Январь беттан тIаьххьарчу деношкахь белхан гIуллакхца Белоруссера делегаци еанера Нохчийчу. Цуьнан куьйгаллехь вара Белоруссин промышленностан министран заместитель Корчик Дмитрий.
Нохчийн Республикин промышленностан, энергетикин министерствон векалшца цхьаьна республикин промышленностан предприятех бIаьрг туьйхира хьешаша.
Уггаре а хьалха, «Iалхан-ГIалин ДОК» (дечигах гIуллакхдаран комбинат) а, хьуьнан-промышленностан «Фагус» а пачхьалкхан предприятешкахь хилира делегаци. Цул тIаьхьа, йовхонан а, серлонан а энерги латтош йолчу «Теплостройпроект-С» организацехь болх муха бо а хьаьвсира хьеший. Нохчийн компанеша беш болчу балхах лаьцна шуьйра дийцира царна, иштта, кхузахь деш долчу сурсатийн гIоленаш а йовзийтира. Предприятийн балхах бIаьрг тоьхначул тIаьхьа, гайтаман залаш чохь хьовсархойн тидаме дехкина кийча сурсаташ а гайтира белорусхошна.
Иштта, «Электропульт-Грозный», «Автоматстром» предприятешкахь а, «Родина» комплексерчу теплицашкахь а хилира Белоруссера векалш.
«Нагахь санна, Белоруссерчу накъосташна вайн сурсаташ хазлахь, цхьаьна къахьега тарло вай. Белоруссехь йийбар лахара мах болуш а, бахархойн хьашт долуш а хиларе терра, шайн йийбар еш вайн дечигах пайдаэцар вуно мехала хир дара царна а, вайна а», – элира Нохчийн Республикин промышленностан, энергетикин министран заместитела Межидов Асламбека.
Нохчийн предприятешкахь шена гинчу суьртана реза хилира Корчик Дмитрий.
«Цхьаьна къахьега таронаш ю вайн. Тхан говзанчаша жигара болх бан беза. Тхо долчохь, Белоруссехь, дечигах гIуллакхдарна боккха тидам тIебохуьйту, цу декъехь масех йоккха проект кхочушйина оха. Нохчийчу тхан товараш кхачорах лаьцна дийцича, уггаре а хьалха ламинированни ДСП а, фанера а кхачор ду. Ткъа кхузара Белоруссе, масала, тхан йийбаран промышленностана оьшу дечиг (шпон) кхехьа мегар ду», – элира Д.Корчика.
Билгалдаккха деза, тIаьхьарчу хенахь кест-кеста йогIу Нохчийчу Белоруссера делегацеш. Кхул хьалха юьртан бахаман декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь барт бира шина республикин векалша.
А.ХАСБУЛАТОВА
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо