Къилбаседа-Кавказан кегийрхойн «Машук» форум евзина кегийрхойн дахарехь бIаьрла хийцамаш барца, керла социальни проекташ кхочушъярехь гIодарца. ХIора шарахь оцу форуман дакъалацархой хуьлу Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахой, кегийрхойн организацийн векалш. Цигахь кегийрхоша шайн бизнес-планаш кхиэле йохку, цул тIаьхьа уьш къобалйича ахчанан гранташ ло. Вайн республико яьккхина и грант.
Проекташ кхочушъяр муха ду хьожуш, гранташ яьхна толамхой болчу вахнера кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурад а, Нохчийн Республикера «Машук» форумехь дакъалаьцначу делегацин куьйгалхо хилла волу Бельтиев Ислам а. Уггаре а хьалха уьш кхечира Салтмурадов Рустама схьайиллинчу зIакардохнан «Птицеферма» «Экобройлер» ферме. (Рустама 300 000 соьмана грант яьккхина). Цу ахчанах Рустама 1 200 котам кхио а, кхаба а меттиг йина. «Сан сатийсамаш кхочушбан дика гIо хилла оцу грантах. ХIара юьхь бен яц. Дала мукъ лахь, кхидIа а шорйийр ю ферма. Цхьаьннан гIуллакх хилча цунна уллохь болчарна а долу цунах беркат», – элира Р.Салтмурадовс.
Цул тIаьхьа уьш Орсханов Турпала схьайиллинчу «Булочное» олучу кондитерски пекарне кхечира. Соьлжа-ГIалин бахархошна чомехь бепиг а, кондитерски сурсаташ а хилийтар тIелаьцна, къаьхьоьгуш ву Турпал. ХIинцале школийн куьйгалхошца барт бина шайн продукци школийн столовешкахь латтор йолуш.
Болх берзош «Way Oreginal Music Club» аьллачу студе кхечира уьш. Иллеш, эшарш, мукъамаш дIаязбеш йолу аьзнийн студи схьаелла лууш вара Алиев Шемал. «Машук» форуме чуеллачу проектаца 300 000 сом ахча делира цунна. Цунах оьшуш болу музыкин гIирсаш эцна Ш.Алиевс. «Механа деза а доцуш лаам болчу муьлххачун, иллеш а, эшарш а дIаязъяйта аьтто бу оцу студехь», – элира цо. Кегийрхоша кхочушъечу проектийн лорах гуо тесначу М.Тагиевс элира: «Оцу кегийчу нехан къинхьегам, царна шайн гIуллакх дIадоло лаар, хьуьнар хилар, церан нийсархошна масал хилла дIахIотта деза. Шайн бизнес дIайоло лууш болчарна хаа деза даро бен гIуллакх чекхдоккхуш цахилар».
Къоначу совдегаршна оьшучунна тIехь накъосталла дан дош делира министра. Иштта проекташ вайн республикин хIора юьртахь кхочушъеш хилча дика хир дара.
З.ХИЗИРОВА
Авторан суьрта тIехь: «Машук» форуман проектаца дина гIуллакхаш
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо