Масех де хьалха Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара кхеташо дIаяьхьира правительствон декъашхошца. Цигахь йийцаре йира 12 сацаман проект. Царах уггаре а хьалха тIеийцира берана хIора баттахь хIоттон а, дIадала а дезачу пособин къепенна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь болу сацам. Нохчийчоьнан къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министра Ахмадов Мохьмада кхеташонехь аьлла ма-хиллара, берана пособи эца йиш хир ю доьзална тIебогIу пайда хене валарна оьшучу ахчанан барамал лахара болчу дех-ненах цхьаьннан.
«Берана хIора баттахь лун долу пособи 12 баттана хIотта а до, дIа а ло. Цул тIаьхьа а и пособи эца бакъо хилар чIагIдеш дех-ненах цхьамма баттахь доьзална тIебогIучу пайданийн хьокъехь хаамаш бала беза, берана пособи деллачу тIаьххьарчу баттана тIера дуьйна. Нагахь санна шен хеннахь и хаамаш ца беш хьал хилахь, пособи далар сацадо. Цул тIаьхьа доьзална тIебогIучу пайданийн хьокъехь хаамаш чубелча, пособи далар юха дIадоладо, иза сацийначу батта тIера дуьйна», – бохура М.Ахмадовс.
Правительствон Председателан заместитела–автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара йовзийтира республикехь керла некъаш дахкаран а, тодаран а программа. Цуьнца билгалдеш ду 2018-гIа шо тIекхачале республикин хьаштийн 300 километр некъаш дахкар а, тодар а. Цо таро лур ю некъийн дикалла, заманан лехамашка хьаьжжина, лакхаяккха. Махкахь экономикин декъера хьал чолхе нисделлехь а, Нохчийчоьнан некъаш дахкархой белхан боларш лахдан дагахь цахилар гойту оцу программо. Цундела и программа къобалъеш сацам тIеийцира правительствон декъашхоша.
Экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас йовзийтира Нохчийчоь социально-экономикин кхиоран таронаш хьесапе эцаран хьокъехь болчу сацаман проект. Министра дийцарехь, оцу хьесапашца билгалдеш ду республика кхиоран чолхечу гIуллакхна кхаа кепара тIедахар, оцу кхаа а кепаца экономика кхиоран декъехь къахьегар. Цигахь хьесапе оьцур бу тIаьхьалонех пайдаэцаран эвсаралла лакхаяккхарехь дикачу агIор хилла хийцамаш, арахьара экономикин я кхин хьелаш галдовларо экономика кхиорна беш болу Iаткъам, кхидерг. Вуьшта аьлча, министерствос шен ницкъкхочург дерриге а дийр ду республикин социально-экономикин кхиаран боларш лах ца далийтарехьа. Оцу декъехь дан леринарг гойтуш яра ведомствон сацаман проект. Ларамаза дацара правительствон декъашхоша иза йийцаре ярна къаьсттина тидам тIебахийтина хилар.
Билгалдаккха деза йийцаре ян юкъаехкина хилла ерриге а проекташ кхеташонан дакъалацархоша, шайна хетарш юкъа а далош, къобалйина тIеэцна хилар.
Д.АНАДЕВ
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо