Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш Iаламат беркате даьхкира вайнехан драматургина. Нохчийн цхьамогIа яздархойн керла цIерш гучуевлира къоман театран репертуарехь. Царна юкъахь яра Нунуев Сайд-Хьамзатан цIе а. Хьовсархоша самукъадаларца тIеэцначарах яра цо язйинчу «Лулахой» пьеси тIехь режиссера Солцаев Мималта хIоттийна изза цIе йолу спектакль. Вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а бевзаш болу актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Давлетмирзаев МутIелип, Омаев Дагун, Дудаев Муса (Дала гечдойла цунна), Марисултанов Iела, Минкаилова Зоя, Айдамирова Зулай, иштта кхиберш. ГIеметтахIиттинчу, бевзачу артисташца нийсса и спектакль хазъеш, кхин цхьа къона актриса яра цу юкъахь дакъалоцуш.
Иза юьртарчу почтехь болх беш, юкъ-кара механа йоьдий, къайлах йохка-эцар лелош йолу турпалхо яра. Къеггина васт дара иза, автора билгалъяьккхина цуьнан цIе яцахь а. Цу заманахь «спекулянт» олура и санна долчу адамех. Амма «Лулахой» спектаклера турпалхо кхечу гIаланашкара еана сал-пал йохкарх Iебаш яцара. Иза эхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла, хIара дерриге а дуьне дохка реза яра, дог лаьттачу зовкъе ша кхочург. Басарш ца кхоош Iорайоккхура къоначу актрисас вайн дахарехь цхьадолчу адамашкахь нислушйолу дастаме сутаралла. Гуш дара, йоI мел жима елахь а, актрисин корматаллех суй болуш хилар а, юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхача цуьнгахь хьуьнар хилар а.
Еххачу ханна, хьовсархойн дегнашкахь дисира актрисин сирла амат. Вайнехан театр а, цуьнан кхолларалла евзачарна хаьара къоначу актрисин репертуарехь «Лулахой» спектакль дуьххьарлерниг йоцийла. Иза хьалха а гинера режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Дай баьхна латта» цIе йолчу спектаклехь. Дадин Айбикин роль ловзош яра актриса цу спектаклехь. Нохчийн къоман исторехь бIаьрла лар йитинчу мехкарех цхьаъ ю Дадин Айбика. Нохчийн йоьIан сий, эхь-бехк мерзачу сил а деза-доккха лерина, шен лаамехь, Далла дуьхьал яхана ю иза, Дадин-Юрт ягош доьхна деанчу дийнахь. Доьналла, синондалла, нуьцкъала амал оьшуш ю цо яьккхина гIулч.
И дерриге а гайта, дуьззина кхоьллинчу вастан башхачу чулацамца хьовсархойн синкIоргене гечо даккха ницкъ кхечира Дадин Айбикин роль «Дай баьхна латта» спектаклехь ловзийначу Хьаван. Дукха нах бацара цу муьрехь актриса евзаш а, иза мила ю хууш а. Лакхахь хьахийна спектаклаш хIиттийна дукха хан ялале, вайн махкахь буьрса тIом белира. Дукха нах шайн синош довдийна махках бевлира. Нохчийчохь биснарш а театр, актераш дагабогIучохь бацара. Йицъелира, буьйса хазйина седа санна, хьовсархойн дегнаш хьостуш цкъа-шозза вайнехан къоман драматически театран сцени тIехь гучуяьлла къона актриса. ТIеман балано яржийна гIайгIанаш, дебийна сингаттамаш Iаламат дукха а, нуьцкъал а хилира. Амма мел еха буьйса а цкъа мацца а чекхйолу, бодано хьаьшна декъазчу адамийн синош маьлхан зIаьнаршца хьостуш. Иштта дIаелира Нохчийчуьра буьрсачу тIеман гIовгIа. Вайн махкахь а болх бан йолаелира филармони, театр, концертни залаш. Мелла а хан яьлча гучуелира цкъа мацах, лар йоцуш, къайлаяьлла актриса а. Иза кест-кеста телевизор чохь гора нохчийн поэтийн байташ йоьшуш. Республикехь хуьлуш йолу мероприятеш дIахьош хуьлура иза. Юкъ-кара ша йиш локхура. ХIинца иза массарна евзара.
Иза Ахмадова Хьава яра. ХIаъ, тахана Нохчийчоьнан массо а маьIIехь евзаш, гIараяьлла эшарлакхархо, актриса, режиссер, поэт, Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо, Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан хIусамнана ю Ахмадова Хьава. Цхьанна а бакъ ца хета, иза пхеа доьзалхочун нана ю аьлча. Ткъа и бераш цо мел дика, гIиллакхе, оьзда кхиийна дийцина вер а вац. Бераш кхиадарал сов, балхана юкъара ца йолуш Москвахь йолчу театральни Академехь режиссеран факультет чекхъяккха а ларийна и хьуьнаре зуда. 2009-чу шарахь дара Ахмадова Хьавас Соьлжа-ГIалахь «Серло» цIе йолу кегийрхойн пачхьалкхан драматически театр схьайиллича. Ахмадов Мусан «Ша тIехь йина гIала» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIоттош беркатечу хоршахь дIаболийра къоначу актераша болх. Цул тIаьхьа «Денисолта», «Марчо эца вахнарг» цIе йолу спектаклаш, иштта боккхачу кхиамца хIиттийра Хьавас кегийрхойн театран сцени тIехь. Иза цкъа а яцара баьхначу кхиамех тоам беш. Иштта балхана сутара адамаш суна гина дац. Хаддаза хIиттош йолчу спектаклашна юккъехула, хIора Дезде тIедогIуш, махкахошна цхьацца керла совгIат дан кхуьу Хьава. Царах лара мегар ду цо юкъаяьхна керла проекташ: «Поющие актеры», «Самукъане чкъург», «Керлачу шеран туьйранаш», иштта дIа кхин а.
