Iемана куьйгаш ду
Иттанийн метта,
Дехчана майра дог –
Нохчийчун кийрахь.
Цкъа а тIехтуьлий-техь?..
Цо даш тIедетта,
Эшначу мостагIчо
Сауьйзу цIийлахь.
«Максимца» кIелонехь
Хиллачохь аьрзу,
Толаме мостагIчо
Ца даьхна дог а.
Кхиинчохь тешамен
Пулемет тIеерзон,
Ханпаша юхнехьа
Ца ваьлла ког а.
«Максиман» «дош» хеззе.
ХIоъ кхочче веънарг,
Ведча а ваьллий ткъа
Iожаллех хьалха?
Кавказ, хьан аьрзу ю
Уьш къиза хьекхнарг
Кхехкачу тIемашкахь
Висча а цхьалха.
«ЦIарах со вогийла,
Юхаъ ца волуш» –
Болатан ойла ю
Кавказан аьрзун.
Тарлой цIе, Ханпаша,
Дешица кхолуш,
Ца язъян, ца еша
Кхуоллалца бIаьрса.
Сан нохчийн, гIалгIайн халкъ!
ХIай мехкан халкъаш!
Йиш юй-техь вицвала
Ханпаша вайна?!
Вицлур вац! Толамаш
Шен цIийца баьхна,
Даймахко санна цо
Халонаш лайна.
Мокхазах суй санна,
Кавказах ваьлла,
Мохк ларбан, лом санна,
Майра и гIаьттар.
Ша винчу халкъана
Дахар дIаделла,
Герзаца Iожаллин
ТIаме дIахIоьттар.
Хьо везаш, куьг кховдош,
Даггара сий деш.
Ханпаша сан стих ю
Турпалчу хьоьга!
Сийначу Донан хи
Хьайн цIийца цIийдеш.
Толарна халкъан аз
Хьо хестош дека.
Декар ду халкъан аз
Дуьне мел деха.
Декар ду иллеш а,
Хьан хьуьнар дуьйцуш.
Дахарехь, ойланехь
Ца къастош шеха
Халкъо хьан, сийлахьчун?
Дохур ду суьрташ.

