Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждига чохь Къадарин а, Накъшбандин а тIарикъатийн векалийн гулам дIабаьхьира. Иза лерина бара экстремизмана а, ваххабизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран керла некъаш билгалдахарна.
Гуламехь дакъалоцуш бара Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 24 вирдан векалш. Иштта, Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а хьеший а бара. Гулбеллачара шаьш ваххабизмана дуьхьал хилар дIа а кхайкхош, иза Ислам дин лелочарна юкъахь питанаш даржоран Iалашонца юкъабаьккхина «некъ» хилар чIагIдира.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Межиев Салахь-Хьаьжа, дуккха а хьаькамаш, Iеламнах бара гуламе баьхкина.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана хьахийра, нохчийн къомо, ваххабисташ бахьанехь, лайна йолу халонаш, баланаш. Цо чIагIдарехь, кхул тIаьхьа республикин куьйгалло вайн махкахь цхьаьнгга а даржадойтур дац ваххабизман зулам.
– Ваххабисташа вайн махкахь къизаллаш а, зуламаш а лелийна хенаш хIинца а дика дагайогIу вайна. Бусалбанийн динца догIуш цхьа а хIума дац церан, хIунда аьлча, цара мел дийриг Ислам динна дуьхьал ду. Къуръанна а, Пайхамаран (I.с.в.с.) суннатна а тIе а тийжаш цунна тоьшалла дина кху дуьненахь гIарабевллачу Iеламнаха. Делан пурбанца вай вешан махкахь толам баьккхина оцу зуламна тIехь, кхин, Дала мукъ лахь, нохчийн махкахь ваххабизман лар хир яц, – элира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира, луларчу цхьаболчу мехкашкахь, шаьш салафиташ ду бохучу наха гуламаш, юкъараллаш вовшахтухуш бусалбанашна юкъахь питана даржорна лерина «хьехамаш» беш, уьш Интернета чохь баржош хиларна. Кадыровна хетарехь, иштта долу хьал чолхе а, кхераме а ду.
– Луларчу мехкашкахь цхьа нах бу, шайн гуламашна тамашийна цIерш а техкина, Ислам динна дуьхьал, бусалбанашна юкъахь питанаш даржош болу «хьехамаш» беш. Кхетам кхиъна бовлаза болчу кегийрхошна вуно чIогIа тIеIаткъам бо цара. И хьал сацийна а, я цхьана хорша дерзийна а, цхьаъ ца дича ца долу. Со тешна ву, цигарчу Iедалша, вай дийцаре дина зулам сацорхьама, шаьш дан декхар дерг дийриг хиларх, – дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочо.
Гулам берзош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама дIабийшира 24 вирдан векалша тIеэцна болу сацам. Сацамехь билгалдоккхуш дара, Къадарин а, Накъшбандин а тIарикъатийн векалш терроризмана, экстремизмана (ваххабизмана) дуьхьал хилар. Иштта сацам тIехь билгалдоккху, бусалба динан гIарабевллачу Iеламнахах дага а ца бовлуш, цхьаболчу наха юкъадаьхна долу хIуманаш вайн махкахь даржуьйтург цахилар. Цул сов, салафиташ бу бохуш болу нах юкъахь болчу гуламашкахь дакъалоцуш болу тIарикъатан нах вирдашкара арабахар а тIедожадо сацамо. ТIаьххьара а, оцу сацамехь билгалдоккху, Къадарин а, Накъшбандин а тIарикъатийн векалш, салафиташ изза ваххабисташ хилар дIагайтархьама, цаьрца Iилма къовса кийча хилар а.
И.ХАСАХАНОВ
№12, еара, чиллин (февраль) беттан 4-гIа де, 2016 шо