Дукха къона артисташ бу вайн махкахь Ахмадова Хьавас яздинчу дешнаш тIехь даьхна иллеш дIаолуш, эшарш дIалокхуш. Цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш маьIне а, чулацам кIорга болуш а хуьлу. Цундела цаьрга ладогIа дог догIу. ЛадогIархоша дезаш тIеоьцу. Ерриге а Россехь евзаш эшаршлакхархо ю Согдиана. Цуьнан репертуарехь а ю Ахмадова Хьавас дешнаш яздина нохчех лаьцна цхьа хаза йиш. ЛадогIархошна Iаламат хазахеташ ю иза. И санна говзарш алсам ю вайн цуьнан кхоллараллин шуьйрачу тускар чохь. Нохчийн Республикин эстрадин хазна хилла дIахIиттина царах дукхахъерш.
Къаьсттина ала лаьа, Ахмадова Хьавас хIора кIиранах «Грозный» телеканалехь дIахьош йолчу «Даймехкан аьзнаш» цIе йолчу передачех. Халкъана, махкана дукхадезаделла иллеш, эшарш хазийтина Iаш яц Хьава цу передачашкахь. Цо дуьйцу къоман исторех, культурех, литературех, гIиллакх-оьздангаллех. Вайнехан тоьлла мукъамаш, зевне иллеш хазийтарца цхьаьна кхетош-кхиоран болх бу цо «Даймехкан аьзнаш» цIе йолчу проектаца дIахьош. И агIо Iаламат мехала ю тIекхуьучу чкъурана вайнехан къоман гIиллакх-оьздангаллин орамаш довзийтарехь.
2014-чу шеран гурахь дуьйна Ахмадова Хьава Нурадилов Ханпашин цIарахчу нохчийн къоман драматически театран исбаьхьаллин куьйгалхо ю. Бакъду, куьйгалхо яра аьлла мукъа Iаш-м яц иза. 2014-гIа шо чекхдалале цо къоман театран сцени тIехь хIоттийра «Ханума» спектакль. Гуьржийн актер, режиссер, драматург волчу Цагарели Авксентийс XIX-чу бIешеран чаккхенехь язйинчу «Ханума» пьесин мехалла хIинца а яза хилар тIечIагIдира нохчийн къоман театрехь Ахмадова Хьавас хIоттийначу спектакло. Шайн похIмица театр серлаяьккхина актераш бара «Ханума» спектаклехь дакъалоцуш. Забаршца, хелхаршца, зевнечу мукъамашца бовзуьйтура цара къевеллачу гуьржийн элан бехке боцу сатийсамаш. Хьовсархойн самукъадоккхуш спектакль яра иза. Махкахоша езаш тIеийцира. Ахмадова Хьавас нохчийн режиссурехь бинчу балхах уггаре а мехалчех цхьаъ лара йогIу цо хIоттийна «Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь…» цIе йолу спектакль. Россин турпалхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен указца билгалдаьккхина, хIора шарахь цунна лерина шуьйра даздарш вайн махкахь дIахьочу «Нохчийн меттан денна» лерина яр и литературни композици.
Вайнехан яздархойн аттачех ца хилла кхолламаш бовзуьйтуш а ю иза. Бакъдолчунна тIера схьаэцна алсам документаш дара композицина бухе дехкина. Хьуьнаречу режиссера хьанал бина болх бахьанехь, хьовсархойн иэсехь кхин цкъа а карладевлира нохчийн къоман къаьхьачу кхолламан буьрса денош. 2015-чу шеран 25-чу апрелехь гайтинчу спектаклехь вайна гинарг къоман исторера цхьа мур хиллехь, дегайовхо кхаба лаьа цул тIаьхьа беана мур а спектаклан авторша рогIерчу «Нохчийн меттан денна» лерина гойтург хиларх. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолчу режиссеран Ахмадова Хьаван хьуьнар, похIма тоьар ду и хазахетар вайна дан. Даима цIенчу даггара до цо ша деш дерг. КхидIа а кхоллараллин беркатечу хьаьттахь цуьнан кхиамаш хирг хиларан цхьа а шеко яц. ХIора шеран февраль беттан 7-чу дийнахь йина де билгалдоккхуш ю Ахмадова Хьава. Цундела, йинчу денца иза декъал еш, дика мел дерг цунна хила лаарца дерзадо оха таханлера къамел. Массо а сирла сатийсам кхочуш хуьлийла хьан! Дог мел лаьттачу дикане кхачайойла хьо похIме адам – Ахмадова Хьава!
А.ГАЗИЕВА
Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо
№13, шот, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де, 2016 шо