Цхьа-ши дош…

   ООН-н леррина волу векал де Мистура Женевехь цхьаьнакхийтира Шеман Iедалан делегацин декъашхошца. Оцу шахьарахь дIадуьйладелла Шемехь долу хьал маслаIате дерзоран дийцарш.

***

   Россин тIеман кеманаша гIо а деш, Шеман Iедалан эскарша мехкан къилбехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех паргIатйохуш ю иттаннаш ярташ.

***

   Сомали пачхьалкхехь пассажирийн кема гIоттучу хенахь цу тIехь эккхар хилла. Цхьа пассажир кхелхина, масех лазийна. Кеманахь верриге а 60 стаг хилла.

***

   Иорданин паччахьа IабдаллахI ШолгIачо дIахьедина: «Шемара тIамах бевдда баьхкинчара Иорданера хьал карзахдаккхарна боккха кхерам кхоллабелла».

***

   Гондурасан Iедало «Зика» ун даржарца доьзна махкахь кхераме хьал дIакхайкхийна. Кхечу пачхьалкхашкахь а яьржаш ю и цамгар.

***

   Хонкар пачхьалкхо январь баттахь 3,4 процентана алсамдаьккхина Россера газ кхечу мехкашна йохкар.

***

   Мисаран Iедало тIаьхьарчу хенахь дикка алсамдаьккхина Россина стоьмаш а, хасстоьмаш а бохкар.

***

   Россин Президента В.Путина телефонехула къамел дира Германин Канцлерца А.Меркельца. Цара дийцаре дира Украинера хьал.

***

   В.Путина къобалдина Д.Медведевс Росграница дIа а йоккхуш, цуьнан декхарш транспортан министерствона тIедахкаран хьокъехь дина дIадолор. Цу хьокъехь хIинцале Указ арадаьккхина.

***

   Россин премьер-министра Д.Медведевс правительствон декъашхошца дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь йийцаре йира мехкан экономика кхиоран план.

***

   Россин а, Казахстанан а дозанехь схьалаьцна наркотикаш йохьуш вогIуш хилла Киргизин вахархо. Цуьнгара схьаяьккхина 25 кийла (героин) наркотик.

***

   ГIалгIайчуьрчу Несарехь герз тоьхна дийна машенахь догIуш хилла зудий, стаггий. Зулам динарг лохуш ву.

 

№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: