БуритIехь гIашсалтин школа, дошлойн курсаш чекхъяьхна. 1941-чу шеран 22-чу июнехь вайн сийлахьчу Даймахкана фашисташ ямартлонца тIелеташ капитанан чинехь хилла, Висаитов Мовлади. Хьалхарчу деношкахь дуьйна тIемашкахь дакъалоцуш хилла. 1941-чу шеран 22-чу июлехь малхбузерачу Украинехь лаьттачу Висаитов Мовлади командир волчу эскадронна омра дина хилла, Кирданехь туш тоьхначу немцошна тIелатар де аьлла. Советийн салтий бIаьрг белла ца буьтуш яьллачу цIеран хьесапехь герз хилла дуьхьала детташ. Вайн салташка корта хьалаойъуьйтуш ца хилла хаддаза тIедеттачу герзаша. Цунах кхетта эскадронан командир дегI нисдеш ирахIоьттина «В атаку!», – аьлла мохь тухуш, хьалхахьа дIаведира. Цуьнан майралло дог ир-кара хIоттийна салтий тIаьхьа хIиттира. И тайпа кхо атака хилира цу дийнахь. Эххар а, Висаитов Мовладна еза чов йира, амма командираша тIедиллина декхар кхочуш-м дира цо. Оцу дийнахь гайтина доьналла, майралла бахьанехь, елла ю Висаитов Мовладина дуьххьарлера «ТIеман ЦIечу байракхан» орден. Бакъду, орденш, мидалш луьрачу тIеман бохалла цуьнан алсам хилла, ур-аттала, Ленинан цIарах йолу ши орден тIехь. Вайна иштта хууш ду подполковника Висаитов Мовладис куьйгалла деш хилла дошлойн полк 1945-чу шеран 27-чу апрелехь ЦIечу эскаран бIаьхоша эккхийна вуьгучу мостагIчунна тIелатарш деш, уггаре а хьалха Германерчу Шведт гIала дIакхаьчний а, цул тIаьхьа немцойн Райнсберг гIала схьаяьккхиний а. Къизаллица кхехка тIемаш беш 1945-чу шеран 2-чу майхь Виттенберг гIала схьаяккхаро кхачаво иза, массарел хьалха Эльба хи тIе. Цигахь нисло и цIарна цIе яхана, Iамаркахошца хилла цхьанакхетар а, «Почетный легион» орден ялар а.

Делахь а, вайн махкахойн къамелашкахь, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а кIезиг хьахош санна хета, Висаитов Мовлади командир хилла дошлойн полко Сталинград мостагIчух дIацIанъеш доккха дакъалаьцна хилар. Беларусски 2-чу фронтан 6-чу гвардин дивизина юкъайогIуш хилла Сталинградана уллохь бинчу тIемашкахь Висаитов Мовлади командир волу дошлойн 28-гIа гвардин полк. Цунах наггахь «Нохч-ГIалгIайн» полк олуш хилла, цу юкъара дукхах болу дошлой, шайн лаамехь Даймахкана орцах бевлла вайн махкахой хиларна. Инарла Чуйковн куьйга кIел бина цара дукхахболу, луьра тIемаш Сталинградана гонаха. ХIинца Волгоградан областана юкъайогIучу Котельниковехь хилла полкан цхьана ханна йолу туш. 1942-чу шеран 3-чу августехь ЦIечу эскаран бIаьхой дехьа бовлу гечо лардеш лаьттачу кхеран дошлойн полкана тIелатар дина немцойн 78-чу танкин корпусан салташа. Дукха фашисташ хIаллакбина вайн махкахоша оцу тасадаларехь, мостагIчун 4 танк а йохийна. Делахь а, тIом иза тIом бу. Цигахь каяьллачо толам боккху. Бакъду, вайн махкахоша шайна тIедиллина декхар кхочуш-м дина, советийн салтий дехьа бовлу некъа тIе фашисташ ца кхочуьйтуш. Алссам зенаш вайн махкахошна дина. Оцу дийнахь фашисташа вайн 342 бIаьхо вожийна шайн ямартчу тIелатарца. Царах дукхахберш нохчий, гIалгIай хилла. Полкан штабан хьаькам хиллачу капитана Емельяновс йиначу рапортехь гуш ду, 1942-чу 4–5-чуй августехь Котельниково кIоштарчу Чилеково цIе йолчу аьчканекъан станцехь, и луьра тIемаш хилла хилар. Къар ца луш вайн махкахой, шозза-кхузза шайл дукха болчу немцойх летта хилла. Цу тIамехь гайтинчу хьуьнаршна елла Висаитов Мовладина «ЦIечу седанан» орден. Еза чевнаш хилла цунна цу деношкахь. Иза дийна вуьсург хиларх тешаш кIезиг нах хилла цу муьрехь. Амма, Делан диканах, Цуьнан комаьршачу къинхетамах дог цадилларо, майрачу бIаьхойн могIаршка цхьа хан яьлча юха дIахIоттийна вайн яхь йолу махкахо. Цундела, тахана дозаллица вайн массеран билгалдаккха таро ю, мел инзаре, ирча халонаш тIехIиттарх, бакъволу нохчи цкъа а доьналлех вухуш цахилар. Цул сов, цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, гуш ду, Сталинград мостагIчух дIацIанъеш вайнаха доккха дакъалаьцна хилар.

Газиева Аза

 

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: