Кхо бIе сов гIуллакх
Оццул уголовни гIуллакхаш долийна дIадаханчу шарахь республикин прокуратуро законаш кхочушдарна тIехь терго латторан тIаьхьенехь. Дийнна схьаэцча стохка долийна хиллачу дерриге а уголовни гIуллакхех итт процент хуьлу иза.
Законаш алсам талхор прокурораша гучудаьхна хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь а – 77, бюджетан ахчанах харжаш ярехь а – 73, кхиазхойн бакъонаш ларъярехь а – 43.
Газах пайдаэцаран бакъенаш лар ца яр бахьанехь, масала, дуккха а барамехь цунах дIовш даьлла меттигаш хиллашехь цхьа а уголовни гIуллакх ца долийнера оцу декъехь. Оцу бохамашкахь 19 стаг валарца доьзна регионан прокуратуро вовшахтуьйхира таллам бар. Цуьнан жамIашкахула талламан органаша, РФ-н УК-н 238-чу статьяна тIе а доьгIна, 63 уголовни гIуллакх долийра.
Соьлжа-ГIалин Октябрьски, Ленински районашкахь прокурораша гучудаьккхира цигарчу гражданаша коммунальни хьашташ кхочушдарна дIаделлачу ахчанах 1,9 миллион соьмах урхалла даран компанийн куьйгаллин белхахоша бакъо йоцуш пайдаэцна хилар. И бахьанехь шиъ уголовни гIуллакх долийра бехкечарна дуьхьал.
580 лехам бина
ДIадаханчу шарахь Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхалло бинчу балха тIехь терго латторан жамIийн хьесапаш дина регионан прокуратуро. Цуьнца цхьаьна къаьсттинчу тидамехь латтийна прокурораша бина талламан болх санехь хилийтаран гIуллакх. ТIеэцна цхьамогIа документаш. Талламан органе 580 лехам бина юьхьанцара таллам бар дIахьочу хенахь федеральни законодательствон лехамаш талхийна хиларца доьзна. Буьззинчу барамехь уьш кхочуш а бина.
Бехкеваран бух нийса хIоттийна цахиларан хьокъехь 165 сацам тIеэцна прокурораша чекхдаьллачу шарахь. КхитIе а таллам байта а, бехкеваран чIагIдар юхакечдайта а 46 уголовни гIуллакх талламхошка юхадерзийна. Цуьнца цхьаьна талламан органе 96 хаам бина закон талхоран хьокъехь. Цунна тIе а доьгIна, республикехь йолчу талламан урхаллин 149 белхахо низаман жоьпе озийна.
Иштта, билгалдаккха догIу стохка уголовни гIуллакхаш талларна законо хIиттийна йолу хенаш тIехтилийтар хаъал лахделла хилар а: нагахь 2014-чу шарахь теллинчу дерриге а 613 гIуллакхах иттанаш 254 хиллехь, 2015-чу шарахь 758-ннах уьш 212 гIуллакх бен дацара.
Гучудаьккхина ши эзар талхор
Налогаш а, такхарш а гулдаран декъехь законан лехамаш кхочушбарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш дина дIадаханчу шарахь терго латторан органан векалша. Ша аьлча, цу тIехь гучудаьккхина ши эзар сов талхор. Уьш дIадахарна тIехьажийна хьакъ боллу лехамаш а бина прокуратуро.
Иштта, меттигерчу шаьш урхалла даран органашкахь талламаш бар дIахьош бух боцуш лерина, я федеральни законаца цхьаьнадалорна кхачойина муниципальни бакъонан 506 актана. Налогийн органийн говзанчаш юкъа а озош, вовшахтоьхна хилла терго латторан гIуллакхаш дIадахьарехь прокурораша 12 организацехь гучуяьккхина белхахойн белхан алапина тIера сацош йолу налогаш бюджете дIаяхьийтина цахилар. Налогаш токхуш болчарах иштта хаамаш къайлабахийтарна Соьлжа-ГIалахь, Грозненски а, Гуьмсан а районашкахь гIуллакхехь волчу 46 стагана дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь гIуллакхаш долийна.
Налогийн органашца цхьаьна йолчу бакъонех пайдаэцаран гурашкахь, хьанал боцчу налогаш такхархойн 26 бахам лаьцна (арест). Дийнна схьаэцча дIадаханчу шарахь шайн карахь бакъонаш йолчу органаша кхачойира 12,6 миллиард соьмал алсам налогийн такхарш бюджете дIакхачорна.
Ледарлоно суьде кхачийна
Талламна хетарехь, «Чеченгаз» цхьаьнакхетараллин Гуьмсерчу филиалан хьаькам волчу Далахажиев Руслана шен хеннахь вовшах ца туьйхира Комсомольски юьртахь газопроводан сетийн а, хIусамашна чохь болчу газан гIирсийн а технически хьашташ кхочушдар. И бахьанехь хIиттийна нормашший, бакъенашший талха а еш юьртарчу цхьана хIусаме газ ялийна хилар гучу ца делира. 2014-чу шеран февралехь оцу хIусамехь меттигера яхархо а, цуьнан жима кхо бер а, газах дIовш а даьлла, делира.
РФ-н УК-н 238-чу статьян 3-чу декъаца догIуш долу зулам дарца доьзна долийна хилла уголовни гIуллакх таллар чекхдаьлла. Республикин прокуратуро чIагIйина бехкеваран заключени. Гуьмсан гIалин суьде дIахьажийна уголовни гIуллакх.
Дан догIу таIзар ца дина
Регионан прокуратуро теллина РФ-н УК-н 105-чу статьян 1-чу декъаца а, 222-чу статьян 1-чу декъаца а, 112-чу статьян 2-чу декъан «з» пунктаца а догIуш долу зуламаш дарна долийна долу республикехь йолчу талламан урхаллин талламхочуьнгахь долу уголовни гIуллакх.
Оцу гIуллакхан материалашца нийса а догIуш, 2015-чу шеран июнехь Соьлжа-ГIалахь вевзаш воцчу стага герз тоьхна вийра меттигера вахархо, ткъа шолгIачунна чевнаш йира.
Прокуратурехь уголовни гIуллакх талларо гайтира бехке верг гучуваккхарна а, иза уголовни жоьпе озорна а тIехьажийна дан оьшуш долу талламан а, процессуальни а гIуллакхаш деш цахилар. Иштта бахьана доцуш яхйолуьйтуш ю таллам баран хенаш а.
Цуьнца доьзна урхаллин куьйгалхочунна тIедиллина федеральни закон талхор дIадаккхар а, оцу гIуллакхана таллам бар жигарадаккхар а.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо